123ru.net
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 19.08.2019

Лачкъийна Хасав-юртан кIоштан вахархо карийна полицехь

Radiomarsho.com 

КIирандинахь муьлш бу ца хуучу наха лачкъийнера Дагестанерчу Хасав-юртан кIоштарчу Теречное эвлан вахархо Исаев Кемран, хаам бо "Кавказ.Реалиино. Цуьнан гергарчара дийцарехь, машенахь вогIу иза сацийна нуьцкъаша дIавигина хилла Советское а, Теречное а эвланашна юкъахь трасси тIехь. ТIаьхьо царна хиина Исаев полицехь хилар. Цунна бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш герз лелор. Болчу хаамца, цу стага бехк шена тIелаьцна. Гергарнаш тешна бу цо иза дина бохучух, полисхоша шена ницкъ бар бахьана долуш. Оршотан... Читать дальше...

Полисхочунна цергаш йоьхкинчу стагана гIуда тоьхна кхело

Radiomarsho.com 

Омскан вахархочунна гIуда тоьхна суьдо, полисхочунна цергаш йохкарна. Цунах лаьцна хаам бо "Омск кхузахь" хаамийн агенталло. Болчу хаамца, 39 шо долу стаг лаьцна хилла кхушара Дечкен-баттан 1-чу дийнахь. Малар мелла ву аьлла ша лаца гIоьртинчу полисхочунна когах цергаш тесна хилла цо. Омск гIалан Кирован кIоштан суьдо бехке лерина иза Iедалан векална ницкъбарна. Цу стаган гIуда тоьхна 20 эзар сом. Товбецан-баттахь иштта полисхочунна цергаш йоьхкина Бурятин вахархо 4 шаранна колони хьажийра суьдо.



7 шо долу Iайша гергарчара нуьцкъаша дIаяьккхина хилла цуьнан ненера

Radiomarsho.com 

Ажигова Iайша гергарчара нуьцкъаша дIаяьккхина хилла ненера. Цунах лаьцна дийцина 7 шо долчу йоIан нанас Евлоева Лидияс "Газета.ру" сайте. Товбецан-баттахь Ажигова вочу хьолехь дарбанан хIусаме ялийнера Несарахь. Цул тIаьхьа сихонца иза дIакхачийра Москох клинике. Лоьраша куьйган дакъа дIадаьккхина цуьнан, йина чевнаш харцахьа йовларна.   ЙоIан дейише Ганиева Макке бехккховдийна, цо беран могашалла леррина галъяккхарна. Талламхоша дийцарехь, йоIана хаддаза етташ хилла цо. Ганиеван версица, нанас шен лаамехь дIаелла хилла цаьрга Iайша... Читать дальше...

Нохчийн зезагашлелорхо

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дуьххьарлера флорист ву Чупалаев ИбрахIим. ТIом бирзинчул тIаьхьа волавелира Чупалаев Соьлж-ГIалахь зезагаш дохка. ТIаьхьо флористика йохка-эцар хилла ца Iаш, цуьнан дахарехь йоцуш цатерг хилира.

Хан-Шейхун гIалана тIелетта Асадан эскарш

Radiomarsho.com 

Шеман къилбаседа малхбузерчу Идлиб провицехь йолчу Хан-Шейхун гIалана тIелетта президентан Асад Башаран эскарш. И гIала оппозицин тIеман тобанийн карахь ю 2014-чу шарахь дуьйна. 2017-чу шарахь Хан-Шейхунехь химин атака йинера, иттаннаш адамаш а дойуш. Дуьненаюкъарчу эксперташа жамI дира дIаьшен тIелатар динарш президентан Асадан эскарш дара аьлла. Iедалан а, оппозицин а хьасташа хаамаш бо, цу гIалахь тIемаш боьлхуш а, бомбанаш етташ кеманаш а хиларх лаьцна. Шеман Iедалан зорбанан гIирсаша оршотан Iуьйранна хаам бира... Читать дальше...

