ГIалгIайчоьнан кхиамех дийцина Оьрсийчоьнан президенте Евкуровс
Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна хьалха республикерчу социалан а, индустрин а кхиамех дийцина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, хаамбо регионан пресс-гIуллакххоша.
Дуьйцург ду белхазалла охьаялар, экономикан, гIишлошъяран кеп-кепара секторш кхиар а.
Евкуровн хьесапашца, тIаьххьарчу 6 шерачохь ГIалгIайчохь 490 социалан объект дIахIоттийна. Школашкахь кхаа рожехь доьшуш хилла бераш шина роже даьхна.
50 проценте лахделла берашлахь баларш.