Нохчийн маттахь этнографин диктанташ язъеш бу махкахой
"Этнографин диктанташ язъяр кест-кеста хилахь а, нохчийн маттахь кху кепара диктант язъяр дуьххьара ду. Дукхачу наха шайн лаам хилар схьахаийтина, оцу барамехь дакъалаца. Бу царлахь министраллийн куьйгалхой а, мехкан яздархой а. "Беза, бовза нена мотт" цIарца дIахьош ду диктант язъяр", - аьлла, яздо дешаран, Iилмана министраллан сайтехь.
Этнографин диктант язъяйтаран Iашало – нохчийн матте интерес кхиор, бахархойн хаарш зер ю.
207-чу шарахь Охан-беттан 25-чу дийнахь юкъадаьккхина ду Нохчийчохь ненан меттан де. И терахь къастор доьзна 1923-чу шарахь нохчийн маттахь "Серло" газет дуьххьара арадаьллачу денца.
