Собчакан дIахьедарна дуьхьало йина харжамийн комитето
Масийттазза оцу даржехь лаьттинчу Путинан бакъо яц юха президенталле гIерта аьлла дара Собчакан дIахьедарехь.
Бух боцуш лерина Оьрсийчоьнан харжамийн комитето журналистан арз.
Путин Владимиран 65 шо ду. 2000-чу шарахь дуьйна ву иза Оьрсийчоьнан куьйгаллехь.
Президентан даржехь 13 шарахь хилла иза. Кхин а 4 шарахь премьер-министран гIентахь.
КарабогIучу беттан 18-чу дийнахь дIахьур бу Оьрсийчохь президентан харжамаш. .
