Ереванехь полицино дIасалаьхкина демонстранташ
Марш сацийнера полицино Ереванан Эребуни кIоштахь. Цул тIаьхьа полисхо пайда ийцира, серло а тухуш, вуно чIогIа гIовгIа йоккхуш лелхачу гранатех а, кхин болчу а полицин лерринчу гIирсах.
Хьалхо Пашинянан а, премьер-министран Саргсян Сержан а дийцарш дIадирзира, цхьа а жамI доцуш. Премьеро дIахьедар дира, оппозиционеро лелош дерг "шантаж" ю, аьлла. Цо хьехар дира Пашинянна, низамо бохучунна тIе юхаверза аьлла.
