"Мемориало" пресс-конференци дIахьош ю Титиевна дуьхьал даьккхинчу харц гIуллакхах
Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Талламчийн версица, цуьнан машенчохь марихуана карийна. Ша Титиевс а, бакъонашларъярхоша а дIахьедарца, наркотикаш полисхоша цунна кхийсина ю.
