Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 29.01.2018

6 метр гергга дистина Парижера Сена-хи

Radiomarsho.com 

Саццаза тIаьхьарчу хенахь оьхучу догIанаша Парижера Сена хи дестийна 6 метр гергга хьаладоккхуш. Болх беш яц метрон цхьайолу социйлаш. Совцийна ду Сена тIехула лела хин-кеманаш. Лувр музейн цхьайолу экспонаташ кIелхьарайохуш дIаяьхьна. Цхьайолчу хьукматашна а, нехан хIусамашна а, зенаш дина тIедаьллачу хино. Адамаш кIелхьарадохуш, белхаш а бу дIахьош.

Австрерчу жигархочо нохчийн доьзал бахьана долуш Iедалан совгIат юхаделла

Radiomarsho.com 

Даханчу шарахь шена Iедало делла сийдолу совгIат юхаделла евзаш йолчу Австрерчу адамийн бакъонашларъярхочо Крайниг Улрикес. Иза цо даран бахьана ду ша дуккхаъчу шерашкахь Iуналла деш хилла нохчийн доьзал австрихойн Iедалша махкара арабаккхар. Даханчу кIиранахь чартеран кеманца Москох дIахьажийначу 31 нохчашна юккъехь бара 8 стагах лаьтташ болу ЯсаковгIеран доьзал а. ТIаьхьарчу деа шарахь Крайниг Улрикес немцойн мотт Iаморехь а, Австрехь интеграци ярехь а гIодеш бара и доьзал. Хьалхо Маршо Радионо дийцина ма-хиллара... Читать дальше...

Псковра десантхошна тIелатар дарна хенаш кхайкхийна юха а

Radiomarsho.com 

2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла бехкевинчу Валиев Арсланна а, Амангазиев Фаизбекна а 15 шой ах шой, 16 шой хенаш тоьхна аьлла, хаамбина Талламан комитето. Талламчаша чIагIдарехь, Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цара 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота йохош дакъалаьцна цара. Хьалхо кхи а оцу тIелатарна бехкевинчу 9 тобанхочунна тIехь кхел а йина... Читать дальше...



"Грозный Молл" ян йолийна Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалара йохка-эцаран "Грозный Молл" центр яр дIахьош, белхаш карлабаьхна пIераскандийнахь аьлла, хаам бина "Нохчийчоь Тахана" агенталло. Колоннаш а, пенаш а хьаладоьттина девлла 53 процентна. Кхерамзаллан техника а ларъеш, тIечIагIйинчу графикца беш бу белхаш. Оьрсийчоьнан къилбехь уггар а йоккха хир йолу "Грозный Молл" цIе йолу йохк-эцаран центр яр дIадолош церемони хилла  Соьлж-ГIалахь аьлла, хааме даьккхинера Маршо Радионо стохка аьхка, Грозный-информ агенталлана тIе а тевжаш. И гIишло еш йойур ю 46 000 м3 бетон. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан паралимпийцаш битина Олимпиаде

Radiomarsho.com 

Къилба Корейхь дIахьочу 2018-чу шеран Iаьнан ловзаршка битина Оьрсийчоьнан паралимпийцаш. Пхенчханехь нейтралан байракха бухахь гойтур ду цара шайн хьуьнарш аьлла, хаам бина шен сайтехь Дуьненаюкъарчу паралимпикан комитето. "Нейтралан атлеташ-паралимпийцаш" аьлла, билгал а баьхна, спортан кхаа кепехь дакъалаца аьтто хир бу церан. 2016-чу шеран аьхка Дуьненаюкъарчу паралимпикан комитето Оьрсийчоьнан вовшахтоьхначу тобанна дихкинера Бразилерчу Паралимпиадехь дакъалаца. Дуьненаюкъарчу антидопинган... Читать дальше...

Собчакна дуьхьал протест йинарш шайггара лелаш бацара аьлла хета юкъараллехь

Radiomarsho.com 

Собчак Ксенияс Соьлж-ГIалахь пикет дIаяьхьначул тIаьхьа Нохчийчуьра дIагIо аьлла, цунна протест кхайкхийначу кегийрхоша нохчийн хьаша тIеэцаран гIиллакхаш дохийна аьлла хета "Кавказан узел" агенталло къамел динчу бахархошна. Яржийначу видео тIехь гуш ду, арарчу кофейнехь мала кофе оьцучу Собчаке тIебаьхкинчу кегийрхоша маьттаза багалееш. "Тхуна ца лаьа Оьрсийчоьнах "Дом-2" ахь дан, - луьйш ву царех цхьаъ, - кхузахь хир дац "Дом-2" я тхуна оьшуш а дац", - бохуш. И кегийнах шайн лаамца лелаш... Читать дальше...

