123ru.net
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 14.08.2019

Anubis-вирус кхоьллинчу хакерийн дов луьстур ду Ставрополехь

Radiomarsho.com 

Компьютеран вирус Anubis кхоьлличийн дов ду хатта долош Ставрополехь. Жоьпе балийнарш бу эскаршкахь болхбина нах.  Юьззина цIе ю цара кхоьллинчу зуламе программин "HEUR: Trojan-Banker.AndroidIS.Anubis.n". Трояно йохош хилла вирусаш лоху программаш, йохош хилла нехан сервераш чуьра программаш. 2018-чу шарахь бен тIаьхьа ца кхиина IBM а, Google а церан трояно Android-ца лелачу телефонийн системина зуламаш дойла – смартфонан дас шен банкан код, я электронан бумаьштиг схьайоьллучу хенахь скриншот йоккхуш хилла трояно. Читать дальше...

"Имамана гонахарчу къийсамаша гойту историн хаттарш хууш цахилар"

Radiomarsho.com 

20 шо хьалха хиллачу хиламех лаьцна дуьйцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун интервью цIеххьана тоьхна стигал къовкъар санна гIовгIане хилира, цо цхьана могIаре хIотторна Кебедов Багауддина куьйгалло дон Дагестанерчу тIемалоша а, 1840-1859 шерашкахь Имам Шемила Нохчийчохь а лелийнарг.



17 шарна набахте хьажийна къена таксист вийна дагестанхо

Radiomarsho.com 

Астраханера кхел листина яьлла Хасу-Юьртарчу вахархочо 78 шо кхаьчна къена таксист верах долу дов.   Стохка гурахь Астраханерчу футболан "Звезда" ("Седа") клубе шина баттана хаарш шардан вахийтинчу 23 шо долчу дагестанхочо ша ГIалмакхойчуьрчу Комсомольски юьрта вига аьлла хилла таксисте. Талламо бахарехь, Астрахан-махках чекхйолуш, есачу аренан новкъа яьлла машен, цигахь масситтаза урс тоьхна вийна дагестанхочо къано, дIакхоьсссина дакъа эрзашна юкъа, дIавахана машен шен дола а ерзийна. Астраханерчу... Читать дальше...

Муцольгов: "Iедалера нах дехьа-сехьа кхийсар бен дац хIара"

Radiomarsho.com 

Евкуров Юнус-Бек урхаллехь волчу шерашкахь дIахIиттийна хилла хьаькамаш тIаьхьий-хьалхий даржаш охьадахка буьйлабелла. ГIалгIайчоьнан ханна куьйгалле Калиматов Махьмуд-Iела веанчу цхьана беттачохь пхеа хьаькамо дитина шайгара гIанташ. Хьалхо Калиматовс мукъаваьккхира Евкуров Юнус-Бекан хилла ворхI хьехамча. Вара дIабаьхначарлахь Оьрсийчоьнан президентан администрацехь ГIалгIайчоьнан цIарах векал лаьттина Цечоев Алихан а. Евкуровца цхьана Оьрсийчоьнан тIеман министарлле дехьаваьлла иза. Ткъа цуьнан метта дIахIоттийна Бузуртанов Адам. Читать дальше...

Ставрополехь вице-премьер лаьттинарг лаьцна Испанехь

Radiomarsho.com 

Ставрополан махкахь экономика кхиоран министр Мурга Андрей лаьцна Испанерчу полицино Оьрсийчоьнан дехарца. "Цунна экстрадици ян кечлуш бу Испанера низамхой. Ставрополера схьа ма кхаччийнехь, шина баттана лоцур ву иза юьхьанца", яздо NewsTracker хьасто шен Къилбаседа Кавказан Таламан комитетан урхаллерчу хьасташна тIе а тевжаш. Хьалхо "Кавказ.Реалиино" дийцина ма-хиллара, боккхачу барамехь къоланаш дарна дуьненаюкъарчу лехаме велла вара Мурга. Талламчаша бахарехь, махкахь кхиийначу рицкъанна реклама ен сайт кхуллу кеп а хIоттош... Читать дальше...

