Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 08.05.2018

"Паччахьна" резабоцурш - кхеле

Radiomarsho.com 

Перевозчиков Валерий   Юха а лоьцуш протестхой а болуш хиина Путин дарже 2000, 2012, 2014, 2018-чу шерийн Стигалкъекъа-беттан 7 -чу деношкахь таж техкина Путин Владимирна президентан дарже хаош. ТIаьххьара ши барам дIабахна Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкахь протесташ а лаьтташ, полицино гуламхошна етта а етташ. Оппозицино "Миллионийн марш" хIоттийра Москох 2012-чу шарахь. Iедало, иза дIаяхьа ша магийна хиллехь а, етта йолийра нахана Болотная майдана, гулам хIуттуче уьш дIа ма кхеччи. Ткъеха стаг лазийра, массийтта бIе лецира. Читать дальше...

Путин Владимир – доьазза президент

Radiomarsho.com 

Оцу юкъанна хийцина пачхьалкхан куьйгалхочунна даржехь яккха луш йолу хан - 6 шо. Дац Путинан амалехь шен инаугураце кхечу мехкийн лидерш кхойкхуш а. Амма алссам гулло Кремлерчу бараме цуьнан куьйга кIелхьарчу урхаллийн, регионийн куьйгалхой.

Донбассерчу тIамехь 3 эзар гергга стаг вийна Украинан

Radiomarsho.com 

Донбассехь тIеман операци йолийчхьана Украинан ницкъашлахь байинчийн терахь кхо эзар кхо бIе стаге хьаладаьлла. "Обозреватель" хаамийн гIирсана еллачу интервьюхь тIеман министро Полторак Степана далийна и терахьаш. Министро бахарехь, цхьа эзар гергга стаг царех тIамехь велла бац. Байначу беттан чакхенехь Украинан тIеман коьртачу прокуроро Матиос Анатолийс дIахьедира, 2014-чу шарахь операци йолийчхьана Донбассехь вийнарг кхо эзар гергга тIемало ву, лазийнарг 8, 6 эзар ву аьлла. Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин зерашца... Читать дальше...



Пашинян Эрмалойчоьнан премьер-министр хаьржина

Radiomarsho.com 

59 кхаж шегахь а, 42 дуьхьал а болуш, Эрмалойчоьнан премьер-министр хаьржина пачхьалкхан Къоман Гуламо халкъан протестан "Елк" фракцин лидер Пашинян Никол. Бакхийберца тIеэцна и хаам Республикан Майданахь лаьттачу гуламхоша.

Прагерчу маршалан Коневн хIолламна тIе басар доьттина

Radiomarsho.com 

Оршотан буса Советан Союзан маршалан Конев Иванан Прагерчу хIолламна тIе басар доьттина муьлш бу цахуучу наха. Маршо Радион корреспонденто бина и хаам. Чехийн маттахь куьйгаяздина йоза дитина "Цкъа а герз тоьхна воцург" ("Ten, ktery nikdy nevystřelil") аьлла. 1945-чу шарахь Прага маьршайоккхуш куьйгалла динарг Конев ву аьлла дуьйцу Советан истриографехь. Ткъа кху заман историкаша, Коневс урхалла ден 1-ра Украинан фронтан эскарш Прага паргIатъяьккхинчул тIаьхьа чудеана лору. ШолгIа дуьненаюкъара тIом боьрзучу заманчохь... Читать дальше...

"Iожалла йоцу полк" вовшахтухуш ю Соьлжа-гIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIалахь вовшахтухучу "Iожалла йоцу полк" акцехь кху шара дакъалоцур ду 10 эзар стага. Шахьаран коьртачу урамашкахула – Путинан а, Кадыровн а проспекташкахула чекхбевр бу бахархой "10 эзар декъашхо хир ву аьлла хета тхуна, амма дахначу шерашкахь гайтаре терра, дуккха а сов нах бовлу цу акцехь дакъалаца лууш. ХIора денна телефонаш етта тхоьга оцу боламе бахкалуучара", - аьлла, хаамбина ТАСС агенталле кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалхочо Ибрагимов Iийсас. Толаман дийнахь Оьрсийчохь а... Читать дальше...

