Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 30.05.2018

"Вийна" Бабченко дийна ву

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан журналист Бабченко Аркадий вийна ца хилла шинаридийнахь - Украинан къайлахчу сервисийн (СБУ) лерина операци хилла дIаяьхьнарг, хаамбо урхаллан куьйгалхочо Грицак Василийс. Цо ма дийццара, СБУ-га информаци кхаьчна хилла, Бабченкона кIело кечъеш ю аьлла, ткъа кхеран урхалло юхатоьхна зулам. Иштта дIакхайкхийна, журналистна теракт дан кечамбеш хилларг а шеконашца лаьцна аьлла. СБУ-н пресс-брифингехь журналисташна хьалха гучуваьлла Бабченко ша а, яздо ТАСС агенталло.

Венедиктов: Бабченко вер нохчашна хьашт дара

Radiomarsho.com 

Оьрсийн журналист вен хьашто нохчийн хилла хила тарло аьлла "Эхо Москвы" радиостанцин коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс, хаамбо "Lenta.ru-н" хаамех пайда а эцна "ДС" гIирсо. Венедиктовс бахарехь, Бабченко дагахь дерг дIаолуш а, шен мостагIий а, доттагIий а къасто ца хууш а стаг вара. "Шен лаамехь  Нохчийчу вахана, тIемаш бина ву иза. Украинехь тIом иккхича украинхошкахьа а ваьлла, церан эскархошлахь лаьттина а ву иза". – аьлла цо. Иштта цу шина а тIемашкахь Бабченкон мостагIий хилла бу нохчий аьлла Венедиктовс. Читать дальше...



Юхкучу хIусамийн мехаш лахара хиларца билгалъяьлла Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Юхкуш уггар еза а, йорах а петарш йолу регионаш билгалъяьхна. Мехаш лакхара хиларца къастийначарлахь ю ГIирма- 115 эзар сом цхьана еакIов метарх. ШолгIачу меттигехь лерина Ямало-Ненецкан кIошт – 90 эзар сом еакIов метарх. Приморскан кIошто дIалаьцна кхоалгIа могIа – 80 эзар сом. Мехаш лахара хиларца хьалхарчу меттигехь ю Нохчийчоь – 30 эзар сом бу еакIов метар петаран мах. Дагестано дIалоцу шолгIа меттиг – 31 эзар сом. КхозлагIачу могIарехь дIатаръелла ГIебарта-Балкхаройчоь -32 эзар сом.

Иракъехь чубоьхкина Оьрсийчоьнан бахархой дIасахийца тарло

Radiomarsho.com 

Чубоьхкинарш дIасахуьйцуш, дийцарш долийна аьлла, хаамбина Иракъан Москохарчу векало. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъехь лаьттина аьлла, Иракъан кхело белла дIабовллалц набахтехь яккха хан кхайкхийна Нохчийчьура а, Дагестанера а зударий Оьрсийчу цIаберзо таро лур ю оцу бертан дийцарша. Кхелан сацамашна дуьхьал аьрзнаш яздеш, шайн зудабераш Iалашдан гIерта церан гергарнаш. ТIамехь дакъалаьцна дац цара, уьш шайн бераш лелош, чохь Iийна бу бохуш, чIагIдо цара. "Бертан кехаташна куьйгашяздан дезар ду цкъачунна дуьйцуш. Читать дальше...

"ХIун а хилла латтахь а, оха шу дIакъовлур ду"

Radiomarsho.com 

Бзаров Аслан Къона зуда-майра гIерта шаьш хIуманна а бехке доцийла, наркотикашна шаьшшиъ гена дуйла Iедална дIагайта Бусалба дине вирзинчу оьрсичуьнца Попов Михаилца гIалгIачо Хамхоева Хадижас маре дира шо совъоьккхуш хьалха. Амма цхьаьна Iойла ца хилла церан массех кIиранах бен, йисина хан яьккхина БуьритIерачу талламан изоляторехь. Наркотикаш лелорна жоьпе озийна и шиъ. Михаила а, Хадижас а, церан гергарчара а тоьшалла до ницкъхоша кхоьссина царна зуламе коьчал, бохуш. Шо ду таллам болийна. Читать дальше...

