123ru.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 04.01.2018

Лазаро хьийзочу берана орцахбелла къинхетаме махкахой

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь социалан машанашкахула яржийнера цамгарца бала хьоьгучу жимачу кIентан дас орца доьхуш яьккхина видео. Тахана цунна гIо дан буьйлабелла махкахой. Лоьрашна дарба карор хиларе сатуьйсийла ю, бохуш дуьйцу цо тахана. Ша сихвелла хиларна къинтIера бовлар а доьху нахе.

Москохара Каире кеманаш эхийтар карладаьккхина Путина

Radiomarsho.com 

Мисаран коьртачу шахьаре Каире Москохара кеманаш эхийтар юха карладоккхуш омрана куьйгяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Кху беттан 2-чу дийнахь мухIар таIийна кехат зорбане даьккхина бакъонан информацин официалан порталехь. Байначу беттан юккъехь Оьрсийоьно а, Мисарас а бартбинера шина пачхьалкхана юкъахь авиахаамаш юхаденбеш. Барт ийгIина кеманаш дIасаэхийтар сацийнера 2015-чу шеран гурахь дуьйнна. А321 олу Оьрсийчуьра кема чударан бахьана къастадаллалц Мисара кеманаш лелар юкъахдаккха реза хиллера хIетахь Путин Владимир. Читать дальше...

ПIаьнказахь лоцуш лазийначу кIантана дозанал а арахьа дарба дайта сацам бина

Radiomarsho.com 

ПIаьнказахь лерина операци дIахьочу хенахь лазийна 19 шо долу Мачаликашвили Тамирлан Гуьржийчуьрчу клиникера ара а ваьккхина кхечу пачхьалкхе дарбанна дIавигийта сацам бина аьлла, хаамбо "Грузия онлайн" хаамийн гIирсо. Архангел Михаилан цIарахчу клиникан профессоро Лурсманашвили Зазас дIахьедина: "Телефонехула зIе хилла тхан, цуьнан могушалла кхерамечу хьолехь хилар тергоне а эцна, оха сацам бина дозанал а арахьа дарбан клинике дIавигийта. Цкъа хьалха цуьнан могушаллех документаци дIатосур ю оха, цул тIаьхьа дехьавоккхур ву иза ша а". Читать дальше...



Митингаш жигара яхар доьху гIажарошка бакъонашларъярхочо

Radiomarsho.com 

Iедална дуьхьал пачхьалкх мел ю йолийна акцеш кхи а жигара яха кхойкху ГIажарийчоьнан бакъонашларъярхочо, Нобелан совгIатан лауреато Эбади Ширина. Reuters агенталло бо и хаам, Iарбойн "Ашшарк аль-Аусат" газетана Эбадис еллачу интервьюх пайда а оьцуш. ГIажарийчоьнан конституцино бакъо ло цуьнан бахархошна протесташка бийла, цундела таро ю церан урамашкахь латта. Иштта гIажарошка кхойкху бакъонашларъярхочо коммуналан ял дIа ца яла а, пачхьалкхан банкашкара шайн ахчанаш схьаэца а. Оцу экономикан... Читать дальше...

Харц кехаташ кечдина пачхьалкхан ахча диина вахархо кхеле озийна Магасехь

Radiomarsho.com 

Чернобылехь иккхинчу бохаман радиаци лаьцна ву ша бохуш, харц кехаташ а кечдина, итт шарахь ахчанаш эцна вахархо кхеле хIоттийна ГIалгIайчоьнан Iедало. "Харц кехаташ чу а делла, ша Чернобылехь хилла а воцушшехь, ахчанаш диина цо 2006-чу шарера 2016-гIа шо тIе даллалц. 2, 9 миллион сом ду дерриг а цуьнга кхаьчнарг", - дуьйцу "Кавказан узел" агенталле кхелахойн хьукматехь. Вахархочун хьокъехь бехкхзуламан гIуллакх ма-дарра талла хьажийна Магас кIоштан кхеле.

