Шайна дуьхьал айдина гIуллакх дIакъовлар доьху Нохчийчуьрчу бахархоша
ДоьалгIа шо а ду и гIуллакх дIадахделла. Талламчашна тIе оцу хеначохь кегийрхой баьхкира, орцанхошна тIелатар шаьш дина хиларх даредеш, амма хIетте а Ражапов а, ЦетиевгIар а шеконашкахь латтош бу тахханалц.
Маршо Радионо шен агIонашкахь дийцира, Ражапов а, вежарий ЦетиевгIар а 2014-чу шарахь дуьйнна бехк хьарчийна, латтош хиларх. Талламо чIагIдора, Москохарчу Внуково кIоштахь цара орцанхошна йиттина хилар а, иштта бехкебира 8 стаг вен Iалашонца кIело ярна а.
Адвокаташа кхаане а алиби хилар чIагIдора, и инцидент хиллачу меттигехь видеокамераша дIа а яздина.
Стохка аьхка кхело гIуллакх прокуроре юха а луш, маьрша баьхнера кегийрхой. Адвокаташ тIаьхьабевлла лела, оцу кхаанне а дуьхьал диллина гIуллакх дIакъовлийта.
