Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

"Дика нах дукха бу, уьш гуш бацахь а"

0
 




 


Бакъдерг хIораннан шен-шен делахь а, нийса некъ даима а цхьаъ бу. Ткъа бакъ-харц шена хуьлучу пайде хьаьжжина бен ца къестошберш бахьана долуш, тахана нохчашна юккъехь а ду хедда гергарлонаш а, ю кхоллаелла херонаш а. Харц некъ - атта некъ, нийса некъ -хала некъ, олура баккхийчара.



Дуьненан рицкъанах буьзинчу харц новкъа бевллачарца гергарло лелон ца лаьа, шайна тахана хала делахь а, бакъболчу къонахийн амалца чекхбовла луучарна, мел шайна юккъехь тайпанан гергарлонаш делахь а.



ТIаьхьарчу шина тIамо кхечу хорша дерзийна нехан дахарш а, юкъаметтигаш а. Нахана юккъехь херонаш евлла меттигаш белахь а, дика нах дукхох бу, аьлла хета Соьлжа-ГIалара вахархочунна Моллаев Расулна:



"Со лелачохь вовшешка лулахой чубахар а, гергарниш вовшешна тIебахар а ду. Амма цхьайолчу меттехь гуш ду нах, хьалха санна, вовшешна тIе цабахар.



Тахана гергарло ца лелош берш а дукха бу. Дуьненан бахамой, хьарамчу рицкъаной вовшешца хербина а бу. Цхьаберш яккхий гIаланаш а йина Iаш бу, цу чу а левчкъина. Царга лулахо ца воьдуш а хуьлу, цхьаъ еха веъна моьттур ду-кх царна, бохуш. Ишттаниш вайна юккъехь хьалха ца хилла дела тамашийна хета. Делахь а, дика нах дукхох бу. Дика нах гуш бац вайна."



Даймахкана гена белахь а, вовшешца уьйр-марзо латтайо Европерчу вайнаха. Вовшийн дикане-воне боьлху, ницкъ ма-кхоччу. Зуда ялочу хенахь йоккха чоь а лоций, цу чохь вовшехкхеташ а хуьлу.


Европерчу нохчаша цIахь болчарел а гIолехь гергарлонаш леладо, аьлла хета Францехь ехаш йолчу Алиева Таисина: "ХIокху Европехь гергарлонаш оха цIерачарачул чIогIа лелочух тера хета суна. ЦIерачарга оха тхаьш хьошалгIа дахнера аьлча, тхо-м ца ларадо, олу цара. Нохчийчохь болчара, шу тхол дикох ларадо гена кхечу гIала даха а, олу. Мерза хета кхузахь лелош долу гергарлонаш а, хьошаллаш а."


Европерчу нохчаша вовшешца уьйр-марзонаш лелорах лаьцна кхин дIа а дуьйцу Францехь ехаш йолчу Байсарова Маликас: "Вай миччхьа делахь а, Европехь а, миччхьа а, кхузахь дара аьлла ца Iаш, ваьш вайнах дуйла а хууш,  вовшешна деза а дезаш, марзо а йолуш, ларам а болуш схьадогIуш ду, Дала мукъ лахь. Воне а, дикане а, массо а, аьлча санна, вовшешна тIекхача а хьовсу."


Хьалха сарахь нах пхьоьхане гуллора хилларш-лелларш, диканаш-вонаш дуьйцуш. Царга ладугIучу кегийрхошна шайн къоман мехаллаш евзара. Иштта чIагIлора нехан вовшешца йолу уьйр-марзонаш. 



Ткъа тахана Даймахкана генахь болу Европера вайнах къаьсттина хуьлу вовшешца уьйраш а, гергарлонаш а, цхьанакхетарш а дезаш. Ткъа дукха юй вайн кхузахь иштта вовшехкхеташ меттигаш? 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net