ГIалгIайчохь могушаллан министр лаьцна хилла ФСБ-но
Массийта сохьтехь лейинчул тIаьхьа дIахецна иза, хаамо бо Маршо Радион гIалгIайн махкарчу хьастанаша. Министр дIалацаран бахьана дуьйцуш дац.
Стохка Арапханован нана ехачу кертахь талламаш дIабаьхьнера низамхоша. Лоьхург хIун ю хIетахь а ца хаийтира Iедалша.
Ша емал еш хIуманаш ма яздахьара аьлла, кхайкхам бинера цул тIаьхьа министро лоьрашца шен хиллачу кхеташонехь. Елха а йоьлхуш, Арапхановас дехар деш яьккхина видео сихонца гIараяьккхинера цу кхеташонехь хиллачех цхьаммо.
