Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Оппозиционер лаьцна кхобу

0
Сугуева Юлия



 


ГIалгIайчуьрчу кхелашна ца лаьа Хазбиев Мохьмадан аьрзнаш листа


Магасерчу кIоштан кхело Хазбиев лаьцна латтор къобалдеш бина сацам тIечIагIбина еарийдийнахь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу Кхело. Магийна Мангал-беттан 11-чу дийне кхаччалц иза изоляторехь кхаба.


Йоьдучу кхеташонехь видеозIенехула дакъалаьцначу Хазбиевс бакъ ца дира ша цIахь герз латтийна бохург, шена иза бухакхоьссина, элира цо.


Хазбиевн адвокаташа кхелахо хийцар дийхира, амма иза тIе ца ийцира Лакхарчу Кхело.


Адвокато Ибриева Хедас шена иза харцо хета элира "Кавказ. Реалиига".


"Кхелахо Цечаев (Саварбек) хийца дийхира оха – цо дуккхаза а тергамза дитина тхан дехарш. Низамо кхелахочунна ца магадо иштачу хьолехь девнах жоп дала. Тхуна, бакъду, хаьара республикан кхело, шел лахарчу инстанцех чекх са ца гайтархьама, хьал ма-дарра дуьтур дуйла".


Ибриевас дийцарехь, "прокуроро а, талламчас а Хазбиев лаьцна латто бахьанаш дац аьллашехь, я хьалхарчу кхело а, я аппеляцин кхело а ца магийна лаьцна кхобург, оьшшучу хенахь Iедална тIе а вогIуш, цIахь вита". Шина а кхело бина сацам низамехь бац, аьлла хета адвокатна.


Адвокаташна йоьдучу кхеташонехь дош а ца делла Магасерчу кхело, боху Ибриевас. Цунна хетарехь, сацам юхабаккха бахьана дара иза, ГIалгIайчоьнан Лакхарчу Кхело "Хазбиев Мохьмадна гонах лелачу харцонна ши бIаьрг къевлина шен".


Шайн рогIера арз мехкан лакхарчу кхелан сацамна дуьхьал кечдеш бу адвокаташ.


Хазбиев агIоно тоьшалла дарехь, Карабулакерчу талламан изоляторан хьаькамо Хазбиев лоьрашна тIе а ца вуьгуьйту, "ша жоп ло экспертна хьалхара, тоъал бух бац чохьваллориг лоьрашна тIевига, бохуш".


Лоьрийн тоьшалло мелла а кIадйойтур яра Хазбиевна чохь валло хIоттийна раж (чкъуран нейродермит, дегIаца даьIнаш ду цуьнан), бакъо яц оцу лазаршца и стаг лаьцна кхаба, чIагIдо адвокаташа.


"Кхаанна йогIучу чоьнехь латтош ву Мохьмад, тIевалош гастроэнтеролог а вац, оьшу дарба ца кхачадо цунна тIе", Ибриевас дийцарехь.


Шена дуьхьалбаьхначу бехкашна, изоляторерчу хьелашна, чкIуран лор тIе цавитарна резавоцчу Хазбиев Мохьмада мацалла кхебира бахначу беттан 12-21-чу деношкахь. Сацийра иза медикийн дехарца.


Фейсбукерчу Хазбиевн агIонтIехь хаам баржийра Европерчу цуьнан агIончаша, шаьш дех-дехачу мехкашкарчу Оьрсийчоьнан векалташна хьалха протестан гуламаш хIиттор бу, аьлла.


ГIалгIайн Iедална шогга критика еш схьавогIучу оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна дуьхьал бехк кховдийра Магасо 2015-чу шарахь. Цо нехан машен а ядийна, цIахь герз а латтадо, аьлла хаам баржийра прессехула. Иза бакъ ца дира Хазбиевс, ша лацархьама айина харцо ю, бохура.


ГIалгIайчуьра ведда, кхаа шарахь Нохчийчохь вехира оппозиционер. Бовзаза бисинчу наха Соьлж-ГIалахь герз диттира иза чохь хиллачу машенна.  Зуламхо Евкуров Юнус-Бекан ваша Увайс ву, даржийра Хазбиевс. Оццу муьрехь граната эккхийтира цабевзачара цуьнан ден-ненан кертахь.  


Кхушеран юххьехь лаамехь ГIалгIайчу а вахана, тоьшаллаш дан полицин неIаре вахча, лецира иза. Хазбиевс машен ядийна бохар дитина талламо, амма бехкево герз лелорна а, Iедалан векал сийсазварна а.


 


 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net