Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 10.05.2018

Австралерчу 104 шо долчу Iилманчо шен лаамехь дитина дуьне

Radiomarsho.com 

Австралерчу 104 шо долчу биолого Гуделл Дэвида шен лаамехь дIадерзийна шен дахар Швейцарехь. Иза велла лоруш ву Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь 12 сахьт ах сахьт даьлчхьана аьлла, дIакхайкхийна Exit International вовшахтохараллан директоро Нишке Филиппа. Гуделл Швейцаре веанера эвтанази ян бакъонах пайда эца. Британехь винчу цу Iилманчо дийцара, шен лаамехь дуьне дитарх лаьцна ша ойла еш вара тIаьхьарчу ткъех шарахь, амма эвтаназех лаьцна ойла ян волавелла ша тIаьхьарчу цхьана шарахь, дегIо аьлларг деш ца хиларна, бохуш. Читать дальше...

Бусалбанаш Австрин юкъараллан дакъа хиларх лаьцна дийцира Венехь

Radiomarsho.com 

Венерчу университетехь дIаяьхьира "Европа а, цуьнан бусалба нах а" цIе йолу конференци. Цигахь дакъалоцуш бара университетан профессорш а, исламан вовшахтохараллийн куьйгалхой а. Конференцехь дийцира бусалба нах Австрин юкъараллан дакъа хилла дIахIиттарх лаьцна хаттарш.

Стохка 9,2 миллион сом барамехь пайда хилла Даудовна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада стохка даьккхина 9 миллион 200 эзар сом. Цуьнан зудчо даьккхина 940 эзар сом. Иза гойтуш ю Даудовс йовзийтина шена 2017-чу шарахь хиллачу пайданах лаьцна деклараци, хаам бо Кавказ.Реалиино. 2016-чу шарахь Даудовна хилла пайда бара 6,5 миллион сом барамехь. Хьалха санна долахь кхин хIусамаш яц цуьнан (цIа а, латтан дакъа а ханна лелош ду). ТIаьхьарчу шарахь Даудовс эцна Mercedes-Benz AMG 63 машен. Цуьнан базарахь болу мах бу 7 миллион гергга сом.



Сыромолотов: Виъ эзар Оьрсийчоьнан махкахо ву Шемахь тIом беш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан 4 эзар сов махкахо ву Шемахь "экстремистийн тобанашкахь" тоIм беш, хаам бина арахьарчу гIуллакхийн министралло. Цунах лаьцна яздо ТАСС агенталло. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Сыромолотов Олега бинчу хаамца, 3 эзар Оьрсийчуьрчу вахархочунна дуьхьал долийна ду бехктакхаман гIуллакхаш. 3 эзар 700 стаг лехаме велла Оьрсийчоьнан Iедало. Сыромолотовс чIагIдарехь, "экстремисташ Оьрсийчу цIа берза лууш бац, цIахь шайна "луьра а, бакъ долу а таIзар" дийр дуй хууш.

Twitter-хь шен адрес хийцина Iамеркан Израилерчу векалалло

Radiomarsho.com 

Iамеркан Израилехь йолчу дипломатин миссино шен Twitter-хь долу адрес хийцина, Тел-Авивера Къудсе векалалла дехьайоккхуш хилар гойтуш. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан дипломаташа. "Iамеркан векалаллан агIоан цIе хийцина @USEmbassyJerusalem" аьлла", -  яздина цара. Iамеркан президенто Трамп Доналда стохка, 2017-чу шарахь, ГIура-беттан 6-хь, леррина дIахьедар дира, Къудс (Иерусалим) Израилан коьрта гIала хилар даре дарх лаьцна. Цо омра дира гергарчу хенахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Тел-Авивера векалалла цига дехьаяккха аьлла.

Кхиазхой митингашна юкъаийзорна таIзар дийр ду Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Цхьааллин Оьрсийчоь партин депутаташа Пачхьалкхан Думе кховдийна кхиазхой Iедалша магийна йоцчу митингашна юкъаийзорах лаьцна низаман проект. И низам дохийначу нахана я гIуда тухур ду 500 эзар соьме кхаччал, я чубухкур бу, 15 де ха а тоьхна. Чиллан-баттахь Путин Владимира декхарелахь йира чоьхьарчу гIуллакхийн министралла, кегийрхой магийна йоцучу акцешна юкъаийзо гIертачу тобанаша лелош дерг "хаддош сацаде", ткъа церан куьйгалхой жоьпе ийзабе аьлла. Кху беттан 5-чохь Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу парламенто кечйинчу проектан мах хадийна Госдумехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламенто кечйина Оьрсийчоьнан президентан даржехь йокккху хан яхъярца доьзначу низаман проектан мах хадийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь, хаам бо РИА Новости агенталло. Цхьана стеган бакъо хила еза, юкъах а ца волуш, кхузза президент хила аьлла, Конституцина тIехь хийцам барх доьзна хаттар дерриг къам реза хилар оьшуш ду, боху Пачхьалкхан Думан конституцица доьзначу низамашкахула а, пачхьалкхан кеп хIотторехула а комитетан куьйгалхочуьнан когаметто Емельянов Михаила.   "Суна хетарехь... Читать дальше...

Iамерке дӀакхачийна Къилбаседа Корейно дIахецна кхо Iамеркахо

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Корейхь маьршаваьккхина кхо Iамеркахо тIехь волу Iамеркан пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан кема охьахиъна Мэриленд штатерчу Эндрюс тIеман-хIаваан базехь. Царна духьал вахана вара Iамеркан президент Трамп Доналд. КIайн ЦIен зорбанан сервисо бинчу хаамца, маьршабаьхна Iамеркахой  лоьрашка гIо дайта эшахь а  аьлла дIабигна Мэрилендерчу Къоман тIеман-медицинан центре. Къилбаседа Корейхь маьршабаьхнарш берш а корейхойн къомах бу. Уьш болх беш хилла Пхеньянерчу Iилманан а, технлогийн а университетехь.

МухIажирийн доьзалш вовшахкхетарх лаьцна низам тIеоьцуш ду Германехь

Radiomarsho.com 

Германин Iедалша кечйина цу пачхьалкхехь дозатоьхна тховкIело еллачу мухIажирийн доьзалш вовшахкхетарх лаьцначу низаман проект. Цунах лаьцна хаам бо Deutsche Welle зорбанан гIирсо. Нагахь и документ къобулдахь, 2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна мухIажирашна бакъо лур ю шайн хIусамдай а, хIусамнаной а, бераш а Германе дIакхайкха. Да-нана дIакхайкха бакъо хир ю цу махкахь мухIажиран статус йолчу кхиазхойн а. ХIора баттахь Германино тIеоьцур ву цу низамца цу махка вогIуш волу цхьа эзар стаг. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Результаты забега на 5 км на Московском полумарафоне. Аплачкина и Голоктионов установили рекорды соревнований


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Поведение Путина вызвало резонанс, потерянные в 90–е заводы возвращаются РФ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Концерт

Концерт «Стихи войны и мира. Баллада о своих»



Москва

Многокилометровая пробка на М-11: массовое ДТП под Петербургом спровоцировало мощный затор

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net