Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 26.03.2018

ЦIе дIаяйина Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь тIекъалдинчу цIанан тховх цIе ялар бахьана долуш вийна а, лазийна а стаг вац, хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу цIеяйархошна тIе а тевжаш. Сарахь 7 сахьт 47 минот яьлча цIе дIаяйина. Болчу хаамца, яьгна техникан хьашташ кхочуш дон чоьнаш а, тхов а. Адамийн петаршна тIе ца кхаьчна цIе. Карарчу хенахь бохам хилла меттиг гоне лаьцна ю. Цигахь болх беш бу цIеяйархой а, орцанхой а. Циггахь лаьтташ ю лоьрийн масийтта машен а.

Шийтта гIат йолу цIа ду догуш Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь догуш ду 12 гIат йолу цIа. Чуьра бахархой арабаьхна. ЦIеяйархой бу болх беш. Адамашна юккъахь дараш ду дац цкъачунна хууш дац. Догуш долу цIа ду Нохчийчохь уггаре а йоккхачу Гранд-парк олучу самукъадаккхаран центрана 20 метр уллохь.



Iамерко аравоккхуш ву Оьрсийчоьнан 60 дипломат

Radiomarsho.com 

Цхьаьнатоьхначу Штаташа сацам бина Оьрсийчоьнан 60 дипломат араваккха а, Сиэттлера Оьрсийчоьнан инарлин консулство дIакъовла а. Иштта жоп делла Вашингтоно, Оьрсийчоьнан Коьртачу Талламан урхаллан (ГРУ) эпсар хиллачу Скрипаль Сергейна Британехь дIаьвшен тIелатар дарна. Хьалхо хаам бинера Германера арвоккхуш хиларх альцна Оьрсийчоьнан 4 дипломат. И нах юкъахьакхабелла хила мега Скрипаль Сергейна дIаьвшен тIелатар дарна аьлла шеко ю немцойн Iедалан.

Оьрсийчоьнан 4 дипломат араваккха сацам бина Германино

Radiomarsho.com 

Германера арвоккхуш ву Оьрсийчоьнан 4 дипломат. И нах юкъахьакхабелла хила мега Англехь Оьрсийчоьнан ГРУ-н эпсар шиллачу Скрипаль Сергейна дIаьвшен тIелатар дарна аьлла, шеко ю немцойн Iедалан. Цунах лаьцна хаам бина оршотан дийнахь Зюйд Дойче Цайтунг (Sueddeutsche Zeitung) газето. ТIаьхьо Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло тIечIагIбина и хаам.

Оьрсийчоьнан шпион лаьцна Полшехь

Radiomarsho.com 

Полшин чоьхьарчу кхерамазаллин агенталло шайн махкахо шпион лаьцна Оьрсийчоьнна болх беш хилла. Цунах лаьцна хаам бина лерринчу сервисийн балхана урхалла дечу министран зорбанан секретаро Жарын Станислава. Цо дийцарехь, Марек В. цIарца вуьйцуш волу и стаг хилла энергетикан проекташ жоьпаллехь латточу даржехь. Оьрсийчоьнна информаци дIаелла цо "Северный поток 2" газан биргIа ца яьйта Варшаво йохур йолчу гIулчашца йоьзна йолу. Полша дуьхьал ю, Украина а, Полша а юьтуш, хIорда бухула Оьрсийчуьра Германе йоьду и биргIа тасарна. Читать дальше...

"Шашлык-Машлык" фестивал хир ю юха а Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

ШолгIа дуьненаюкъара шашлыкан фестивал хир ю Соьлж-ГIалахь Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь. Хууш ма хиллара, цуьнан цIе ю "Шашлык-Машлык" олу дуьненаюкъара туризман а, жигара садаIаран а фестивал. КIегаш тIехь жижиг даттарал сов «Грозный-ситехь» Зезагийн паркехь хир йолчу фестивалехь кхача кечбаран говзалла гойтур ю кхачанчаша, иштта уьш къовсалур бу цхьацца даарш деш а.    Хьалхара «Шашлык-Машлык» фестивал хилира Соьлж-ГIалахь стохка Оханан- беттан 22-чу дийнахь. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчура а... Читать дальше...

Москох дарбанан цIийнехь велла Мавроди Сергей

Radiomarsho.com 

Москох Боткинан цIарахчу дарбанан цIийнехь велла «МММ» финансийн пирамида кхоьллина Мавроди Сергей. Цуьнан дара 62 шо. «МК» газето яздарехь, кIирандийнахь автобус социйлера кхачийнера иза дарбанан цIийне. Дог лазадаьлла ше, бохуш хиллера иза. Лоьраш кхайкхинера ларамаза тIехволучу стага. Мавродина дарба дан аьтто ца баьлла лоьрийн. Оршотан дийнахь иза велла. 90-чу шерашкахь Мавродис кхоьллинера 10-15 миллион Iехавелла йолу «МММ» олу финансийн пирамида. Цу кепара бозбунчалла лелорна и стаг чувоьллира, 4 шо ах шо хан а тоьхна. Читать дальше...