Ленинан чалх лаьттах йолла еза аьлла сенаторо Морозовс

Radiomarsho.com 

Ленин Владимир лаьттах волла хан тIекхаьчна аьлла, дIахьедар дина еарийдийнахь сенаторо Морозов Олега. Референдум а кхайкхийна, лерина низам тIеэца деза Мавзолейн статусех аьлла цо. "Циггахь цуьнан чалх лаьтте а кховдийна, хIоллам хIотто оьшу иэсан а, маслаIатан а", аьлла сенаторо. Ала деза, Ленин дIаволларх дийцарш ден дуккха а хан ю, амма хIинца а цхьабарт хилла, йит яьлла яц оцу гIуллакхан. Хьалхо Кадыров Рамзана а аьллера: "Ас масийттазза баьхна Ленин дIаволла везаш хиларх. Ма-дарра аьлча... Читать дальше...

Самарерчу жIаьлана лаьттах доьллина герз карийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Самаран кинологийн центрерчу Услада цIе йолчу немцойн жен жIаьлана Нохчийчохь лаьттах доьллина герз схьакарийна. Минометан минаш, патронаш, бомбанаш ен гIирс хилла 50 литар чуйоьдучу пластикан чухоамчохь лаьттах къайлаяьккхина. Самаран кIоштан дозанал а дуьххьара арадалар ду и жIаьлин. Цунна сиха карайо оьккхуьйтург, хуьлийла и машенчу йоьллина я нах гуллучу меттигашкахь.

Нохчийчохь кхоъ зиярт схьадиллина

Radiomarsho.com 

Кунта-Хьаьжина депортаци йина 154 шо кхачарца доьзна кхаа эвлара зиярташ юхадендина Нохчийчохь. Маьждигашкахь КъурIанаш, мовлидаш дешна, зуькарш дина ца Iаш, Веданан кIоштарчу Эртан зиярте а кхечира бахархой, иштта дIасадекъна мискачу нахалахь сагIанаш а. "Кавказан узел" агенталло бечу хаамца, кху шарахь Кунта-Хьаьжа дагалоцучу барамашкахь  иттанашкахь эзар наха дакъалаьцна. Иштта Веданан а, Куьрчалан а кIошташкахь схьадиллинера  нохчийн Эвлияийн а, шейхийн а кхоъ зиярт. "Веданахь шейхан Узум-Хьаьжин... Читать дальше...



Дела дуьхьа мехаза некъахой дIасалелош ву ХIинжа-гIалара вахархо

Radiomarsho.com 

3 шо ду Дагестанерчу ХIинжа-гIалахь автобус лелочу 65 шо долчу Чупалаев Iабдулмежеда пIераскан деношкахь а, ГIурбан дийнахь а адамаш мехаза дIасалелон. Цу кепара Далла хастам бо цо, 4 инфаркт а, 2 инсулт а хиллачул тIаьхьа ша дийна висарна. ХIинжа-гIаларчу бахархоша, шайн агIор, ахча а гулдина ХьаьжцIа вахийтина Чупалаев.

"Фейкашна" дуьхьал низам даккха дагахь ву Францин президент

Radiomarsho.com 

Харц яржочу информацина а, интернетехь цунна пропаганда ярна а дуьхьал керла низам юкъадоккхур ду кху шарахь Францино. Хаамийн зорбанашка вистхуьлуш бина и хаам пачхьалкхан президенто Макрон Эммануэла. Къаьсттина харжамаш дIахьочу муьрехь социалан машанашкахь "эзар аккаунташ" юьлало "пропагандистийн матераилш" яржо, Макрона бахарехь. Цхьа мIаьрго тоьа царна аьшпаш дIасабаржо, политикан а журналистан репутаци сийсазъян аьлла, билгалдаьккхина Францин президенто. Макронна хетарехь, социалан машанаш... Читать дальше...

