Iамеркан Iедалша 40 шарахь лехна стаг кхеле валийна
Талламчаша бинчу балхаца, 1978-чу шарахь 21 шо долу Маджор Брайан а, цуьнан 21 шо долу хIсамнана Кэти а дийна хилла цо. Набахтерчу духарехь, инвалидийн гIудалкхах тоьхна буржалш долчу ДиАнджелос масех дош элира, шена тIедохкучу бехкех кхеташ ву ша, шен интересаш йовзуьйтур ю маьхза волчу адвокато аьлла.
КарабогIучу беттан 14-чохь кхело кхи дIа шен болх бийр бу цунна гонах.
Иштта "Дашочу штатера нах байинарг" бехкево 1970-1989-чу шерашкахь Сакраментохь а, Калифорнехь а 12 стаг верна а, 45 зуда хьийзорна а, 120 хIусамехь къоланаш дарна а. Iамеркан ВМС-н эскарехь волчу заманчохь а, цул тIаьхьа полицехь болх бечу хенахь а масех къизаллица зулам дина хилла цо. Ткъа 1979-чу шарахь туьканчохь къола дина гучуваьлча, полицера дIаваьккхинера иза.
