Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 17.01.2018

Къоьзан-Iам тахана

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан хазна - Къоьзан-Iам - бIаьрг белош бу, аьхка а санна, Iай а. ТIаьххьарчу шерашкахь тIекхача некъ а, бухахь гIишлош а йина хиларе терра, ца хеддаш лаьтта адам лайшла йийшинчу садоIийлашкахь. Маршо Радион корреспондент хилира цигахь кху муьрехь.

ГIалгIайчуьрчу "Мемориалан" офисах бухадиссинарг

Radiomarsho.com 

Яххьаш хьулйинчу наха цIе тесна ГIалгIайчуьрчу "Мемориалан" офисах. Яьгна оргтехника, чуьра йийбар, кехаташ. Бакъонашларъярхойн организацин куьйгалхочо Орлов Олега терроран акт ду аьлла гIалгIайн территори тIехь динарг.

"Доза доцу репортераш": Кадыровн репрессеш совцо еза хан кхаьчна

Radiomarsho.com 

Дешан маршо а, журналистийн бакъонаш а ларъечу дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" организацино Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а тIаьххьара хиллачух яздина твиттерерчу шайн агIон тIехь. "Цхьана кIиранчохь Нохчийчуьрчу "Мемориалан" куьйгалхо лаьцначул тIаьхьа луларчу республикера бакъонашларъярхойн офис ягийна, кхел йоцуш байинчех цхьаннах йиссина зуда а къайлаяьккхина. Кадыровн репрессеш а, цунна дерриг а могуьйтуш хилар а сацо хан кхаьчна"- яздина организацино. Цул тIаьхьа кхи цхьа твит а зорбане яьккхина "Доза доцчу репортераша". Читать дальше...



Осмаев Адамна тIелатар динарг хийца тарло украинхочух

Radiomarsho.com 

Осмаев Адамна тIелатар дина аьлла, Украинан полицино бехкевен Денисултанов Артур Оьрсийчохь лаьцна латтточу цхьана украинхочух хийца тарло аьлла "Кавказ.Реалии" портале хаамбина Киеверчу изоляторера схьа. "Таллам барна а пайден ду уьш хийцар", аьлла хьостано. Талламхойн тоьшаллаш дац ша Осмаевна тIелатар дина аьлла, дIахьедо Денисултановс. Оцу зуламна ша гунахь вац боху цо. Осмаевна герз тоьхна "Глок" тапча шен а яцара, мелхо а ша ву Осмаевс а, цуьнан хиллачу хIусамнанас а зенаш динарг аьлла цо. Читать дальше...

Бисултанов Апти. Ас лоруш йолу кхел

Radiomarsho.com 

Бисултанов Апти АС ЛОРУШ ЙОЛУ KXEЛ сан зудчо тхойшиннан дIасакъастаран а бахам бекъаран а гIуллакх шуьга делла хиларна суна хIокху кехатца чIагIдан луур дара со цуьнан лаамна реза хилар а бахам бекъаран сурт хIокху кепара хуьлийла сайна лаар а сайна ма-хеттара и кеп ялайо ас: I. цунна - диван суна - оцу диван тIехь цуьнан хиъна Iар 2. цунна - куьзга суна - оцу куьзгана чуьра цуьнан тIаьххьара къажар 3. цунна - стол-гIант суна - оцу стоьла тIехь даима а Iуьллуш хилла тетрад ручкий хIора буса корехь къежаш хилла беттасий 4.

Юсупов Iилман. Седане

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман СЕДАНЕ Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа, Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли. Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда, Iуьйранна cатосуш дIабов хьо, баьгна а болий. Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома, Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена. Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома - Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан? Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий, Седарчий делча а, серло ца ле олу церан: Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий... Читать дальше...

Бисултанов Апти. Беттаса

Radiomarsho.com 

Бисултанов Апти Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха  Кхеташ ма-хиллара гIайгIане, цхьалха,  Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха  Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха... Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,  Эзар шо даьлча а яха ца кIордош... МостагIа вогIур ву - дуьссур ду дерташ,  Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш,  Хьаша-да вогIур ву - юьссур ю марзо,  И марзо елхайо хьан ломахь барзо,  ГIелашна гIергIачу курачу сайно,  ЦIе йоцчу кошан тIехь даьллачу стайно.  И марзо елхош ду сан хIора дош а... Читать дальше...