Сандерс: КIайчу цIийнан шеконаш ю, Къилбаседа Корейн психика могуш хиларан

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Корейн лидерх Ын Чен Кимах а, цуьнан зарратан нуьйда хиларх а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда динчу дIахьедаршна тIе а хIуттуш, йистхилла КIайчу цIийнан пресс-секретар Сандерс Сара. Цо бахарехь, КIайчу цIийнехь шеконаш лаьтта Къилбаседа Корейн президентан психикан хьал дика хиларца. ХIун ду бухе диллинарг президентан администрацино Ын Чен Киман могушаллех ишта вердикт тIеэцаран аьллачу хаттарна жоп ца делла Садерса. Иштта цо билгалдаьккхина Трампа ша тIелаьцнарг кхочушдеш хилар а... Читать дальше...

Шемахь оьрсийн ши эскархо вийна

Radiomarsho.com 

Керлачу шеран буса Шемарчу Хмеймимехь йолчу оьрсийн авиабазана герзаш деттарх зорбанашкахь яьржина информаци Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIечIагIйина. Оцу тIелатарехь вийна оьрсийн ши эскархо. Цу юкъанна "Коммерсант" газетано оьрсийн 7 кема дохийна аьлла, бина хаам "фейк" лерина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Кхаарийдийнахь тIеман а, дипломатийн а хьосташна тIе а тевжаш, "Коммерсанто" хааме даьккхира, минометан кхийсаршца Хмеймимерчу оьрсийн авиабазехь диъ Су-24 тIеман кема а, шиъ Су-35С а, цхьаъ Ан-72 а кеманаш дохийна аьлла.

Соьлж - ГIалахь корах чу герз кхетта йоI йийна

Radiomarsho.com 

КIирандийнахь Керлачу шеран буьйсанна корахчу тоьхначу герзо йийна Соьлж-ГIаларчу школан 9-чу классера дешархо Д. Маршо Радион хьостано дийцарца, микрорайонерчу шайн хIусамехь хIума кхоллучу чоьнахь гIентахь хиина Iен йоI корах чукхеттачу молхано йийна. Дуьххьалчу цIачуьра Керла шо даздеш, герзаш деттачу полицин декъехь болх бечу 20 шо долчу жимачу стеган карах ларамза кхетта герз. Кхаарийдийнахь Гуьмса-кIоштахь лаьтте кховдийна елларг. Карарчу хенахь бехкениг лаьцна, зуламна гонах талламаш бу дIахьош.

Нохчийчохь полисхойн хьаькам вийнарг каравеана Росгвардина

Radiomarsho.com 

Кхаарийн суьйранна Шела кIоштарчу полисхойн декъан хьаькам вийна Баймурадов Хьамзат вийна карийна Эвтара эвлан йистехь, хаамбо ТАСС агенталло, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна тIе а тевжаш. "Ницкъаллийн структурийн белхахоша Росгвардин эскархошца лерина операци дIахьочу муьрехь полисхойн хьаькамна герз тоьхнарг вийна", - аьлла министро. Цо бахарехь, хьалха а кхелах ваьлла 27 шо долу Баймурадов Хьамзат Шела кIоштарчу Эвтаран йистехь хаавелла хилла. Маршо Радионо кхааридийнахь хаамбинера... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

В Московкой области сотрудник Росгвардии тренирует юных тхэквондистов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Александрова проиграла Жабер в первом круге турнира WTA в Штутгарте


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о сохранении экологии Севастополя





Путин в России и мире
Москва

Первый пуск «Ангары-А5М» с Восточного запланирован в 2027 году


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Очередные кадровые назначения объявлены в Минске




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Владимир Зеленский подтвердил ракетный удар по аэродрому в Джанкое


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Иоганн Себастьян Бах

Бах vs Бетховен в Петрикирхе



Москва

Свыше 41 тыс техосмотров проведено в Подмосковье за 2023 г

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net