Киевн кхело маьршаваьккхина ГIалгIайчоьнан вахархо

Radiomarsho.com 

Герз лардина аьлла, лаьцна латтош хилла ГIалгIайчоьнан 38 шо долу вахархо Акиев Руслан Киеверчу апелляцин кхело маьршаваьккхина, яздо "Кавказ.Реалиис". "Украинан халкъан депутато Линько Дмитрийс ша юкъархо а хилла, хийцина кхелан сацам", - аьлла бу хаам. Ша вехачу кIоштара аравалар дихкина Акиевна, иштта декхаре ву  кхайкхича Iедална тIе ваха а, шен луьстучу  гIуллакхан тешашца зIе ца латто а. Киевн Днепрскан кIоштан кхело стохка гурахь дуьйнна лаьцна вара Акиев Руслан, бакъо а йоцуш герз лелийна аьлла, бехке а вина. Читать дальше...

ЭрдогIан: Туркойчоьно "террористех дIацIандийр ду шен дозанаш

Radiomarsho.com 

Шемаца лаьтта Туркойчоьнан дозанаш террористех дIацIандан чIагIо йина пачхьалкхан президенто ЭрдогIан Реджепа. Шеман къилберчу Афринехь операци йолийна шолгIа кIира доладеллачу кIирандийнахь дина и дIахьедар куьйгалхочо. Ша куьйгалла дечу партин съездехь вистхуьлуш, ЭрдогIана дIахьедина, Туркойчоьно терго латториг хиларх дозанаш цIандийна ма девлли Шеман мухIажарш шайн махка берза аьтто барна тIехь. Iамерко агIо латтош, курдийн дакъоша дIалаьцначу Афринан кIошташкахь тIемаш дIахьош ю Туркойчоь. Читать дальше...

Арахьара Оьрсийчу кхоьхьучух ял йоккхур ю тIейогIучу хенахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчу йохьучу хIуманна тIера ял йоккхучу хьукмато тергоне эца йолийна кхечу пачхьалкхашкахь эцна бахархоша чукхоьхьурш. "Ведомости" газетано бина и хаам. ТIейогIучу хенахь арахьара Оьрсийчу хьош йолу хIума тIера ял ца луш дехьа яккхалур яц. Цундела 10 эзар евронел а сов мах беллачу хIуманна тIера пачхьалкхо ял оьцур ю. Беллачу механ 30 процент охьайилла декхаре беш бу бахархой. Нагахь низам дохадахь, гIуда тухур ду я конфискаци йина схьайоккхур ю йохьург, иштта бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккха а тарло.

Умаров: Шеца цхьанакхета реза ца хиллачу Кадыровна бекхам бина Собчака

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата а комментари йитина журналистан, президенатн харжамийн кандидат Собчак Ксения Нохчийчу ярах. Ша харжамийн кандидат а, Оьрсийчоьнан яхархо а хиларе терра, Собчакан бакъо ю шена луъучу яха аьлла Умаровс. "Официалехь цхьаммо а кхайкхина еана яцара иза. Амма цуьнан бакъо ю пачхьалкхан мьулххачу а регионе яха, ша Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидат хиларе терра а, пачхьалкхан яхархочун статусехь а хиларна. Пикетан хьесапехь цо йиначу дефилена нагахь меттигерчу бахархошлахь резабоцурш хиллехь... Читать дальше...

Каримов: Титиевна сагатдина ца еана Собчак Нохчийчу

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидат Собчак Ксения Соьлж-ГIала ярах вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iалви. Республикан коьртачу шахьарахь ша цхьаъ дIахIоьттина пикет дIаяьхьна Собчака журналистийн скверехь "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб дIахецар доьхуш. Youtube агIоне йиллина гIали юккъехула федералан хааминй гIирсашца йолаелла лелачу Собчаках видео. Ша Кадыровца къамел дан лууш яра, амма цо дуьхьало йира шена боху Собчака. "Нохчийчоь Тахана" агенталле Каримов Iалвис аьлла... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Кто отец Дианы Джокович?


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Денис Мацуев

Денис Мацуев выступит на фестивале "Владивостокские сезоны" в рамках ВЭФ-2024



Москва

Брата 12-го фигуранта дела о теракте в "Крокусе" арестовывали за хулиганство

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net