Юсупов Iилман. Ма баха со хьайна вицвелла..

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь,  Хьайн гIенийн хьаша со хилча.  Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь,  Мел хьуна хетахь а ирча…  Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах  Шераша даьккхинчу кесе,  Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах,  Яккха и сан некъан иэсе.  ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а,  БIаьрсица адамаш лоьxуш.  Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а,  Хезаш ахь ховха садоьIуш.  Стигалан сийна кир берриг а лилхина,  Мархаша тIе сизаш хьоькхуш…  ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина... Читать дальше...



Сулаев Мохьмад. Эхийша, Даймехкан хиш...

Radiomarsho.com 

Сулаев Мохьмад Эхийша, эхийша, Даймехкан хиш, Бердашца къийсалуш даим. Лекхийша, лекхийша шайн мерза йиш, Ца лагIъеш аренца цкъа а. Ницкъ лойша сан дагна - шайх тера и Даима цIена хилийта. Ницкъ лойша бIаьргашна, ца кхолош кхин, Даима шайга хьежийта. Сан бIаьргаш чухула дог Iабадеш, Сан даг чу шун тулгIеш Iена. ТIаккха уьш, сан деган мукъамаш беш, Аренца дIахьовду гена. Даим а къегадеш вайн мехкан куц, Дегнаш тхан лийчадеш шайца, Эхалаш, эхалаш, сенъярца буц, Ирс гуттар латтадеш вайца. Читать дальше...

Юсупов Iилман. Вовшашка хьошалгIа...

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман Вовшашка хьошалгIа неI тухий ца доьлху синош. Седано, седане дош олий ца босту мотт. Безамо дагардеш шен махкахь летийна къинош, Хьесапе ца оьцу, къийлалуш, вай етта чот. Ас хьуна диллина латтадо сайн деган кораш, Хьо баттах таръелла царна чу кхетийта кIайн. ХIетте а, син уьйтIахь шершадеш доIанийн нораш, Ас къинойх дIацIанбо хьоь болу синхаам сайн…

Петирова Петимат. КIеда а, чорда а, эсала...

Radiomarsho.com 

Петирова.Петимат КΙеда а, чорда а, эсала, къиза а,  Мекара, догцΙена, хΙиллане, догдика, Майра а, стешха а, ямарт а, тешаме  Амалш лов, дуьне, ахь, ца духуш собарх.  ДоттагΙчо тΙаьхьашха тешнабехк бича а,  Шех тешна езар а лейича везначо, Ненан дог дожийна кΙант араваьлча а,  Хьайн боларх ца телхаш некъ бо ахь цхьатерра.  Мацвелла шен ваша дага а ца вогΙуш,  Ша вуьзча, токх хилла, ваша чувирзича,  Я хьаша совваьлла хΙусамда хьаьвзича, Ца хΙутту бахьана хьо доьхна дΙадаха. ХΙай дуьне... Читать дальше...

Петирова ПетIамат. КIеда а, чорда а, эсала...

Radiomarsho.com 

Петирова ПетIамат *** КΙеда а, чорда а, эсала, къиза а,  Мекара, догцΙена, хΙиллане, догдика, Майра а, стешха а, ямарт а, тешаме  Амалш лов, дуьне, ахь, ца духуш собарх.  ДоттагΙчо тΙаьхьашха тешнабехк бича а,  Шех тешна езар а лейича везначо, Ненан дог дожийна кΙант араваьлча а,  Хьайн боларх ца телхаш некъ бо ахь цхьатерра.  Мацвелла шен ваша дага а ца вогΙуш,  Ша вуьзча, токх хилла, ваша чувирзича,  Я хьаша совваьлла хΙусамда хьаьвзича, Ца хΙутту бахьана хьо доьхна дΙадаха. ХΙай дуьне... Читать дальше...

Нохчийчохь бакъонашларъярхой Iедало хьийзош хилар бакъ ца до Кремло

Radiomarsho.com 

Регионерчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо лаьцнера аьлла Нохчийчохь бакъонашларъярхошна дуьхьал йолийна кампани ю бохург тIе ца дитина Кремло, хаамбо "Новости" агенталло. И тайпа жамIаш дан деза аьлла ца хета шена аьлла президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс журналисташка. "ДIахьош талламаш бу оцу гIуллакхна гонах, талламхошна бен хуийла дац, мел бух болуш ду и дIахьедарш", аьлла, тIетоьхна Песковс. ГIалгIайчохь "Мемориалан" офисах цIетасар хьахийча, "тайп-тайпана ши республика, Оьрсийчоьнан ши субъект ю и шиъ" аьлла... Читать дальше...

