Индонезехь цунами гIаьттина велла 222 стаг, лазийна 800
Индонезехь цунами иккхина, тIаьххьарчу хаамшца, велла мел лахара а 222 стаг. ТIепаза вайна лоруш ву 30 гергга вахархо. 800 чевнаш йина, хаамбина меттигерчу орцан министралло. Мохкбегийна, Суматра а, Ява а гIайрийн хийистошна тIехьаьдда цунамин тулгIенаш, чIагIдо говзанчаша. Зенаш хилла туристийн кIошташкахь а. Оцу заманчохь пляжехь концерт луш хиллачу Seventeen музыкан тобан масех декъашо а велла. Белларш кхин а дукха хиларна саготта бу Iедалхой, орцанхой хIинца а тIекхаьчна бац зен хиллачу дуккхаъчу кIошташна. Читать дальше...