Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Нохчийн а, австрихойн а доттагIаллин тIеш

0
 




 


Хууш ма хиллара, тIаьхьарчу беттанашкахь алсамдаьлла нохчийн къомах мухIажарш меттигерчуIедало нуьцкъалха Оьрсийчу дIахьежор. И хIума, хетарехь, махкахь аьтто-консервативан популистийн партеш Iедале кхачарца доьзна ду.


Амма юкъараллехь дукха бу керлачу Iедалийн мухIажаршца шога политика къобал ца еш болу нах. Царех цхьаъ ву вевзаш волу блоггер а, ресторатор а Ландау Даниэл. Баханчу Дечкен-баттахь ТикаевгIеран доьзална меттигерчу Iедало депортаци ечу хенахь цу доьзалан кхоллам шуьйрачу юкъараллина гIарбаьккхинарг вара иза.


Хаамийн гIирсаш а, адамийн бакъонашларъярхой а, политикаш а ира-кара хIиттийна, и доьзал ара ца баккхийта гIоьртира Ландау. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Iедало шен Iалашо кхочуш йира.


ХIетте а, ТикаевгIар Нохчийчу австрихойн Iедалша дIакхачийначул тIаьхьа а, цу доьзалца зIенехь ву Ландау, царна керла дахар аттачу даккха гIерташ. 


ТикаевгIарна а, уьш санна Австрин Iедалша Оьрсийчу дIахьовсийначу кхечу нохчийн доьзалшна а гIодархьама лерина дикдаран суьйре вовшахтухуш ву Ландау кху деношкахь. Меттигера исбаьхьалхой а, мукъамчаш а, актераш а кхайкхина цо цига.


Ткъа иштта депортацина лерина арт-проект кхочушйина долу нохчийн бераш а. Ткъа цуьнан коьрта Iалашо ю цу леринчу концертан суьйренца австрихойн-нохчийн доттагIаллин уьйраш чIагIъярехь гIулч яккха. Юкъараллехь нохчашка болу хьежам хийца гIорта. 


Исбаьхьаллин гIирсашца адамашна юкъахь тIеш дехка йиш юйла гайта лаьа шена бохуш дуьйцу Ландаус: „Оха и концерт шина бахьанца вовшахтухуш ю. Цкъа делахь, тхо ТикаевгIеран доьзална ахча гулдан гIерташ ду, царна керлачу меттехь гIодархьама.


Ткъа шолгIа-делахь, тхуна чIогIа мехала ду нахана гайта, исбаьхьалло а, културано а интеграцин тIеш дохкуш хилар. Иза адамашна вовшех кхета а, вовше гIоле довза а, вовшашца зIенаш кхолла а дика аьтто беш суьйре ю“.


Охан-беттан 15-чохь дIахьон йолу "Австрихойн-нохчийн доттагIаллин суьйре" вовшахтухуш дакъалоцуш бу меттигерчу Баьццарчу партин векалш а, цхьамогIа цIеяхана болу исбаьхьалхой а, ткъа иштта нохчийн зударша кхоьллина йолу „Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралла“ а.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net