Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 20.12.2018

13 шо дIакхайкхийна Венехь йоI йийначунна

Radiomarsho.com 

Венехь 7 шо долу йоI Хадижат йийначу 16 шо долчу К.Робертна 13 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха. Еаридийнахь Венерчу кхело дIакхайкхи ишта сацам. Психика галъялла нах латточу дарбан хIусаме охьавиллина кхиазхо. Дахначу кхааридийнахь Роберта ша бехкехиларна мукIарло динера. Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь йийра Венехь 7 шо долу Хадижат. Иза ерна шеконашца лецира лулара Нохчийчуьра орамаш долу кIант.

Кавказан маршо ларъеш эгначу туркойн сийнна

Radiomarsho.com 

БIе шо хьалха Ламанхойн Республикан маршо къовсуш ХIинжа-ГIалина гергахь эгначу туркойн сий до дагестанхоша. Тарки-Тау лома тIехь лаьтта деношкахь хIоттийна кIайн хIоллам. …Социалан машанийн Дагестанерчу сегменташа масийтта маьIнехь туьду Iосмалойн империно орцанна хьовсийначу, амма юха цIехьа ца кхаьчначу бусалба вежаршна хIоллам биллар. "Оьрсийн эпсарна Бичераховна дуьхьал тIом бинчу интервентийн хIоллам" цIе тиллина цунна цхьаболучара шайггара. Кхечарна хетарехь, "Махачкалана" цо хьалха лелийна... Читать дальше...

Нохчийчохь хIаллакхила Псковера десантхой шен турпалхой бу аьлла Путина

Radiomarsho.com 

Йоьдучу пресс-конференцехь президенто Путин Владимира хьахийна 2000-чу шарахь Нохчийчохь хIаллакйина Псковера 6-гIа рота. Кегийрхойх а, рэперех а жоьпаш луш хилла иза. Шен харжамийн кампани юкъахь рэпер Тимати вара, иза дика адам хета шена аьлла президенто. Амма бакъболу турпалхой бу, цунна хетарехь. Псковера десантхой. "Ши эзар гIаттамхочунна дуьхьал тIом бина 96 жимчу стага. Царех дийна висира 6. Шина дийнахь дуьхьало латтийра цара, эххар а белашца тIаме а бевлла. Уьш бу-кх турпалхой!", - аьллачу... Читать дальше...



Симферополехь летта нохчий а, гIезалой а (видео)

Radiomarsho.com 

Нохчий а, гIезалой а Симферополехь летарх хаам Iорабаьккхина зорбанашкахь. Уьрсаш а, бейсболан гIожмаш а, кхиболу гIирсаш а лелийна цара латарехь. Летаршкахь лазийнарш а бу. Кхаарин сарахь хилла ю и инцидент, яздо "ДС" хьостано, ATR телеканалан информацех пайда а оьцуш.  "Зенаш дина шинна. Карарчу хенахь гIуллакх толлуш ду, бехкенаш дIа а лоьцуш", - аьлла, дийцина ГIирмерчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша. "Примечания" хьостано яздарехь, конфликт иккхина ГIирмерчу гIезалошна а, нохчашна а юкъахь. Читать дальше...

Къизаллаш лелорна чувоьллина Беков маьршаваккхарна латкъамбина адвокато

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу "Э" центран гIуллакхан хьокъехь хан тоьхна Беков Мохьмад Нальчикерчу кхело маьршаваккхарна резабоцчу гIело лайначийн адвокато Сабинин Андрейс юха латкъамбина. Могушалла ледара ю аьлла, аравалийтина Беков. "Кавказский узел" агенталло хаамбарца, Лахьан-беттан тIаьххьарчу деношкахь набахтехь даккха кхо шо кхайкхийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъан куьйгалхо лаьттина Беков Мохьмад маьршаваьккхира, цуьнан могушаллица проблемаш ю аьлла. ГIебарта-Балкхаройчоьнан... Читать дальше...

