123ru.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 23.01.2018

Тхэквондо латарехула чемпион волу нохчи аравоккхуш ву Австрин Iедалша

Radiomarsho.com 

Тхэквондо спортехь шозза Австрин чемпион хIоьттина волу Сугаипов Юнади депортацин набахте дIавигина меттигерчу полицино. 25 шо долу Сугаипов Залцбург гIалана гена йоцучу Бад Хофгаштайн юьртахь вехаш волу ялх шо дара. 2014-чу шарахь мухIажирашкахула йолчу хьукмато юхатуьйхира цо Австрехь тховкIело йоьхуш дина дехар. ХIетахь, меттигерчу бахархоша гIо а даьккхина, махках ца воккхуш витинера ша вехачу юьртахь берашна карате а, тхэквондо а Iамош волу и жима стаг. Сугаиповс хIеттехь апелляцин латкъам... Читать дальше...

"Даймахканна вацар доцург, ас дина хIума дац…"

Radiomarsho.com 

Саида Омарова  10 денна изоляторехь сацийна ХIинжа-ГIалин мэр Мусаев Муса Карара кIира а, кхин массех де а гурашкахь токхур ду мэро Мусаевс. Иштта бина сацам Советийн къоштан кхело. Нагахь санна бехк цунна тIехьахь, шина баттана муххале а дахлур ду лаьцна кхабар. Мэр лацар гIарадаьлла. Шина дийнахь-буса ларйира кхелан хIусам массо а федералан телеканалаша а, информацин агенталлаша  а. Иштаниг ХIинжа-гIалахь хилаза дикка хан яра – ши шо хьалха беракеманахь кхаьчначу ницкъаша мэр лаьттина Амиров СаIид лаццарх. Читать дальше...

Дагестанехь кхерам тесна "Мемориалан" меттигерчу декъан белхахошна

Radiomarsho.com 

"Мемориалан" Дагестанерчу декъан белхан телефона тIе кхерамаш туьйсуш хаам баийтина муьлш бу хууш боцучу наха. Цунах лаьцна хаам бина цигарчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочо Дациев Сиражудина, хаам бо Кавказ.Реалиино. Дациевс дийцарехь, SMS кхьачна дукха хан ялале, вевзаш воцучу стага телефон тоьхна цьаьрга, кхерамаш туьйсуш.   Хьалхо хаам бинера ХIинжа-гIалахь "Мемориалан" машен ягорах лаьцна.



Дагестанерчу ХIинжа-гIалахь шайн машен ягор кхерам тасаран акт лерина "Мемориало"

Radiomarsho.com 

"Мемориал" бакъонашларъярхойн центран кхеташонан декъашхочо Орлов Олега комментари йина Дагестанерчу ХIинжа-гIалахь шайн машен агорна. Цо дийцарехь, иза рогIера бакъонашларъярхой кхеро гIортаран акт ю. Орловна хетарехь, машен ягийнарг милла велахь а, и "зулам вовшахтоьхнарш лаха беза Нохчийн Республикехь". Ша цуьнах тешна хиларан бух а балийна Орловс. Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Дечкен-беттан 20-чу дийнахь цу машенахь ХIинжа-гIалара Нохчийчуьрчу вахана хилла "Мемориалца" болх беш волу Дагестанера адвокат. Читать дальше...

Арсанукаев Шайхи. Моьттура суна...

Radiomarsho.com 

АРСАНУКАЕВ Шайхи **** Моьттура суна сайн къанъелла нана Ехаш ю, ца бевзаш Дуьненан бала, Доьзалан дезарша хьулйина ане, Ца хаьа заманах ойлане яла. Амма, цкъа сатоссуш, хезна цхьа тийна Шабарш, со дIахьаьжча: хIоьттина гуора, ДоIанехь, куьйгаш шен стигла кховдийна, Ницкъболчу АллахIе дехарш цо дора. Iара со тап-аьлла, ненах цецваьлла, Дехарехь дегочу озе ладоьгIуш. Ткъа нана-м, хьесталуш Везачу Далла,  Йоллура, даггара къинхетам боьхуш. Адамашна гечдар цо доьхура Деле, Къинхетам боссабар дегнаш чу церан. Читать дальше...