Цхьа стаг вийна, 2 лазийна ГIалгIайчохь 4 машен тӀеттӀакхетта

Radiomarsho.com 

Кхо жима машен а, "КамАЗ" а тӀеттӀакхетта ГIалгIайчохь Соьлжан кIоштахь. "Интерфаксо" бинчу хаамца, иза хилла "Кавказ" федералан некъана тIехь. Болчу хаамца, Toyota Camry машен дуьхьал богIучу некъа тIе а яьлла тIекхетта "КамАЗна". И бахьана долуш киралело машен тIекхетта ВАЗ -21114 а, Hyundai Solaris а шина машенна. Меттигерчу МВД-н векло бинчу хаамца, Hyundai-на хьалха хиина стаг велла. Цунна тIехьа йогIуш хиллачу Toyota-н шофер а, цуьнца чохь хилла некъахо а лазийна. И шиъ дIакхачийна Соьлжарчу дарбанан хIусаме. Читать дальше...



Школашкахь мобилан телефонаш лелорна доза тухур ду Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан дешаран министралло хьахийна школашкахь мобилан телефонаш лелорна доза тоха дезар аьлла. Цу хьокъехь хьехар дина Роспотребнадзоро а, Рособрнадзоро а, Оьрчийчоьнан дешаран академино а, дуьйцуш ду министраллан сайта тIехь. И хьехамаш регионашка хьовзор бу керла дешаран шо доладалале. Царна бухе йиллина ю школашкахь мобилан телефонаш лелоран дуьненаюкъара зеделлачун анализ. Иштта, цу талламашца а догIуш, школехь урок йоьдуш мобилан телефон лелорна доза тоьхча дика хир ду аьлла хеташ бу 61% дешархой а... Читать дальше...

Юккъерчу алапах уггар алсам бензин эца таро йолу регионаш билгалъяьхна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Юккъерчу барамехь алапа оьцучу Нохчийчуьрчу вахархочун аьтто бу цу ахчанах 558 литр АИ-92 бензин эца. Цу гайтамца Нохчийн Республика 76-гIа меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчуьрчу 85 субъектана юкъахь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду РИА Новости агенталло бинчу хаамехь. Цу рейтингехь уггар ледар хьал ду Дагестанехь. Цигарчу бахархошка шайн алапах 514 литр бензин а бен ца эцало. ГIалгIайчохь 40, 45 сом доккху бензин эцало юккъерчу алапах 566 литр. И гайтам гIоле бу Нохчийохь а, кхин йолчу дукхахайолчу Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а болчул а. Читать дальше...

17 шо кхаьчна Ханкалахь Ми-26 Оьрсийчоьнан тIеман беркема чудаийтина

Radiomarsho.com 

Нисса 17 шо даьлла нохчийн тIемалоша Ханкалахь Ми-26 тIеман беркема чудаийтина. Оьрсийчоьнан тIеман авиацехь уггар кIоршамечарах лоруш бу и хилам. 2002-чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь ,тIехь 142 эскархо а, 5 пилот а волуш, Мазлакера гIаьттина беркема нохчийн тIемалоша ПЗРК «Игла» ракета тоьхна чудаийтира Нохчийчуьра оьрсийн коьртачу тIеман базина Ханкалана гергахь сарахь 5 сахьт долуш. Галдаьккхина беркема охьадоьжнера минанаш ехкинчу ара. И бахьана долуш вийра 117 эскархо, кхин а 10 велира хиллачу чевнех тIаьхьо госпиталшкахь. Читать дальше...

Германино мухIажаран статус дIайоккхур ю шаьш схьабевллачу мехкашка цIаоьхучу нахера

Radiomarsho.com 

Германи дагахь ю мухIажаран статус дIаяккха шаьш схьабевллачу пачхьалкхашка цIаоьхучу шайн махкахь тховкIело еллачу нахера. Цунах лаьцна кIирандийнахь Bild am Sonntag газетехь араяьллачу интервьюхь хаам бина Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Зееховер Хорста. Цо дийцарехь, миграцин урхалло сихха юхатоллур ду мухIажаран статус ялар хIора кхечу пачхьалкхера веанчу стеган, иза ша схьаваьллачу махка цIавахана хиларх лаьцна хаахь. Зеехофера иштта дагадаийтина хIора Шемарчу мухIажаран мацца вирзина а цIаверза дезар хиларх лаьцна. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Хабар

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Хабар Хьан хабар кхечира хьастах со волчу "Муха ду-хоьтту ахь, - хIинца вайн цIахь?" ТIеман цу шерашкахь хIоьттинчохь холча, Вайн Нана-ДегIаста йитира ахь. Шовданаш хIинца а хийцанза керча, Уьш моьлуш цергаш а лехий Iа де. Дохк йоцчу хIаваэхь лечарчий кхерста, Йозадеш дахаран жайнешна тIе. Уьш даха хевшинчу мокхазан бердах, ТIулг огуш, кадетташ, йоьдуш ю хан. Миччара?! Эшалур бац мокхаз цуьнга Берд лакхабийларна кIарглур ду Iин. Хууш ду дахар а къийсам буй уьзза... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Волла

