Нохчийчуьра латтанаш минех цIандеш ду
"Нохчийчуьрчу ворхI кIоштахь а, ишта ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштахь а латтанаш цIандеш ду минех. ХIинцале а карийначу, лелха кхераме йолчу хIуманашлахь ю 260 фугасан минаш а, иштта артиллерийн тIеман гIирсаш а", - аьлла, дийцина Къилбаседа тIеман округан векало.
Ерриг а кху цхьана баттахь лаьттара баьккхина 648 оьккхуьйту гIирс.