Арсанукаев Шайхи. Хьан сирла сурт

Radiomarsho.com 

Арсанукаев Шайхи. Хьан сирла сурт Нагахь со велхьара художник говза, Ас дуьллур дара хьан нур сирла сурт, Ас дуьллур дара и басаршца ловза. Нагахь со велхьара музыкант говза, Ас дуьллур дара хьан зевне и сурт, Ас дуьллур дара и аьзнашца ловза. Амма вац художник – йиш яц сан дилла Басаршца ловзу хьан нур сирла сурт. Вац со я музыкант – доьгIна ца хилла, Аьзнашца ловза а хьан зевне сурт. Делахь а, хьожур ву со хьан сурт дилла, Iийр вац со диллаза хьан сирла сурт! Зевнечу стихашца хьожур ву яздан Хьан сурт со... Читать дальше...

Бексултанов Муса. Дегабаам.

Radiomarsho.com 

Бексултанов Муса Дегабаам Цхьа хIумма а доцург дара, цунах цхьа бахьана далла, хиллера-кх, дара аьлча а – дов дала я дегабаам бан – я хIума хила хIумма а, хиъна Iаш, цхьацца алар бен, я гондIа дIасахьажар, я иштта цхьа къамелаш, я хабарш, къийсадаларш… Цунна-м цхьаъ ца тайра тIаккха, юха хьуна – кхин, юха цунна а ахь аьлларг тIаккха я хьан вистцахилар, хьайн ойланаш, вицвалар… Дахделира, ловзар санна, бегаш санна, гена а долуш, шуьша вовшийн кхета а моьттуш, шаьш бийриг бегаш буйла… Хьуна моьттура... Читать дальше...

Бексултанов Муса. Юрт, урам, бералла

Radiomarsho.com 

Бексултанов Муса Юрт, урам, бералла … уьш бераш дара, кегий бераш, Iахарий санна, цхьаьна кхуьуш, кIант, йоI бохург, дан а доцуш, диъ-пхиъ шеран, цхьана хеннара, цхьаьна уьдуш, ловзуш, хьийзаш, цхьаьна лиэташ, доьлхуш, нанойн дов долуш, цу берийн нанойн, шайн-шайн бер хастош, чохь сецош, къестош… … сахуьлура, доккха са, малх гIоттуш, Iуьйре, бераш юха а арахьовдуш, юха а дуьйлуш, ловзуш, лиэташ, нанойн дов дуьйлуш, яппарш еш, вовшийн луьйш, шайн бераш чехош, цуьнца-вукхуьнца ма ловза, бохуш... Читать дальше...



Элдин Микаил. Гуьйре.

Radiomarsho.com 

Элдин Микаил. Гуьйре Нохчийчохь уггаре а хаза мур бу гуьйре… Гурахь хIутту и валарний-ви- сарний, серлонний-боданний, кхетамний-синний юкъара хьаса бозало юкъ. Чохь садолу дерриге а хIума шаьш кхоьллинчу Далла, лаамехь я лаамаза, герга хуьлу мур бу-кх гуьйре. Адамийн къих цIанделча санна, сирла, хьаьъна хуьлу хиш, ткъа стигал – кIорга, кIорга… Iаьмнаш а хуьлу сирла-сийна, бух а ца гуш, шайна чохь цхьа еза-сийлахь къайле хьулйича санна…Малх а ца боьлу… шен дуьххьарлечу доьзалхочунна – кIантана – къежа къона нана санна, къежа и. Читать дальше...