Нохчийчуьра бахархой дIалаьцна Москох

Radiomarsho.com 

Кхаарин Iуьйранна Алтуфьевн шоссе тIехь йолчу юкъарчу хIусаме баьхкинчу полисхоша дIабигина 60 гергга Нохчийчуьра бахархой. Лианозоверчу полицин декъе кхачийнера уьш. ДIалецначех йолчу Аушева Мадинас телефон тоьхнера "Кавках.Реалии" портале. Цо дийцарехь, массаьргара а пIелгийн таммагIаш дIаэцна, "Москох бехаш хиларан" бахьанаш кехат тIе охьа а яздайтина.

Мисарахь лецна латтийна дагестанхой Туркойчохь бу

Radiomarsho.com 

Мисаран ницкъахоша кху шеран Зазадоккхучу-баттахь дуьйнна  Каирехь лецна латтийна Дагестанерчу Гимры эвлара бахархой Туркойчу дехьабевлла аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале царех цхьахволчун гергарчо. "Делан къинхетам бу, уьш массо а Туркойчохь хилар. Къаной Дагестанехь бу", - хаамбина цо. Цо бахарехь, Гимрыхь бисина баккхий нах маьрша буьту къайлахчу сервисаша. Каирехь Дагестанан 17 вахархо дIалецира карарчу шеран бIаьста Мисаран къайлахчу сервисаша. Аэропортерчу "Матар Кадим" депортацин центрехь латтийра уьш. Читать дальше...

Шемара шен эскарш арадаха дагахь ю Iамерка

Radiomarsho.com 

Шемара шайн эскарш арадохуш ду аьлла, официалехь дIакхайкхийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. КIайчу цIийнан векало Сандерс Сарас бина и хаам. Рейтерс агенталло яздарца, Iамеркан пачхьалкхан департаментан белхахой цхьана дйинахь арабохур болуш бу Шемара. Ишта агенталлан информацица, 60 дийнера 100 дийне кхачале  арадохур долуш ду Вашингтоно шен эскарш. Ши эзар сов Iамеркан салти вара оцу регионехь латтош. Твиттерерчу шен пена тIехь президенто Трамп Доналда яздина, Шемарчу "Исламан пачхьалкх"... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра хьаькамаша а, банкан белхахоша 335 миллион сом къайладаьккхина

Radiomarsho.com 

Субсидишца а, ахчан компенсацешца а курхаллаш лелийначу ГIалгIайчуьрчу масех министраллан урхалхочун а, ишта регионерчу банкан хилла белхахойн а гIуллакх кхеле листа дIахьажийна аьлла, хаамбина полицино. Банкехь харц чоьташ схьа а йиллина, церан цIарах ахчанаш дехьадохуш хилла цара субсидешна а, коммуналан хьаштех бахархоша шайга дIакхачийна. 2012-чу ушарера 2014-чу шаре кхаччалц хьаькамаша а, банкан белхахоша лачкъийна 335 миллион сом ахча. Оцу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь маса стаг дIалаьцна а... Читать дальше...

Нохчийчуьра 60 стаг дIалаьцна Москох

Radiomarsho.com 

Кхаарин Iуьйранна Алтуфьевн шоссе тIехь йолчу юкъарчу хIусаме баьхкинчу полисхоша дIабигина 60 гергга Нохчийчуьра бахархой. Лианозоверчу полицин декъе кхачийнера уьш. ДIалецначех йолчу Аушева Мадинас телефон тоьхнера "Кавках.Реалии" портале. Цо дийцарехь, массаьргара а пIелгийн таммагIаш дIаэцна, "Москох бехаш хиларан" бахьанаш кехат тIе охьа а яздайтина. "Тхоьга цхьанга а ца дийцина тхо дIадигаран бахьанаш. Делкъанна кхо сахьт долучу заманчохь кхо стаг бен маьрша а ца ваьккхина", - аьлла бара тIаьххьара цо бина хаам. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Команда подмосковного главка Росгвардии заняла призовое место на чемпионате Центрального округа по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Пётр Чайковский

В Воткинске 7 мая отметят День рождения Петра Чайковского



Москва

Проект из Архангельской области стал победителем четвертого сезона Всероссийского конкурса спортивных проектов «Ты в игре»

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net