Кадыров: Гуттаренна а лаьттийла президентан даржехь Путин
Республикан президент ша хIоттийна 11 шо кхачарна леринчу постехь Твиттерехь язйина Кадыровс ишта.
"Сох тийшира Путин, со къона вара аьлла ца Iаш, республика сох тешийра цо", - яздо Кадыровс.
Путинан гIоьнца махкахь терроризман хьу ца йитина, йоьхна, яьржина хилла республика юхаденйина аьлла цо.
"Дуккха а шерашкахь могушалла а латтийла вайн президентна, ша дийна мел ву пачхьалкхан урхаллехь а вуьссийла Путин. Ткъа вай тешамца децар ду цуьнан дуьхьа, цо тIе мел дохку гIуллакхаш лаккхарчу тIегIанехь кхочуш а деш", - аьлла, дерзийна шен йозанаш Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