Бексултанов Муса. Невцан цIентIе – нана йолчу

Radiomarsho.com 

Бексултанов Муса Невцан цIентIе – нана йолчу Дахар-м, хIета, цхьанаэшшара меллаша дIатекхаш дара, дей-буьйсий хийцадаларехь кхаъ-кхало а ца кхочуш, йоккхачу стага "ахIухI" а деш - яла йижинчу йоккхачу стага, - несо мерах шок а етташ. Ненан кIантана – доьзалан ден – шех а, ненах къахетара, юьхьIаьржонан тас Iанале кхаъ кхачаре са а туьйсуш. Кхаъ-кхало ца кхочура – яла ца лора йоккха стаг, – йоккха стаг яла ца туьгура. КIант балхара мукъаваьлча – котельнехь хехо, – дукха гIийла волалора цIехьа... Читать дальше...

"Мемориалан" машен ягийна ХIинжа-гIалахь

Radiomarsho.com 

Дагестанан коьртачу меттехь ХIинжа-гIалахь муьлш бу ца хуучу наха ягийна "Мемориал" бакъонашларъярхойн вовшахтохараллан машен. Зулам дина оршотан сарахь. Цуьнах лаьцна хаам бинна Оьрсийчуьрчу евзаш йолчу бакъонашларъярхочо Сакириянская Екатеринас шен Facebook-чу агIонехь. Цо дийцарехь, оцу машенахь ваханера Куршлойн-эвла кху беттан 20-чу дийнахь "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан адвокат.

Дагестанера бизнесхо вийна Москох

Radiomarsho.com 

Дагестанера бизнесхо Чагучиев Махач вийна Москох, оршотан дийнахь, хаам бо dag.life сайто. Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь  иза хилла, «Техноюсоникс» компани а кхоьллина, машенаш юхкуш. Талламхойн версица, мила ву хууш доцучу стага лаххара доьазза герз тоьхна Чагучиевна. Зуламхо къайлаваьлла. 51 шо долу бизнесхо вийна хила мега, аьлла хета полисхошна, цуьнан бизнес бахьана долуш.

Чатаевна гIо дарна рогIера стаг лаьцна Гуьржийчохь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан контртерроран департаменто, суьдо бинчу сацамана тIе а тевжина, Тбилисехь лаьцна меттигера вахархо Бердзенишвили Анатолий, хаам бо "Гуьржийчоь онлайн" хьастано. Кхерамазаллан сервисан таламхоша чIагIдарехь, и стаг Туркойчуьра веана хилла Гуьржийчу Чатаев Ахьмадна а, цуьнан накъосташна а гIо дан.    Бердзенишвилис, Горнакашвили Зурабах а, Идоидзе Зурабах а дIа а кхетта, гIо дина Чатаевн тобанна, туркойн-гуьржийн доза а хадийна, Кирнати-Марадиди олучу хьунан мохане дIакхача. Читать дальше...

Соьлж-ГIалин мэр Хичиев Гуьржийчу вахана. Iалашо хууш яц

Radiomarsho.com 

Гуьржийчу вахана Соьлж-ГIалин мэр Хучиев Муслим. Тбилисехь а, Батумехь а иза цхьаьнакхетта цхьацца Iедалхошца. ХIун хаттарш дара дийцаре динарш дуьйцуш дац, яздо Кавказ.Реалиино". "Рустави 2" телеканало дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу администрацин белхахоша бакъ дина Хучиев Гуьржийчу вахар, амма дехар дина иза дIоггара даржа ма дахьара аьлла.   Хучиев оьгIазе вистхилла шега хаттарш дан гIоьртинчу гуьржийн журналисташка.

Спорт в России и мире
Москва

Прием заявок на участие в конкурсе на лучшее путешествие по Дальнему Востоку начнется в мае


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Потапова победила Самсонову в первом круге турнира WTA в Штутгарте


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о сохранении экологии Севастополя





Путин в России и мире
Москва

Кремль: в Москве 22 апреля состоится встреча Путина с Алиевым


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко сравнил Всебелорусское народное собрание с «пустотой»




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: Западу неинтересны планы Киева по атаке на Крымский мост


Навальный в России и мире
Москва

В Москве арестован на пять суток историк-публицист Сергеев за пост памяти Навального



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Фридерик Шопен

Музыка Шопена под небом



Москва

«Bloomberg», США: Россия прокладывает новые торговые пути в Азию, чтобы ослабить санкции

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net