Iамеркан журналист Колвин Мэри ерна бехке Шемарчу Асадан раж ю аьлла пачхьалкхан департаменто
2012-чу шарахь гоьяьлла тIеман репортер Колвин Мэри ерах жоьпалла Асад Башаран режимна тIехь ду аьлла хета Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментна. Британин The Sunday Times газетан корреспондент лаьттира иза дуккхаъчу шерашкахь. ТIеман конфликташ лаьттачу регионашкара хьал довзийтарна масийттазза профессионалан совгIаташ делира цунна. Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь билгалдаккхарца, 2012-чу шеран Iай Хомс гIалахь йийра Колвин. 2011-чу шарера схьа дуьйна Шемахь байинчу 126 журналисташлахь ю иза. Читать дальше...