Кхеле озош ву шен кертахь патармаш латтийна Веданара вахархо
Веданан кIоштан прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийнера меттигерчу вахархочунна дуьхьал, бакъо а йоцуш, шен хIусамехь хIоъ-молха латторна. И стаг вуьйцу ву А. Мусбек цIарца.
Талламан версица 2010-чу шарахь цунна Дышне-Ведана эвлайистехь 46 патарма карийна хилла. Уьш шен кертахь дIадехкина латтийна хилла цо, полицин белхахошна гучудовллалц. Талламхоша тIечIагIдина А. Мусбек бехке хилар. Цуьнан гIуллfкх къастор ду кхелехь.
Цу стага шен кертахь лачкъийна латтош патармаш хилар полисхошна муха хиина дуьйцуш дац.