Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Вешан жухаргаш кIезиг йолуш санна: Запашный - Гуцериев

0
Пономарева Аля                                                                                                              Маршо Радио, оьрсийн сервис

КIира ду Оьрсийчохь вевзаш волчу акхарой караIаморхочунна Запашный Эдгардний, миллиардерна Гуцериев Микаилний юкъа дов доьлла.


Шина вешех ЗапашныйгIарех – Москох Йоккхачу циркан директор волчу  Эдгарда – Кремлехь йоьдучу културан, искусствон кхеташонехь арз дира президенте Путине Гуцериев Микаилна. МаьIна иштта дара: Сколковохь, «Амфион» цIе а йолуш, концертан зал еш ву бизнесхо. И гIишло йина яьлча, мехах, цу чохь шарахь ялх кIиранах болх бан бакъо елла Гуцериевс Канадерчу дю Солей циркна.


Запашныйна хетарехь, тIебаьхкинчу артисташна Оьрсийчуьра белхан меттигаш дIаялар харцо ю. Цо шен инстаграмехула къамел хьажийра Гуцериевга: эхь ца хета хьуна, Оьрсийчуьра циркаш халачу хьелашкахь а йохкуш,  нехан циркашна аьтто бан, "юьхьанца шенчарна гIодан деза, тхуна оьшу и гIо, хьан ахча новкъа хир ма дацара тхуна", аьлла.


Инстаграме и видео хIоттийна ца Iаш, кху беттан 15-чохь Кремлерчу кхеташонехь Путине Гуцериевна арз а дира Запашныйс. Cirque du Soleil-на шенна Оьрсийчохь сцена йиллар нийса дац. "Оцо Оьрсийчуьрчу циркашна бина ца Iаш, Оьрсийчуьрчу спортна а эшам бийр бу", элира артисто.


Путин реза хилира Канадерчу циркна шенна къастийна зал Оьрсийчохь елла хьашт дац, бохучуьнца. "Оццул шуьйра делла ца оьшу ков, гастролешка бахкар цхьаъ ду, бухарчу циркашца конкуренци а хIоттош, шайнна меттиг ялар суна а ца хета нийса", тIетайра Путин Запашныйна.







Бахначу баттахь культуран, искусствон кхеташонна юкъавахначу акхарой караIаморхочо дина къамел къобалдо Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин културан комитетан куьйгалхочо Ямпольская Еленас.


"Шеко йоццуш, уггаре майра къамел дара иза кху кхеташонехь. Стаг акхарошца болх беш вуйла ду гуш. Нагахь санна бизнесна артисташна тIехь ахча даккха лаахь, доккхийла цара иза кхузарчу артисташна тIехь – суна иштта нийса хета. Президента и къамел тидаме эцна", боху Ямпольскаяс.


Запашныйс президенте арз дар мотт тохар, административан ницкъ къовсамна юкъаозор санна кхетадо Оьрсийчохь дов тергалдечара.


Шен рогIехь Гуцериев Микаила а делла жоп Запашныйна. Сколковохь гIишлош еш хьийзачу цуьнан "Сафмар" компанино официалехь хаам баржийна, ша ца диллина ахча Канадера цирк кхиочу проекте, я дилла дагахь а ца хилла цкъа а, аьлла.


Гуцериевна хетарехь, Запашный IиндагI кхолла гIоьртина цунна тIе, доцург а дийцина, цо Iехийна президент Путин.  Ша "Эхо Москвы" радиона еллачу интервьюхь бизнесхочо элира: "Запашныйс, стенна а делахь а, интернетера доцург а гулдина, мотт бина президента биста кхаччалц, иза цхьа гIалат ду, Запашный дохко вала веза цунна".


Юха а шен инстаграмехула вистхилла Запашный. Ша воккхур вац Гуцериев шена къинтIера, аьлла цо. "Сафмар" компани, тIаьххьара болчу хаамца, лерина ю Запашныйна латкъа прокуратуре а, Талламан комитете а.


Социалан машанашкахь беламе даьккхина дуьйцу акхарой Iаморхочунний, олигархний юкъаиккхина дар-дацар. Аьшнашка доху Запашныйс, арахьарчу жухаргашна Оьрсийчуьра циркан гIопасташ дIалахь, сахьт дац кхана цара пачхьалкхера Iедал дIалаца а, Путине алар.


Иккхинчу девно самукъадаьккхина дуккха а нехан. Комментаторш белош ю Запашный Эдгарда "Комсомольская правдехь" дина къамел а.


"Дика ду, "Лужникехь" "Манчестер Юнайтедна" база йоьллу вай. "Лужникера" хоккейн цхьа майда дIало "Вашингтон Кэпиталзе". Схьайоьллу Лувран а, Ла Скала театран а филиалаш Оьрсийчохь. Дика ду, хенан йохалла оьрсийн массо а хIума хIаллакдийр ду вай. Суна-м ца лаьа иштачу махкахь ваха", аьлла Запашныйс.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net