«Чечевица» операци: Берияс нохчий махкахбахарх лаьцна - «Газета.Ru»
75 шо хьалха доладелира нохчий а, гIалгIай а нуьцкъала Кавказера Юккъерчу Азе дIабигар. Нохч-ГIалгIайн АССР олу республика дIаяьккхира. "ЦIен Арми кхоьллина 26 шо кхачар даздеш сакъоьруш ерриг а пачхьалкх а йолуш, вайнах эшелонашна тIелоьхкуш бара, чубухкуш бара вагонашна, дуккха а деношкахь бигира уьш хIун хир ду ца хуучу кхане, Юккъерчу Азерчу адам ца дехачу ло хьакхначу аренашка", - яздо «Газета.Ru» портало, 75 шо хьалха хиллачу вайнехан депортацех лаьцна ша кечйинчу историн онлайн материалехь. Читать дальше...