Соьлж- ГIаларчу «Лента» туькана хьалха юха а бухахевшина Iа полисхой

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу «Лента» супермаркетана хьалха юха а дIахIиттина полисхой. Уьш къелхевшина бу цу туькана малар эца богIучу нохчийн къомаъх болчу нахана. Корта бахо малар а эцна арабевллачаьргара иза циггахь дIадоккху. Кхерамаш а туьйсу полисхоша эцархошна, баттахь орчохь валлор ву бохуш. Цхьа бутт хьалха полицин белхахоша «Лентана» бина го баьстинера, федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахоша шайца буй-тIарий динчул тIаьха. Хаамийн гIирсашкахь цунах лаьцна хаамаш баьржинчул тIаьхьа юха а дIахIиттина полисхой.

ЧIир кхобуш хиллачу шина тайпанара нахана маслаIат карийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ЧIир кхобуш хиллачу шина тайпана маслаIат карийна ГIалгIайчохь. Церан луралла дахделлера 8 шарахь, хаам бо Интерфаксо. ЧIирхой куьйгабахийтарехь дакъалоцуш вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а, диндай а, ткъа иштта 300 сов стаг а. 2009-чу шарахь дов даьлчул тIаьхьа цу шина агIора вийнера 5 стаг.

The Times: Скрипала а, цуьнан йоIа а шаьшшина дIовш долучу дийнахь дIаяйина хилла GPS

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан эскаран коьртачу штабан Коьртачу Талламан Урхаллан (ГРУ) эпсар хиллачу Скрипаль Сергейс а, цуьнан йоIа Юлияс а GPS дIяйина хилла 4 сохьтана шайн мобилан телефонашна тIехь, кхетамчуьра даьлла Британерчу Солсбери гIалин юккъехь гIанта тIехь и шиъ кароле хьалха. Цунах лаьцна хаам бина The Times газето, шен хьастана тIе а тевжаш. Газето дуьйцу, цу гIуллакхо аьтто бина хила мега Скрипалан а, цуьнан йоIан а къайлаха цхьаьнакхетар дIадахьа. Иза хIун меттиг хилла цкъачунна хууш дац. Скотланд-Ярдана комментари ян ца лиина цу хьокъехь... Читать дальше...

Кемеровохь 53 стаг велла туьканахь цIе ялар бахьана долуш

Radiomarsho.com 

Кемеровохь "Зимняя вишня" махбаран а, садаIаран комплексехь цIе ялар бахьана долуш велла 53 стаг. Царна юкъахь бераш ду. 11 стаг карош вац. Цунах лаьцна хааам бина ТАСС агенталло. ЦIе дIаяйина. Иза яларан бахьана цкъачунна хууш дац. Талламхоша лаьцна 4 стаг, шайна юкъахь цу центран долахо Судденок Надежда а йолуш. Тешаш дийцарехь, цIе яларан сигнало болх ца бина.

Австралера Британе - 17 сохьтехь

Radiomarsho.com 

Исторехь дуьххьара Австралера Британерчу Лондонан ХIитроу аэропорте, охьа а ца хууш, рейс йина кемано. Qantas Airlines компанин лайнеро бина 14 500 километр некъ 17 сохьтехь. И рейс йина Boeing 787-9 Dreamliner кемано. Цо нисса ах кIезиг мехкадаьтта дойу Boeing 747 дойучулла а.   Boeing 787-9 Dreamliner кема новкъа далале вистхуьлуш Qantas Airlines авиакомпанин куьйгалхочо Джойс Алана дIахьедар дина, керла рейс керла хьал кхуллуш ю аьлла. Цо дагадаийтина и компани кхуллуш Австралера кеманахь Британе кхача 4 де оьшуш хилла хилар а... Читать дальше...

Iамеркехь велла Гелисханов Руслан

Radiomarsho.com 

Iамеркехь велла Маршо Радио, Маьрша Европа радиостанцин куьйгалхойх хилла волу Гелисханов Руслан. Иза Маршо Радио корпорацехь болх беш вара 1974-чу шарахь дуьйна, цкъа дуьххьара Мюнхенехь, цул тIаьхьа ПрахIехь. Дуккха а шерашкахь Гелисханов Руслан вара Маршо Радион Оьрсийн сервисан продюссер а, 2012-чу шарахь цхьана юькъана цу сервисан директоран декхарш кхочуш дирийг а. Гелисханов Руслан вара Маршо Радио радиокорпораци кхоьллинчхьана цигахь болх беш хиллачу ветеранан Гелисханов ИбраьхIиман кIант в. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Московские школьники стали победителями всероссийской олимпиады по математике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Эстрада

Смешарики и «Академия Эстрада Тинс» выпустили трек «Попурри»



Москва

Вильфанд сделал прогноз на майские: готовьте купальники, уже можно загорать

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net