Керлачу шеран база ягийначу кегийрхошна кхел йина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Керлачу шеран базах цIетаса гIоьртинчу ГIалгIайчоьнан кхаа вахархочунна арахь яккха хенаш тоьхна. Стохка Малгобекехь хIоттийначу базана тIе бензин а доьттина, цунах цIе а тесна, бовда гIоьртинера и кегийнах. Полисхойн лаца ка яьллера уьш. Хье ца луш кхаьчначу орцано цIе дIаяйинера. ЦIетесначу  кхаа стагах бехк хьарчийна, арахь даккхийта цхьацца шераш хенаш кхайкхийна царна.

Журналист Бабченко вер Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла Украинан Iедало

Radiomarsho.com 

Оьрсийн журналист Бабченко Аркадий Киевехь вер Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла Украинан премьер-министро Гройсман Владимира. Цуьнан "бакъонца леларна а, ша аьллачунна тIера ца валарна а" геч ца дина Москох болчара аьлла хета Гройсманна. "Оьрсийчоьнан агрессех дуьнене бакъдерг дуьйцуш хилла, Украинан бакъволу доттагI вара иза", - яздина премьер-министро шен фейсбукехь. ТIаьххьара Бабченкос шен социалан машанехь динчу йозан скриншот яьккхина, дIаоьллина цо шен хаамца цхьана. Бабченкос дагалоьцу шен постехь... Читать дальше...

Шайна тIекхоьллина экстремизман цIе дIаяккха гIерта пIаьнказхой

Radiomarsho.com 

Дукха хан яц кистой бехачу ПIаьнказ чIожехь нохчийн гIаттамхошна дуьхьала тIеман операцеш дIаяьхьна. Цу оьвлара Шема а, Иракъе а оьху кегийрхой бахьана долуш, тIаьхьарчу шерашкахь тидаме эцна Iедалхоша и юрт. Цундела саготта болу ПIаьнказара бахархой ма хуьллу шайна тIекхоьллин радикализман цIе яйа гIерта.

ГIалгIайчоьнна 50 миллионна зен хилла мехкадаьтта дIа а ихна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь мехкадаьтта дIа а ихна 50 миллион соьмана зен хилла. Республикан Малгобекан аренашкахь хилла и экологин катастрофа, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано. Йоьхначу турбанашчухула дIаихна мехкадаьтта. ХIаллакдийна иштта ялта дIадеран латтанаш а. Ницкъаллийн структураша административан гIуллакх диллина, Оьрсийчоьнан латтанан низам дохорна дуьхьал.

Шемара батальон юхайирзина Нохчийчу

Radiomarsho.com 

ТIеман полицин батальон Шемара Нохчийчу юхаеана. Масех баттахь шайна тIедехкина лерина декхарш кхочушдира полисхоша, хааме даьккхина "ЦIен седа" ("Красная звезда") хаамийн гIирсо. Оьрсийчоьнан тIеман полицин Коьртачу урхаллан куьйгалхочун гIовса, инарла-майора Кох Виталийс дIахьедина: "Уггар ладаме дерг, декхарш кхиамца кхочушдина ца Iаш, шайлахь эшам а боцуш и батальон юхаерзар ду", аьлла. 250 тIеман полисхочунна совгIаташ дина Шемара юхабирзича.

ХIунда дIахадийна бусалбачийн юкъараллах Евкуров

Radiomarsho.com 

Республикан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек бусалба юкъараллах дIахадийна. Иза бехке вира, махкарчу динан урхаллана гIело ярца. ГIалгIайчоьнан Iедало муфтият бехкейина халкъан барт эгIо гIортарна, цара кхойкху бахархой провокацин кхайкхамашка ла ца дийгIаре.

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Антонио Вивальди

«Вивальди. Времена Года. Шнитке. Кончерто Гроссо»: концерт в старинном соборе при поддержке Relax FM



Москва

Подмосковный проект цифровой трансформации сферы энергетики признан лучшим в РФ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net