Twitter-хь шен адрес хийцина Iамеркан Израилерчу векалалло
"Iамеркан векалаллан агIоан цIе хийцина @USEmbassyJerusalem" аьлла", - яздина цара.
Iамеркан президенто Трамп Доналда стохка, 2017-чу шарахь, ГIура-беттан 6-хь, леррина дIахьедар дира, Къудс (Иерусалим) Израилан коьрта гIала хилар даре дарх лаьцна. Цо омра дира гергарчу хенахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Тел-Авивера векалалла цига дехьаяккха аьлла.