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Волла с духарш ца лоьху хьулъеш сайн волла. Со воллех уьдуш ву, сайн ка ма доллу. Дахаран берам чу цо сискал аьтта. И тIеттIа юзуш ю. И чIагIлуш лаьтта. Ча гушшехь, цу ченан лар леха даьлла. Дуьне а хьаьвзина, цуьнах ун даьлла. Адамийн гIилкхаш а текхаргех сетта, Довхачу дегнашна шийла Iаь етташ. Дуьнена-м йиш яра шен некъаш шардан?! Дуьненехь-м хир дара шен унна дарба?! Духаршца гIоьртинарг хьулъян шен волла, Дахаран бакъдерниг шех кхардон воллу. 2012 шо

Хасаров ШаIрани. Ца дина зулмаш тIетоьттуш...

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани *** Ца дина зулмаш тIетоьттуш, Юьртахь гIагI-машенаш хоьхкуш. Дахар я Iожалла кхийдош, Пал туьйсу доьдучу дийно. ДIогахь – ор, башха хIоъ кхетта, Кхузахь - цIий бацалахь детта, Шен цIера дIа а вадийна, Декъаза маьрша стаг вийна. ЦIийбелла, регIаца керчаш, Дашо малх дIабуза гIерта. Яссийна йитинчу кертахь Йоьлхуш цхьа нана ю кIентан. Кханене кхийдачу неха Бохуш и синтемаш гена, Лаьтта и лестадеш деза, Ломахь бен тIом а схьахеза. Ца йина ойланаш йойту, Хиндолчух хилларг а гойту... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. ЖаIуьнан безам

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани ЖаIуьнан безам Стом хилла баьлча шен дитт паргIатдолу. Аренан пусар до хьийкъича кIа. Хаза йоI кхиийна юрт а гIарйолу. Лаьмнашна чекх са го жимдича жа. Аьллий ахь хьайн нене "Шо шаре дер ду"? Дош долчу дашо гIап хиндолчух йо. Йиллина хан кхаьчча хьо ара ер ю – Малхана де санна карор ву со. Хьан боху дахарна жаIуй ца оьшу? Хьан эли аренца ца оьшу нах? Иштачо хьан лерехь эрна йиш лоькху. Иштачо бацбо кху дуьненна мохь. 1973 шо

Хасаров ШаIрани. Ширделла тIулгаш

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Ширделла тIулгаш Цкъа пхьеха лаьттинчохь тап аьлла, тийна, Тидамза Iуьллуш ду ширделла тIулгаш. Ехий и кIай мажош яц хIинца дийна, Хиллачийн когашка хиндерниг гулдан. Воьдучу жимхас уьш ца леци бIаьрга. Хьажа а ца сеци маршалла хатта. Аз доцчу маьхьарца, кхайкхинчохь цаьрга, Шайн маракъевлина тIулгаша латта. Шардеш син лекхий сатийсамийн гунаш, Царна ша диннарг ди дуьнено суна. Текхош шен къахьонаш, марзонаш, хьунаш Некъаш а дехки цо сан дагчухула. Цу тIулгийн дуккха а хир дара дийца... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Кхоллам (КIантана Ризванна)

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Кхоллам (КIантана Ризванна) Хьавззийна, тIехтеси, Iуьйрено тIехтеси, Хьавззийна шен зевнийн гIера, ЗIаьнарша кор дитти, Диканаш тIехIитти, Кхолламаш дIабитичи неха. Амма сан дог лазий, Кху дийно дог лазий, ЦIеххьашха тешнабехк бина, Масане вели цхьаъ Со холча хIоьттина гина?! Мила ву и динарг? Харцонца мотт бинарг? ТIекхаьчча салам луш лелларг? Цуьнах ма лай хили Латийна и сирник Яггал бен доцчу дуьненан?! Iуьйрено лазийна, Дийно дог лазийна, ГIоьмаша куьйгаш сан къуьйлу. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Марша Iойла

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Марша Iойла Со дIавоьду. Марша Iойла! Хаза ду хьо юьссуш цIахь. Хийла некъаш хир ду вайна Цхьаьна дан а дахарехь. Гур ду суна: кIайн дарц хьийзар, Iуьйре йийлар лаьмнашца, БIаьста зезаг беца тийжар Хьан кехатийн хьаьркашца. Ларйийр ю хьо сема цара Хьайн деллачу дашна тIехь. Цхьацца дуьйцуш болчу нахах Дуьне дуьзна доллушехь. Вохвели со хьо схьа хьаьжна. Дагчу кхечи бIаьргийн цIе. Шерийн гунал дехьа ваьлла, Схьадан воьду со вайн де.

