Нускалан некъ лаьцна кхиазхой полисхоша дIабигинера
Оцу барамехь Октябрьск кIоштарчу "Минутка" олучу майданахь кхиазхойн тоба лаьцна, нускал далочу хенахь, шайна кхаьънаш дахархьама машенийн некъ лоьцу.
"Оцу хьолехь машенаш вовшахетталуш, некъан бохамаш бийла тарло, шайна кхиазхошна а кхераме ду и", - аьлла ницкъахоша.
Кхиазхой полисхойн декъе а бигина, церан дай-наной а тIе а балийна, кхетош-кхиоран къамелаш дина полисхоша.
