Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 25.01.2018

Шемахь туркошца цхьаьна тIом беш бу нохчийн тIемалой

Radiomarsho.com 

Нохчийн тIемало аль-Шишани Муслим шен тобанца Шемара Африн дIалоцуш тIом беш ву, туркошна тIе а хIоьттина. Цунах лаьцна хаам бина "Ахвал" олучу сайто, "Акит" газетана тIе а тевжаш. Аль-Шишани Муслима куьйгалла дон "Джунуд ал-Шам" тоба нохчех лаьтташ ю. "Ахвал" сайто дагадоуьйту аль-Шишани Муслим Гуьржийчоьнан махкахо хилар. Цуьнан бакъйолу цIе ю Маргошвили Мурад. 2014-чу шарахь Iамерко иза юкъатоьхнера террорхойн цIейозанна.

Титиев набахтехь витина Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдо хийцам боцуш битина Шелан кIоштан суьдо Титиев Оюб шина баттана набахте хьажор хьокъехь бина сацам. Iуьйранна хила езаш йолу кхел суьйренга теттинера, Титиев суьде валийна ца хилар бахьана долуш. Кхелан хIусамехь хиллачу «ДОШ» журналан журналисташа дийцарехь, Титиевна ницкъ бина хиларан ларш яцара. Иза воьхна а вацара.

"Дешалаш, дешча карор ду шуна олуш стаг а вац..."

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шерашкахь хьехархойн вовшашца зIенашкахь а, хIитточу семинарашкахь, конкурсашкахь, форумашкахь хуьлучу цхьанакхетаршкахь дуьйцург, исбаьхьаллин литература йоьшурш тIех кIезиг хилар ду. Биэндацарца юьстах бац оцу проблемана яздархой а. Царна а шера хаьа, шаьш леррина церан дуьхьа арахоьцучу жайнех бераша кIезиг пайдаоьцийла. Нохчийчохь а, цул арахьа а дика вевзачу яздархочо-прозаика Бексултанов Мусас халахетарца дуьйцу, цхьана университете я институте, я школе берашца цхьанакхетаре ша валийча... Читать дальше...



"Дешалаш, дешча, карор ду шуна, олуш, стаг а вац..."

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шерашкахь хьехархойн вовшашца зIенашкахь а, хIитточу семинарашкахь, конкурсашкахь, форумашкахь хуьлучу цхьанакхетаршкахь дуьйцург, исбаьхьаллин литература йоьшурш тIех кIезиг хилар ду. Биэндацарца юьстах бац оцу проблемана яздархой а. Царна а шера хаьа, шаьш леррина церан дуьхьа арахоьцучу жайнех бераша кIезиг пайдаоьцийла. Нохчийчохь а, цул арахьа а дика вевзачу яздархочо-прозаика Бексултанов Мусас халахетарца дуьйцу, цхьана университете я институте, я школе берашца цхьанакхетаре ша валийча... Читать дальше...

Немцов Борис верна чувоьллина 5 нохчи бехке вац, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра оппозицин лидерех цхьаъ хилла Немцов Борис верна чувоьллина 5 нохчо бехке вац, боху Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дина, Dailystorm.ru сайтана ша еллачу интервьюхь. Кадыровс дийцарехь, цунна бевзаш бара чубоьхкинарш, цаьрца цхьана Бенахь тIеман операцехь дакъалаьцна вара иза. Бехкенаш кхечу меттехь леха беза, аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна. Титиевх лаьцна жоп луш, Кадыровс аьлла, шена цу тайпа бакъонашларъярхо вуьйцуш а ца хезна аьлла. Ткъа Бакаев Зелимха цIера ведда аьлла цо... Читать дальше...

80 шо кхаьчна Высоцкий Владимир вина (аудио)

Radiomarsho.com 

Вина 80 кхаьчна, оьрсийн а, цунна гонахарчу а къаьмнийн дог-ойланаш охуш, уьш ша мерзашка ерзийначу шен байташца стогалле, доьналле, дикалле кхойкхуш ваьхначу Высоцкий Владимиран. Советан пачхьалкхехь уггаре а вевзаш волу актер, йишлакхархо, поэт шозза хилира Нохчийчохь. Нохчех а, гIалгIайх а ша яьккхина йиш Высоцкий Владимира дуьххьара гΙараяьккхира Соьлжа-ГΙалахь 1979-чу шарахь. ХΙетахь Высоцкий махка вар иштта дагалоьцу цу заманахь музыкан доьшийлехь Ιемаш хиллачу Вакуева Ιайнас, ХΙинца иза мехкан тайнигийн театран актриса ю. Читать дальше...

Кадыров Facebook-ра дIаваккхарх лаьцна юха а хоьтту "Роскомнанадзоро"

Radiomarsho.com 

Facebook-ан куьйгалхошка юха а кехат хьажийна Оьрсийчьурчу «Роскомнадзоро», Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан аккаунташ дIакъовлар бахьана дийца бохуш. Жоп цкъачунна делла дац, аьлла хаам бина журналисташка цу урхаллан куьйгалхочуьнан когаметто Субботин Вадима. Кадыровн Instagram-ра а, Facebook-ра а агIонаш дIаяьхна 2017-чу шарахь ГIура-беттан 23-чу дийнахь. Роскомнадзоро даийтинчу кехатана жоп делира Facebook-о Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан аккаунташ дIаьяхна хиларх лаьцна, иза Iамерко... Читать дальше...

