"Доза данне а дац". Муха ваха веза заьIапхо?
Магомедов Назим
Ставропол-махкара Холаровский Артем кегийнехан эзарнех цхьаъ ву. Университетан студент, поэт, иллешдахархо. Ткъа шен накъостех иза къаьста целебралан энашца (ICP, ДЦП) дуьненчу ваьлла хиларца. Бакъду, медицино шена буьтучул а дукха меттиг боккху цо дахарера. Цуьнца цхьаьнакхийтира "Кавказ.Реалиин" корреспондент.
Еза хIума айа дихкира лоьраша Артемна. Амма цо-м ца дира пусар а – букъ тIехь а Iаш, куьйгашца хьалаайо 60 кийла йозалла. Олу ша даима а эриг – "доза данне а дац".
Целебралан ан лаьцна Артема нанас ша вечу дийнахь. Дуьне гатдина оцу цамгаро. Дуккха а ваьхна иза вола цавалалуш. Мотт бийца а ца волавелла 5 шо кхаьчча бен. Лазаршка шена ницкъ а бойтуш, Iаьмна иза тренажераш лелон. Цо ша хIоттийна шен дегI когаш тIе.
Кхоьруш, эга а веш, веара иза спортзале дуьххьара. Гонахболчу спортхойн бIаьргаш чохь ша мел "буьйда" хир ву хаьара цунна.
"Делахь а, ца гира суна сайга гома хьожуш стагга а. Оццул "атта" суо тIеэцарх цецваьллера со. Массо а вара соьца дика, шаьш саннарг веш тIеийцира со", дуьйцу Артема.
Шен цамгарх лаьцна ца ваьлла бен ца дуьйцу цо цкъа а. Мукъачу хенахь са ло шен синна. 15 шо долуш язйина хьалхара байт. Массех бIе йиш ю цо кхоьллина. Ша арахецначу церан гуларна а тиллина цо "Доза данне а дац" цIе.
"Сайн дог-ойланаш ас кхоллараллехула йовзуьйту. Дашца, рифманца хоуьйту ас наханна со уьш саннарг вуйла. Могашалла хьоьгахь яцарх, хьуна похIма ца кхаьчна, ала дац соьга. Дуьненан маьIнаш кхачадо ас нахе. МаьIнаш цхьабосса ду массарна а", чIагIдо Артема.
Кхин цхьана хIумане а шовкъ ю кIентан – рэп. Ша яздо дешнаш, ша кхуллу мукъам. Ша хьаеш хуьлу теманаш тов шел баккхий болчу нахана, боху цо.
"Делах теша веза, цуьнан карахь ду дерриг а, яздо ас. Стагна хаа деза, кху дуьнен тIе ша Iама веанийла а, ша дахаре хеттарш нийсса хIитто дезийла а: "суна хIара стенна хилла?" баха ца деза, "сайна Дала деллачух ас хIун де?" баха деза. Иштта кхетайо Артема стеган оьмар.
Яз а деш, виллина шен чохь-цIахь виса ца лаьа цунна. "No Limits" ("Доза данне а дац") цIе а йолуш, литературан-эшарийн фестиваль кхайкхо кечлуш ву иза кху мьрехь.
" Могашалла дика йоцу кегийрхой-похIманчаш вовшахбетта ас. Иллешца, байташца гIуллакх догIурш. Нахана юкъахь башхалла йоцийла, могашалла бахьанехь адамашна дакъошка декъадала хьашт доцийла гойту концепци кхолла лаьа суна. ПохIман юкъарлонца адамаш вовшашна гергадало воллу. Хьо похIма долуш велахь, ву похIма дерг. Башхалла яц, муха дика-вон лела хьан куьг я ког," – иштта ду Артеман Бакъдерг.