Лечийн терахь бечу нахал сов ду Оьрсийчохь. Амма яц оцу декъахь Къ. Кавказ

Radiomarsho.com 

Кхушеран ялх баттахь Оьрсийчохь беллачу нехан дукхалла дуьнентIе девллачу берийн барамца юьстича, баларш совдовлу 27,6 %-на. Стохка и башхалла яцара 21 процент бен. Терахьаша гайтарехь, дина пачхьалкхехь 720 эзар гергга бер, ткъа велла 920 эзар гергга стаг. Амма 16 регион ю Оьрсийчохь адамаш тIекхиарца билгалйолуш, боху "Прайм" хьасто.  Церан могIарахь ю ерриг а Къилбаседа Кавказан республикаш а, Ямал-Ненцойн, Тюменан, Ханти-Мансийн мехкаш а, Оьрсийчоьнан малхбалера республикаш Тыва, Алтай, Буряти, Якути, Чукотка а. Читать дальше...

Наркотикаш яьхна автобус чохь воьдучу дагестанхочуьнгара

Radiomarsho.com 

Дагестананний, ГIалмакхойчоьнанний дозанерчу "Артезиански" блок-постехь 50 шо долчу пассажирера 1 кийла къомал яьккхина полисхоша, хаамбина Къилбаседа Кавказан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло. Кхачанна тIехьарчадечу телатна юкъахь карийна наркотик. Алсам барамехь наркотикаш эцарна, лелорна, дIасаяхьарна кхачош йолчу бехктакхаман артиклца гIуллакх айдина наркотикийн долахочунна дуьхьал.

1 сом даккха воллу журналистера кхелехула ХIирийчоьнан депутат

Radiomarsho.com 

Журналиста Сугарова Элинас, ша къаьркъа дохкарх долу низам дохийна аьлла, доцург яздина, юьхьIаьржа хIоттийна, шена цуьнгара хилла эшам меттахIотто 1 сом оьшу, аьлла, кхеле арздина мехкан парламентан депутато Кочиев Роберта. Юхьанца цо 1 миллион сом доьхура журналистера кхелехула. Делахь а, "цунна шен дагна хьу йинчу адамера ахча даккхар дац коьртаниг, шен сий лардар ду", аьлла Кочиевн адвокато. Цул тIаьхьа дIаяьккхина депутато ша тIедожочу ахчан барамна тIехьара 6 "горгалг", декхар соьме охьадоккхуш. Читать дальше...

Некъахьовзамехь 4 стаг велла Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Кумторкалан кIоштахь ши машен вовшах а кхетта, велли виъ стаг. Дагестанан полицино бинчу хаамца, Алмало юьртана гергахь нисбелла бохам. Вовшахкхетта ВАЗ-2114 а, "Приора" а машенаш. Велла виъ воцург, лазийна кхин а кхо стаг, царех шиъ бер ду. Некъан инспекцино бахарехь, "Приора" шен йоцчу асанна тIе а яьлла, дIакхетта дуьхьалйогIучу машенах.

Шен хиллачу майрачо Челябинскехь къайлаваьккхина кхобу кIант дIавелла Веданарчу зудчуьнга

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь зудий, майрий дIасакъаьсташ кхело ненаца диса кхачийна бер кхо шо хьалха. Амма иза а эцна, махкара ведда да. Нохчийн пустоьпаш тIаьхьакхиина да шен кIантаца Челябинск махкахь вехаш хиларна, цара цигарчу шайн коллегийн гIоьнца схьалехна и шиъ. "Беран синкхетамна чов ца хуьлуш, бирзина барам. Юхьанца дас аьттехьа а ца дуьтура кIант нене дIавалар, делахь а иза кхетийна нийса муха хила деза", - аьлла бовзуьйту "Знак.ком" интернет-хьасто Челябинскерчу пурстоьпийн хьукматан хаам. Iедалан меттигерчу белхахошна а... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

На окружном полуфинале конкурса «Это у нас семейное» Калмыкию представляют четыре семьи


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Уимблдон

Рыбакина призналась, что её жизнь сильно изменилась после победы на Уимблдоне


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

АО «Транснефть – Дружба» подвело итоги деятельности в сфере экологической безопасности





Путин в России и мире
Москва

Кремль: в Москве 22 апреля состоится встреча Путина с Алиевым


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

В Москве арестован на пять суток историк-публицист Сергеев за пост памяти Навального



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Карина Кокс

«Накинулись на нас как голодные собаки на кусок мяса!» Участники шоу «Сокровища императора» обвинили Карину Кокс и Женю Искандарову в беспринципной игре ради победы



Москва

Нагорный заявил, что иностранцы говорили ему о желании участвовать в Играх дружбы

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net