Нохчийчохь пачхьалкхан цIарах 10 аптека елла Iалашо ю

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь пачхьалкхан цIарах 10 аптека схьаелла Iалашо ю. "Фарммедтехснабан" инарла директоран Богашев Шемалан хаамашца, молханийн фальсификацех бахархой ларбарахьама бина бу и сацам. "Иштта цхьабоса кхуьуш ю традиционан аптекан ассортимент а. Долахойн аптекашкахьчул а лахара хир бу мах цигахь, иштта ахча тIерадоккхуш хир ду пенсионерашна а", - аьлла Богашевс. Доккхачу декъанна, болчу хаамашца, оцу 10 аптекех 5 йоьллур ю Соьлж-ГIалахь, йисина пхиъ - Шелахь, ТIехьа - Мартанахь, Веданахь, Гуьмсехь, Хьалха-Мартанахь а.

Лаьмнашкахь хьаьтт хила кхерам бу аьлла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу лаьмнашкахь хьаьтт чухахкаяла кхерам бу кхаарийн суьйре тIекхаччалц аьлла, хаамбина мехкан орцан министралло. "Лаьмншака ца оьхуш, чу-арабовларца а ларлуш хила беза бахархой. Кхераме хьал хаалахь, само еш шайга хаамбар тIедожадо  оха", - аьлла, бахархошка социалан машанашкахула информаци кхачийна министралло. Республикехь тIеда ло догIур ду аьлла бу Гидрометцентран хаамаш, цундела автотрассаш тIехь а, лаьмнашка доьлхучу некъаш тIехь а мобилан посташ ю дIахIиттийна, шайлахь цIеяйархой а... Читать дальше...

Дахначу шарахь 130 эзар турист хилла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Дахначу шарахь Нохчийчоь уггар а гоьяьлла меттиг яра туристаш эхарца. Верриг а махках чекхваьлларг ву 130 эзар турист. Оцу терахьо а тоьшалла до 2014-чу шарца дуьстича 249 процент кхиина хилар и терахь. Ростуризман куьйгалхочо Сафонов Олега бина и хаам Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца а, министрийн кабинетца а  хиллачу кхеташонехь. Иштта цо билгалдоккху, къаьсттина керлачу шеран даздаршка алсам туристаш баьхкина хилар Нохчийчу.

Iамеркан президентан Трамп Доналдан могушалла тIехдика ю аьлла цуьнан лоьро

Radiomarsho.com 

Дукха хан йоццуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан могушалла теллинчул тIаьхьа, тIех дика ю и аьлла, хаамбина шинарийдийнахь журналисташка КIайчу цIийнан лоьро, контр-адмирала Джексон Роннис. Джексона бахарехь 109 кила ю Трампан дегIан йозалла. Яц цуьнца я диабет а. ХIора денна "Крестор" препаратан 10 милиграмм молу цо шен холестерин охьадаккхархьама. Ишта молу цо аспирин, тромбех ларлуш. Трампан холестерин лакхара хиларан бахьана ду, цо, хууш ма хиллара, фастфудаш а... Читать дальше...

ГIаттамхойн декъехь лаьттина аьлла, набахте хьажийна Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан 27 шо долу вахархо Дудаев Р. кхеле озийна аьлла, хаамбина махкарчу ФСБ-н урхалло шен сайтехь. Заводской кIоштан кхело Дудаевна дуьхьал айдинчу гIуллакхан материалаш теллинчул тIаьхьа, 208-чу артиклца бехк тIе а чIагIбина, набахтехь даккха пхи шо хан а тухуш, итт эзар сом ахчанца гIуда хьарчийна цунах. ГIаттамхойн декъехь латтар, бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс а эцар, бохкар, лелор ду оцу артиклна юкъадогIуш.

