Украинерчу кхело 40 денна талламан изоляторе хьажийна Бакаев
Киеван кIоштарчу Борисполан кхело 40 денна лаьцна 25 шо долу Нохчийчуьра орамаш долу Бакаев Iела. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша иза бехке веш ву Росгвардин эскархой дIатарбеллачу кертана тIелатар дарна.
Цунах лаьцна "Кавказ.Реалиина" хаам бина Бакаевн адвокато Красник Станислава. Цо дийцарехь, Бакаев чувоьллина талламан изоляторна.
Бакаев лаьцнера Мисарара цIавогIуш Борисполан аэропортехь. Цуьнан зуда а, бер а чекхдалийтира дозанхоша.
Даханчу шеран бIаьста Ноьвр-кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера Нохчийчоьнан ялх вахархочо. Оцу тасадаларшкахь 6 эскархо вийнера, кхаанна чевнаш йинера. ТIелатар динарш байина гайтира телевизионехула.