Питерера маьждиг ду уггаре хазаниг, аьлла Кадыровга Путина
Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна Петарбухахь ду аьлла хета дуьнентIехь уггаре хаза маьждиг. Иштта аьлла цо шен Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарехь, хаамбо ТАСС агенталло. Президента и ойла хазийна Кадыровс шега, деношкахь Шелахь схьадиллина «Бусалбанийн дозалла» маьждиг дуьнетIехь массарел хазаниг ду, аьлча. Европехь уггаре доккха маьждиг а ду иза, тIетуьйхира Кадыровс. Амма Путинна массарел хазахета маьждиг Петарбухарниг дуйла хиича, ша хIуттур вац пачхьалкхан куьйгалхочуьнца къийса... Читать дальше...