"Титиев лацар президентана дуьхьала йина диверси ю"

Radiomarsho.com 

Наркотикаш карийна аьлла, лаьцна волчу бакъонашларъярхочуьнан Титиев Оюбан адвокатана Заикин Петрна терго еш тIаьхьахIиттина лелаш нах бу Нохчийчохь, дIахьедар дина "Мемориало". Кху тIаьхьарчу шина дийнахь цуьнан машен доьазза сацийна некъан патрулан сервисан (ДПС) полицино. Некъан инспекторша, кехаташ теллина ца Iаш, адвокатан а цуьнца машенахь болчеран хIуманаш а кегийна. Цу хьокъехь а, Титиевн гIуллакхах лаьцна а дийцира адвокато Заикин Петара, Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь. - Хьуна... Читать дальше...

Титиев Аюбан адвокатна тIахьабевлла лелаш нах бу

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу бакъонашларъяран "Мемориал" центран декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокатан Заикин Петран машенна тIехь терго латтош, тIаьхьабевлла нах бу, иза Нохчийчохь дIасалелачу заманчохь аьлла, "Кавказ.Реалиин" портале хаамбина адвокато. "Уггар хьалха сан машенлелорхочо бира цуьнан тидам. Даим цунна тIаьхьалелаш хилла детиха басара Форд Фокус машен. Ши стаг вара боху цо машен чохь. Полисхойн дакъа лоьхуш, оха масийттазза некъаш хийцира, амма и машен тхан лорах йогIучуьра юхуш яцара", - аьлла Заикина. Читать дальше...

Автурханова Амина лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Йина кхел а йоцуш вийначу шен цIийнден Джабаев Зеламхан хьокъехь талламаш болийна Автурханова Амина лаьцна Нохчийчохь. КIира сов хан ю иза шен гергарчаьрца зIене ца йолу. Еарийдийнахь "Новая газетан" редакцин телефона тIе анониман хаам беана цунах лаьцна. Бинчу талламехь гучудаьлла Теркйистерчу Лакха Неврера шен нана йолчу еанчуьра иза карарчу беттан 8-чохь дIайигина хилар. Старопромыслан кIоштан полицин декъехь латтош ю иза, мича хьолехь ю хууш дац. Стохка аьхка "Новая газетано" дийцинера кхел йоцуш Нохчийчохь байинчу нахах. Читать дальше...

Информацин тIелатарш до шайна Малхбузено аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалшна дуьхьал информацин тIелатарш до аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Газета.ру" зорбан гIирсо бина и хаам, регионан урхаллан сайтерчу информацина тIе а тевжаш. "Карти тIехь кхи къаьсташ а яц Нохчийчоь, амма цунах бен кхи дуьйцуш хIума дац Малхбузерчу мехкаша а, тхан пачхьалкхерчу церан гIоьнчаша а. Республикехь адамийн бакъонаш хьоьшуш ю бохуш, даим Iиттало тхо оцу информацин тIеIаткъамах. И дерриге а бух болуш а дац", - аьлла Кадыровс. Цо бахарехь, информацин тIелатаршца мостагIий нохчийн юкъаралла екъа гIерта... Читать дальше...

Назранерчу "Мемориалан" офисах цIе тесна

Radiomarsho.com 

Назранера бакъонашларъяран центран "Мемориалан" офис ягийна муьлш бу ца хуучу наха. Организацин кхеташонан декъашхочо Орлов Олега бахарехь, арахьа хIиттиначу камераша дIаяздина, сатосучу хенахь 03.35 минот хан яьллачу заманчохь офисна гергар йогIу машен. Машенчуьра охьаваоьсинчу туьтмIаьжгаш йоьхкинчу шиммо гIишлонан корех лами а гIортийна, аьтто бо чувала. ШолгIачу гIат тIехь ю "Мемориалан" офис. "Цхьаннан карахь канистр ю, видеокамера йохо гIоьртира и шиъ. Кор дохийна, офиса чуваьлла и шиъ. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Кыргызстанцы завоевали медали на международном турнире по танцам в Москве


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Анастасия Потапова

Потапова всухую обыграла Шнайдер в 1-м круге турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24





Путин в России и мире
Москва

Транспортный коридор «Север-Юг» станет катализатором социального и экономического развития стран Евразии и глобального Юга


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко: на территории Польши и Прибалтики готовят атаки на восток




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Во Франции назвали бредом слова Зеленского про угрозу Путина Европе


Навальный в России и мире
Москва

Патриарх Кирилл запретил в служении священника, проводившего панихиду по Алексею Навальному



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Баста

Поклонник Басты сделал предложение девушке на концерте рэпера в Новосибирске



Москва

Аварийное здание бывшего пансионата снесли в Раменском

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net