Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

ТIом чекхбаьлла, ткъа блокпосташ лаьтта

0
ТIом чекхбаьлла, ткъа блокпосташ лаьтта

Исаев Руслан

Пачхьалкхашна юкъахь санна къевлина кхобу Къилбаседа Кавказерчу республикийн дозанаш

Шогга лардо Оьрсийчоьно шен мехкашна юкъара дозанаш. Республикийн кевнашкахь лаьтта полицин а, Росгвардин а ницкъаш. Махбалехьа, Нохчийчоьнан агIор некъаш дIа мел оьху а, чIагIйинчу гIопех тарлуш, алсам дуьйлу хаш.

Дозанах дехьа моссаза волу а хетало мехкаш вовшашца цкъа а кхачалуш боцчу тIамехь бехаш. Оцу юккъехула дуьйцу Iедало ша тIемашца дерг диканца дерзийна олий, хестайо ша соьмийн миллиардашца кхиош йолу туризм.

Краснодарера Дагестане боьдучу некъашца цхьа зама хьалха федералан ворхI ха лаьттара. Транспортах а, некъахойх а хьовса бакъо а йолуш. ТIаьххьарчу шерашкахь и терахь лахдина, амма хадархошкахь йисина тохарлерра бакъо.

Цхьадолчу хашка ренгенца чекххьожу гIирс хIоттийна дукха хан йоццуш. Къаьсттина оцу гIирсо догъэтIадо машенийн дайн а, некъахойн а. Уггаре шога ха лаьтта Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь – чу-ара моссаза волу толлу ша а, шен некъахой а, дуьйцу Соьлж-ГIала-Москва маршрутца автобус лелочу Салтыханов Шарпуддис.

"Дукха шераш ду со лела, цкъа а ца ваьккхина сан автобус тIера стаг, хьаштдоцург дIасахьош ца ваьлла цхьа а.  Зулам дан араваьлларг блокпостехула гIур вац. Цунна шен некъ карор бу", - элира "Кавказ.Реалиига" Шарпуддис.

ХIора республикехь бу "кхин некъаш". Иштачу некъаца , масала, Беслане а кхаьчна, дIалецира тIемалоша 2004-чу шарахь сила йолу школа. Немцойн "Der Spiegel" журналан корреспонденташа шаьш а зийра и некъ – иза ГIалгIайчуьрчу Маьлхбекна гергарчу хьаннашкахула кхочура Беслане.

Оцу некъанна 60 чаккхарма юьстах чекхболучу некъаца, гIалгIайн-хIирийн дозанехь лаьтта цхьа блокпост. Цигахь девнаш даима а дуьйлу нехан, къаьсттина резабоцуш го гIалгIай, цара доьху блокпост малъяр, я дIаяккхар. ХIирийчуьрчу гIалгIайн ярташкара нисло и нах дукха хьолехь, дийнахь массийттаза толлу уьш.

Youtube-хь ша ца вовзуьйтучу гIалгIачо яьржийна лела оцу блок-постехь яьккхина видео. Хадечара харцонаш лелайойла гойту цо. Полисхошка массийтта видеокхайкхам а бина оцу стага. Дукха наха язйина комменташ иза бакъвеш.

Бакъду, хIирашлахь алсамо бу блок-посташ оьшу аьлла хета нах. Кхерамзалла а, къепе а латторхьама хIиттийна хаш, аьлла хета юкъаралхочунна Байцаева Нинина.

"ГIоьртина лаьтта юкъаметтигаш а, доьхна хьал а тидаме эцча, пачхьалкхна оьшу и тайпа хаш, амма, коррупци сацош, царна тIе хIотто а деза-кх хадархой кхин цхьа чкъор", - боху юкъараллахочо.

Петарбухахь веха Нохчийчуьра волу Джамбулатов Хизар. Деношкахь машенахь веана иза махка. Къилбаседа Кавказерчу некъаш тIе валлалц ша цхьаьнххьа а ца сацийра, децIа кхача ма-вуьйлли, сецо волийра, боху цо.

"Ростов махкарчу "Кущевская" постехь" къьасттина шога толлу. Наггахь а чекх ца волуьйту цигашхула проблема йоцуш, маьрша. ХIинца вогIуш, багаж а, салон а гайта, элира соьга. Дог ца хуьлу къийса. Иза эрна ду. Иштта шога хьаьвза Ставрополан-ГIебарта-Балкхаройчоьнан дозанерчу "Малка" постехь а", - дуьйцу Джамбулатовс.

"Вон цIе" йоккхура Нохчийчоьнний, Дагестанний юкъахь лаьттачу ГIезалой-Юьртарчу (Герзель) постан. Наха дуккха а аьрзнаш динчул тIаьхьа меттигеранаш дIа а  баьхна, тIебаьхкина полисхой хIиттийна цига. Лахделла аьрзнаш а.

Делахь а, дIадаха тарло цкъа мацца а Къилбаседа Кавказера хаш, олий сатосу. Амма дуьненахь гIоьртина лаьтта хьал, Шемара тIом юхьаръэцча, кхета хенан йохалла демилитаризаци хир йоцийла. Хаийтира иза Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь Черкесскехь гуъеллачу Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташоно а. Гуш ду, регион къарйина бохуш мел дийцахь а, блокпосташ лаьттар юйла.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин: Развиваем систему здравоохранения


Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура Москвы: тело мужчины нашли в лесопарке в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Поездам прибавляют ходу // Как может сократиться время пути от Москвы до курортов на Черном море


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Песня

Вывод Песни, Альбома, Клипа в ТОП Музыкальных Чартов – iTunes, Apple Music, Youtube Music, Яндекс.Музыка, ВК и Boom, Spotify.



Москва

«Россети Московский регион» переходят на усиленный режим работы в праздники

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net