Титиев суьдо валор дехна цуьнан адвокато

Radiomarsho.com 

Тахана Соьлж-ГIалахь кхелан кхеташо хила езаш яра Титиев Оюбан гIуллакхца йоьзна. Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдехь листа безаш бара бакъонашларъярхо лацар хьокъехь адвокаташа бина латкъам.   Iуьйранна 11 сахьт даьлча кхелана хьалха гулбеллера "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхо Ганнушкина Светалана а, «Мемориал» вовшахтохараллан кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег а, «ДОШ» журналан журналисташ а, цхьамогIа корреспонденташ а, Титиевн гергарнаш а, хаам бо «Кавказский узело». Амма Титиев а, цуьнан... Читать дальше...



Миланехь некъахъяьлла некъахойх юьзна цIерпошт

Radiomarsho.com 

Лаххара а 2 стаг вийна, 10 стагана еза чевнаш йина некъахойх юьзна йолу цIерпошт Италерчу Милан гIалана гергахь некъахъялар бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина орцаллан сервисийн векалша. Sky TG24 телеканало дийцарехь, кхин а 100 гергга некъахочунна яй чевнаш йина. Болчу хаамца, бохам хилла тахана Iуьйранна 7 сахьт долуш Сеграте олучу меттигана гергахь. ЦIепошт некъахъяларан бахьана цкъачунна хууш дац.

Граната лелорна чувоьллина Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалара вахархо ву жоьпе озийнарг. Иза бехке вина, бакъо а йоцуш, баккъалла а йолу граната лелорна. Талламхоша дийцарехь, и стаг лаьцнера 2017-чу шарахь Соьл-ГIалан йистехь некъаца йолчу талламан пунктехь. Машенах хьаьжча полисхошна карийна цуьнгахь РГД-5 олу граната.   «Кавказский узел» сайто бинчу хаамца, ГIура-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштан суьдо цхьа шо хан тоьхна низам дохийначунна колонехь яккха. Цул сов, цу стагана гIуда тоьхна 20 000 сом.

Шемахь тIеман операцеш совцоре кхайкхина Трампа ЭрдохIан

Radiomarsho.com 

Iамеркан президенто Трамп Доналда варе вина Туркойчоьнан президент  ЭрдохIан Реджеп, туркоша Шемахь дIахьош йолу операцино эххаре а тасадаларш хилийта мега туркойн а, Iамеркан а эскарийн аьлла.  ЭрдохIана сацаде аьлла Вашингтоне, Шемарчу курдойн тIеман тобанашна гIортор яр. Цунах лаьцна шина лидеро дийцина телефонехула хиллачу къамелехь, хаам бо КIайн ЦIийно. Цхьаьнатоьхна Штаташ саготта ю, туркойн армино Шемахь дIахьочу тIеман операцеш зе до «Исламан пачхьалкхаца» бечу къийсамна бохуш. Цул сов... Читать дальше...

Адвокаташ боцуш висина Титиев

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лаьцна волу бакъонашларъярхо Титиев Оюб адвокаташ а боцуш висина. Цунах лаьцна «Интерфаксе» хаам бина «Мемориалан» векало Черкасов Александара. Адвокат Заикин Петр доьзалца доьзначу хаттарца Лахарчу Новгородехь вахана ву. Ткъа шолгIа адвокат, ца хуучу бахьанашца, сихонца дIавахана Нохчийчуьра. Амма Титиевн гIуллакх лелош волчу талламхочо цIеххьана талламан болх бина, хьалха бан лерина боцу. Цуьнан жамI муха ду хууш дац.

"Исламан пачхьалкхана" пропаганда ярна бехке вина Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Шуьйтан кIоштарчу вахархочо "ВКонтакте" социалан машанехь дIахIоттийна хилла "Исламан пачхьалкхан" байракхан сурт. Цуьнан цIе йоккхуш яц, хаам бо «Кавказский узело». Низам дохийна хилар карийначу Нохчийчоьнан прокуратуро зулам лаьрра иза. И бахьана долуш, прокурораша кхаарин дийнахь цу стагана дуьхьал схьадиллина административан гIуллакх. Низамца а догIуш, цунна гIуда тоха мегаш ду 2 эзар сом барамехь я иза чуволла мега, 15 де хан а тоьхна. "Исламан пачхьалкх" цIе йолу тоба терроран лоруш ю Оьрсийчохь.

Спорт в России и мире
Москва

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Самсонова победила Осаку и вышла в третий круг турнира WTA 1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Huawei представила IDS на 26-м Всемирном энергетическом конгрессе





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Шапка

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Москва

Лучшей певицей жанра поп-опера по версии премии WOMAN AWARD стала Натали Орли

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net