Афринан гергахь туркойн беркема дохийна курдаша
Туркойн армин векалша бинчу хаамца, беркемана урхалла деш хилла 2 пилот кхелхина. Курдойн хьастанаша тIечIагIдина беркама чудаийтина хилар.
Шен агIор ЭрдохIана билгалдаьккхина, иза хилла "Туркойчоь тIом беш хиларна" аьлла. "Вайн беркема дохо а мега, амма иза динчара мах лур бу шаьш иза дарна", - дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто.
