Вежарша КадыровгIара жоп делла шайх лата луучу Казахстанерчу кIантана
"Тхуна ца хаьа, хьо хIун латархо ву, амма хьан менеджер дика волчух тера ду. Абай, хьо баккъалла а къонах ву. Иштта дIахьо айхьа юьхьарлаьцнарг. Нагахь кхоллам хилахь гур ду вай цIелигана уллехь, ткъа дахарехь вежарий хир ду вай. ХьошалгIа вола республике. Тхо хазахеташ ду хьаша тIеоьцуш", -- аьлла Кадров Рамзанан воккхах волчу кIанта Ахьмада.
Алматарчу Тажибайс латаре кхайкхинера Нохчийчоьнан куьйгаалхочуьнан ши кIант, цу шиннера ММА доьхка дIадаккха.
"Ас латаре кхойкху Ахьмад а, Адам а КадыровгIар. Со тешна ву сайга уьш эшалур хиларх", -- яздинера Казахстанерчу къона вахархочу.
