ГIалгIайн этнопарк кхуллуш ю Малгобекан кIоштахь
ХIара шо чекхдалале этнопарк болх бан йолалур ю ГIалгIайчохь Малгобекан кIоштахь. Цуьнан цIе ю "Амазонкин хьошалгIахь", хаам бо ТАСС агенталло, цу проектан авторна Картоева Таисияна тIе а тевжаш.
Каротоевас дийцарехь, цу паркехь хир ю халкъан кхоллараллина хьажийна пхьалгIа а, гIалгIайн дахар гойту этникан музей а. Цул сов, еш ю гIалгIайн къоман даарш кечдаран говзалла Iамо кхачанан чоь а.
Цо дийцарехь, этнопаркехь экскурсеш ечу белхахоша лелор ду къоман ламастан духар.