Эрмалойчоьнан керла премьер-министр ву

Radiomarsho.com 

Эрмалойчоьнан Къоман собранехь 42 кхожахо дуьхьал а волуш, 59-ммо цхьабоса куьйгаш а айдеш премьер-министр хаьржина  протестхойн боламан хьалханча Пашинян Никола. Цуьнан кандидатура тIечIагIйира "Елк", "Царукян", "Дашнакцутюн" фракцеша, иштта цхьа могIа Эрмалойчуьрчу Республиканхойн партин депутаташа а. Премьеран дарже вогIучу Пашинянна 105 стаг хаалучу эрмалойн парламентерчу 53 депутатан кхаж оьшура. Дуьххьара Пашинянан аьтто ца хилира тоъал кхаьжнаш гулдан, карарчу беттан хьалхарчу дийнахь цуьнгахьа кхаьжнаш теснера 45 депутато... Читать дальше...

Нохчийчохь медицина кхиор ю Испанин говзанчаша

Radiomarsho.com 

Испанин "Айваскуларан" а, "Раймед-группан" а компанийн векалшца цхьанакхетар хилла Нохчийчуьрчу могушаллин министран Сулейманов Эльханан а, мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочун гIовсан Хакимов Хьасанан а Барселонехь, хаамбо "Нохчийчоь Тахана" агенталло. Шина а агIоно бартбина Нохчийчохь инвестицийн проекташ йоло. Церан Iалашо ю Соьлжа-гIалахь дарбан материлаш а, лабараторешкахь анализаш эца таро луш болу а гIирсаш арахоьцу завод схьаелла.



Кхелахоша шегара дIаяьккхина тапча юхайоьху нохчийн бизнесхочо

Radiomarsho.com 

Москохарчу отелехь кхийсинчул тIаьхьа шегара кхелан сацамца дIаяьккхина, совгIатна елла хилла тапча юхаялар дехна бизнесхочо Джабраилов Iумара. МоскохарчуТверскан кхелан пресс-секретара Дзюрко Анастасияс бина и хаам "Керланаш" агенатлле. "Герз лело а, латто а бакъо хиларх дехар-кехат кхаьчна кхеле", - аьлла секретара. Нохчийчоьнан цIарах сенатор хиллачу Джабраилов Iумара тапча кхийсинера стохка аьхка Москох Four Seasons хьешан хIусамехь, кокаин олучу наркотиках кхетта а волуш аьлла,  яздинера Маршо Радионо. Читать дальше...

Путин президент вуьсур аьлла дIакхайкхийначу астрологна гIуда тоьхна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан харжамийн компани йоьдучу хенахь, оцу харжамашкахь толам хьангахь хир бу Iорадоккхуш прогноз зорбане яккхарна Приморскан кIоштахь "Роскомнадзоро" гIуда хьарчийна астрологах Ремпель Александрах. Шен йозанашкахь цо яздинера, 2018-чу шарахь Путин Владимир хирг хиларх Оьрсийчоьнан президент. PrimaMedia агенталло яздарехь, Ремпелан социалан машанерчу агIон тIехь а, "Джентри" газетехь а зорбане баьккхинера и хаам. Шена гIуда тохарх астролога дийцина Фейсбукерчу шен пена тIехь. Цо бахарехь... Читать дальше...