Хасаров ШаIрани. ТIеман мукъамаш

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани ТIеман мукъамаш Йоккха топ кхийти сан эвла, Йоккха топ кхийти сан дагах. Йожий цо декъаза сан эвла. Даьккхи цо доккха гар сан дагах: Ца торчу тезето ков дилли. Новкъара сан илли чудиги. Син метта кхийти йоккха топ, Iожаллин кхойкхуш со шуьне. Хиндолчу сан ирсан башха поп Ларбан ца тиги хьо, кIайн дуьне: Даьккхинчу орцано дIадиги Iаьржа маж йитина сан илли. 1995 шо

Хасаров ШаIрани. Лаьмнашка

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Лаьмнашка Олхазар доьдийца совгIатна мас йожош Шун тIулгийн тархаш тIе, лаьмнаш. Акха и акхаро доьдийца чо божош, Ша хедош акха шун Iаннаш.           Ас шоьца хIун дита?           Ас шуна хIун дита?           Тахна шух къаьсташ сайн декхарна? Декъазчу кхолламо ямарчий летийна, ХIетте а даккхийдеш дахарах, Юучу сискална, суна коч-хечина ХIинццалц схьа да-нана дацарна.         Шоьца ас дог дуьту,         Юха ван дош дуьту         Сайна шу, шуна суо иэшарна. КIант волчу цу кIанта... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. "Нускал" (Баллада)

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани "Нускал" (Баллада) Лам боьлхуш бIаьстенан буса Корах чу хьаьжна нурс санна, Лар юьтуш дегнашчухула ДIадаха тапъаьлла тата. Тийналла тIехь Iен га хадош, КIантана езна йоI ялош, Сан дагна дахарца гилгаш. Иштта ду Нохчийчохь гIилкхаш! И нускал ша волччу доссий Яхь йолчу доттагIчо кIентан. Ерриг юрт юьхькIайча хIоттий Нус хилла хьаьвзинчо керта. Нускал цIа дуьгуш, некъ лоьцуш Машенаш ю новкъахь совцуш. Хьан боху лаьмнашкахь лелла БIешерийн гIилкхаш ширделла?! Ловзаргахь ву жима-воккха. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Гуьйре

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Гуьйре Гуьйре, ма е арахь гIовгIа, Ма лекхийта мохе йиш, Йочанашкахь лоьхуш гIовла, Курайохуш сира дохк. Хьоьца къийса тар ца делла, Хьан кех дуьйлу олхазарш. Церан довха бIаьрхиш миэлла Можа гуш ду диттан гIаш. Гуьйре, ма е арахь гIовгIа, Нах чуберзо сих ма луо. Цул а суна иллий хьеха Езначунна дIахазо. Деших тера хьаьрса месаш, Яйн хьоьстуш, мох хьоькхуш ахь, Ека цуьнан зевне эшарш, Ткъа беснеш тIехь лепа малх. Шовда ду и кхуьйсуш цинцаш. Зезаг ду и бацалахь. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

GeekVape в сотрудничестве с Absolute Racing выиграла чемпионат в категории GT3


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Россиянка покинула WTA-1000 из-за проблем со здоровьем


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Татьяна Марчук выпустила альбом «Экопесенки» на лейбле Riki Music





Путин в России и мире
Москва

Мособлдума выступила за присвоение Красноармейску высокого звания


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Киев признал стагнацию ВСУ по всей линии фронта


Навальный в России и мире
Москва

Силовики задержали за сутки пятерых журналистов, часть проходит по делу об «участии в работе ФБК», одного жестоко избили при задержании



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Сергей Рахманинов

В Югре снимут фильм о жизни композитора Рахманинова



Москва

Дептранс: Приостановка Samsung Pay не повлияет на оплату проезда в Московском транспорте

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net