Оьрсийчоьнан Олимпан комитет ловзаршна юкъаръяккхар ницкъ болуш дитина
Дуьненаюкъарчу олимпан комитето ницкъ болуш дитина кхин дIа а Оьрсийчоьнан олимпан комитет Пхёнчханечу Iаьнан Ловзаршна юкъаръяккхар. Цу кепара, Оьрсийчуьра атлетийн тоба дакъалоцуш яц шайн байракх карахь Олимпиада дIакъовлуш карарчу хенахь дIахьочу церемонехь.
Шен сацаман бахьана ду боху Дуьненаюкъарчу олимпан комитето, Оьрсийчуьрчу спортхоша керлингхочо Крушельницкий Александара а, бобслейхочо Сергеева Надеждас а антидопинган низам дохийна хилар.
Тахана Оьрсийчоьнан хоккейн тоба, жамI 4: 3 а долуш, финалехь толам баьккхина Германерчу тобанна тIехь, хаам бина РИА Новости агенталло. Цу кепара Оьрсийчуьрчу спортхоша яьккхина шолгIа дашо мидал.