Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

"Хьалха нус марненах берашка дIахьажа а ца яьхьара"

0
 




 


Кху деношкахь Шелан кIоштахь меттигера цхьа яхархо хьокъехь таллам болийна меттигерчу прокуратуро. Иза бехке еш ю шен мера кхо бер етташ хьийзорна. Талламо хIинцале къастийна царна тIехь цо къизалла лелийна хилар. И бахьана долуш и  28 шо долу зуда "Iазап дар" олучучу артиклца жоьпе озор йолуш ю.


Базаева Липхана куьйгалла дон "Зударий кхиорехьа» юкъаралла ю иштта долу гIуллакхаш, девне а ца довлуьйтуш, машарца дерзо гIерташ болх беш. Наггахь шайн гIуллакх хуьлу боху цо барт бан я кхето, амма тIаьхьарчу хенахь цо а билгалдоккху и болх халчу баьлла хилар.


Дуккха а бахьанаш ду цунна, элира Базаевас: "Вайн юкъаралла хийцаелла. Цхьана низама тIехь лаьтташ дац вай. Вайн Iадаташ ду, тIаккха бусалба дин ду, Оьрсийчоьнан низамаш а ду. Муьлхха низам а лара деза аьлла билгалдаьккхина хIумма а дац. Делахь а, и низамаш цхьатерра лара йиш яра, нехан кхетам хилча. Хьажал хьо, хьалха санна марненах оцу берашка нийса доцуш дIахьажа а ца яьхьаш хила езара и нус. Иза ду вайн нохчийн хаза гIиллакхаш галдовлар. Цундела вай адамийн кхетамца болх бан беза".


Нохчийн къомо ширачу заманара дуьйна схьадеана ламасташ, эхь-бехк ларар дIадаьлла. Цул сов, тахана къона наной, зударий берш оцу тIемашкахь хьалакхиина бу, шайн дахарехь вониг бен гина а боцуш, боху Базаевас.


Оьрсийчохь цхьанхьа гIара-тата иккхича а, нахана юкъахь паргIата вахийта сихонца реабилитаци йо олий, муьлхачу стеган дог хьосту, ткъа, ши тIом лайначу нохчех хуьлург бен дац.


Базаевас дуьйцу: "Психосоциалан нийса ориентир йоцу нах бу уьш. Уьш Iамо безаш бу. Хьалха вайн адамаш шайн цхьа юкъаметтиг йолуш, да а, нана а, йиш-ваша а долуш, цара хьехар ца дича, гергарчара а хьехам а беш хьалакхуьура. ХIинца ша вериге а шен-шен чохь ву. Херо йоьлла юкъа. Телефонаш туху наггахь. Хьошалг1а ца боьлху, мовладе ца боьлху, синкъераме ца боьлху. Шайна ма-хетта, шайна ца хааре хьаьжжина беха уьш. Мегаш доцург а, мегарг а къасто ца хаьа. Иза ду бохаме дерг".


Нохчийн доьзалшкахь берашна тохар, уьш човхор цхьа дIоггара кIоршаме хIума ца хета тахана.


3 беран да волчу Соьлж-ГIалин вахархо Хаджимурадов Адамна хетарехь, беран жималлехь етташ хилча, цуьнан оьгIазло бер доккха хилча хаало кIоршамечу тIаьхьалонашца: "Бер бер ма ду. Кхера а дой, акха а доккхий, ша хIун леладо а ца хууш, тIаккха ша онда даьлча, оцу беро цхьа доьхнарг леладо".


Лакхохьа вай хьахийна берашна тIехь къизалла лелор дуьххьара хуьлуш дац Нохчийчохь. Дуккха а ю и тайпа меттигаш. Амма хIокху хиламан башхалла ю. Шен керлачу несана айкхаяьлларг марнана ю.


Цо, кхин шен тIетовжа меттиг боцуш, Iедале гIодехна хилла кIентан бераш даръеллачу дестечух лардахьара аьлла. И гIуллакх нохчашна юкъахь экаме хилар тидаме а оьцуш, прокуратуро баржийначу шен хаамехь цIерашца билгал ца баьхна цу гIуллакхан декъашхой.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net