ХIирийчуьра зуда йийначунна дуьхьал гIуллакх долийна
Шеконашца лаьцначуьнца шен "Лада-Калина" машенахь хьошалгIа еана хилла и зуда БуьритIера.
Зуда йийначул тIаьхьа, зуламан лараш йойуш, Заводской кIоштахь Сунжа хи чу кхоьсина цо зудчун дакъа. Масех сахьт даьлча, йийначун машенахь воьду жимстаг лаьцна хиллера полисхоша. Зудчун дакъа тIаьхьо карийна орцанхошна.
Карарчу хенахь кхелан а, медицинан а, биологин а, крминалан экспертизашкахула чекхвохуш ву лаьцнарг.
