6 метр гергга дистина Парижера Сена-хи
Саццаза тIаьхьарчу хенахь оьхучу догIанаша Парижера Сена хи дестийна 6 метр гергга хьаладоккхуш. Болх беш яц метрон цхьайолу социйлаш. Совцийна ду Сена тIехула лела хин-кеманаш.
Лувр музейн цхьайолу экспонаташ кIелхьарайохуш дIаяьхьна.
Цхьайолчу хьукматашна а, нехан хIусамашна а, зенаш дина тIедаьллачу хино. Адамаш кIелхьарадохуш, белхаш а бу дIахьош.