Сиржа-эвлахь заьIап берашна реабилитацин центр йина яьлла

Radiomarsho.com 

100 инвалидна-берана дарба латто аьтто а болуш, лерина реабилитацин центр йина яьлла Сиржа-эвлахь. Стохка гурахь йолийнера иза хьалаян. Интернатан хIусаман кепехь, бераш шайн дайшца-наношца хила йиш а йолуш ю и центр. Иштта торо хир ю, дийнахь дарбан, реабилитацин курс чекх а йоккхуш, сарахь шайн доьзалш цIа бига а. Масех блок ю оцу хIусамна юкъа йогIуш: медблок, стационар, реабилитацин блок. Иштта ловзарийн чоьнаш а ю, гидромассаж еш бассейн а. Сиржа-Эвлахь схьайиллинцу центро белхан меттиг лур ю 200 вахархочунна. Читать дальше...

Нохчийчохь ненах дIатоьхна 8 шо долу йоI

Radiomarsho.com 

Шен йоI шех схьатохар доьхуш, Нохчийчоьнан прокуратуре арз динера меттигерчу нанас. Талламаша гучудаьккхина, и йоI дуьненчу яьллачу дийнахь дуьйна шен нанас лелош хиллийла. Бутт хьалха зудчун хиллачу марзхоша шайга йигинера йоI, цул тIаьхьа юхаяло дуьхьал а хуьлуш. Бутт сов зама хиллера йоI школе ца оьху а. Цул совнаха, документаш тIехь оцу йоьIан да билггал кхеран стаг ву аьлла, билгалдаьккхина а ца хилла. Куьрчалан кIоштан полисхой а, прокуратурна белхахой а, берашна тIехь Iуналла латто органаш а орцах а бевлла... Читать дальше...

Хасу-юьртара базар дIаяккхарх йист ца яьлла гIалин куьйгалхошца цхьанакхетар хилча а

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь Хасу-юьртара йохка-эцаран базар дIахьакхарна дуьхьалбевллачу тобанхошца цхьанакхетар хилла меттигерчу администрацин куьйгалхойн. Амма ша проблемех йист яьккхина яц хIинца а. "Администрацин гIовсаша итт стаг тIеэцнера тахана. "Некъа тIехь мах беш дита тхо" доцург, кхи цаьргара хезаш хIуммаъ дац", - аьлла, яздо "Дагестанан кегийрхой" газетано, Хасу-Юьртан администрацин пресс-гIуллакххошна тIе а тевжаш. ГIалин Iедалша рагIуш дIахьакхар цIеяларан кхерамашца а, адамийн бакъонаш Iалашъярхьама... Читать дальше...

Каирехь лачкъийна бигина дагестанхой латто меттиг евзина

Radiomarsho.com 

Каирехь лачкъийна бигина 18 дагестанхой "Матар Кадим" аэропортан декъа тIехь карийна. Лачкъийначех цхьаннан гергарчо Байсултанов Гусейна бина и хаам. "Шира аэропорт ю иза. Цу чохь жавазат ю (паспортан бюро), циггахь ду депортацин дакъа а", - аьлла Байсултановс. Мисарара кху бIаьста Оьрсийчоьне схьавеллачу Хьасан цIе йолчу стага дийцина оцу аэропортах. Ишта Хьасана тIечIагIдина, оцу депортацин набахтехь шен берашца а, хиллачу мардеца Алигаджиев Асанца а, кхечу лецначаьрца а 31 шо долу Байсултанова Сакинат а яра аьлла. Читать дальше...

Шемарчу гIаттамхоша дохийна аьлла хета кема

Radiomarsho.com 

Оршотан буса Оьрсийчоьнан Ка-52 "Аллигатор" кема доьхна Шемахь. Ший а пилот велла аьлла, хаамбо "Коммерсанто". Газетан неофициалан информацица Шеман Малхбалерчу террриторешка хьовсучу хенахь дохийна хилла кема, радикалан исламхоша герзаш диттина. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалехь дIахьедарца, техникан бахьанашца доьжна хила а тарло кема. 2016-чу шеран бIаьста Шемахь тIом болабелчхьана ворхIолгIа кема ду доьхнарг.

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Пётр Чайковский

В Воткинске 7 мая отметят День рождения Петра Чайковского



Москва

РИА «Новости»: брата арестованного Курбонова ранее привлекали за хулиганство

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net