Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 07.03.2018

Зудабераш шахматех левзира Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь шуьйра даздечу зударийн денна хьажийна шахматийн турнир хилла Соьлж-ГIалахь. Ткъех зудабер дара дакъалоцуш. ГIалгIайчура еана а яра 2 шахматхо.

Францехь бусалбанашна дIалур ю керстан католикийн килсаш

Radiomarsho.com 

Францин динашкахула йолчу министралло деа шаранна лерина программа тIеэцна, керстан католикийн килсаш гIалийн бусалба юкъараллашна дIаяларца йоьзна. Цунах лаьцна хаам бина «Панорама» хаамийн агенталло. Ерриг а имамийн Iуналле дIалур ю 52 гIишло. Программа кхочуш ян йолор йолуш ю кхушеран Стигалкъекъа-баттахь дуьйна. ТIаьххьара килс дIалур ю бусалбан нахе 2022-чу шарахь Лахьан-баттахь.

Нохчийн тобан дов хоттуш ду Венехь

Radiomarsho.com 

Даханчу шарахь ХIоллабрунн гIалахь пиццерия эккхийтарна бехке беш болчу нохчийн дов хатта долийна Венерчу кхелехь. Прокуратурано чIагIдарехь, иттех стагах лаьттачу тобано пиццериян долахочуьнца берта а бахана, цуьнан кафе эккхийтинера. Даханчу шеран Зазадоккху-баттахь цара цIетассар бахьана долуш пиццерияна гонахьарчу нехан цIеношна даккхий зенаш динера. Лулахь бехачу 20 сов доьзалшна эвакуаци ян дезнера Iедалхойн. Царех цхьаццаболчарна дIаьвша даьллера ягарийн газах. Ерриге а йохийна дIаяьккхинера кафена уллера вилспеташ юхку туька а. Читать дальше...



Австрехь хIусамдена урс деттарна лаьцна оьрсийн зуда

Radiomarsho.com 

Наб кхетта Iуьллу шен хIусамда вен гIоьртина Лахарчу Австрерчу Пехтолсдорфехь ехаш йолу Оьрсийчуьра зуда. Буьйсанна 2 сахьт долучу хенахь урс диттина цо 39 шо долчу шен майрчунна. Полицин хаамца, иза вен Iалашо хилла 42 шо долчу зудчуьнан. И тIелатар дечу хенахь петар чохь хилла церан ши бер а. 15 шо долу кIант дас мохь хьоькхуш хезна самаваьлла хилла. Цо хаам бина Iедалхошка а, лоьрашка а. Цул тIаьхьа цо шен 6 шо долчу йишина Iуналла дина, цунна хилларг ца гайта гIерташ аьлла, хаам бира полицин... Читать дальше...

Элдин Микаил. Барзе

Radiomarsho.com 

Элдин Микаил Барзе Йишхаьлла хьайн угIар узаре дерззалц, УгIалахь гила борз, хьо тховса суна… Мел хилларг сайн дагахьбалламе дерзош, Ас хала, беха некъ болийна хьуна… Сан когийн лераша неIалташ кхайкхош Мохк богуш баьгначех даггара хьоьгуш, Воьду со, исс ломал дехьа а ваьлла. Сингаттам-чаьлтанча кхардаме боьлу Цхьаллийна юьхь-дуьхьал хIоьттина ваьлча… Сайн дог ас далийна лазаман кхиэле… УггIал хьо маьрша ю, хьуо йинчу ломахь, Мацалло Iийшарах хьан оьзда зорха… Хаьрцинчу хIусаман бIаьрзечу корах... Читать дальше...

Кхераме инцидент хилла Соьлж-ГIалара дIавоьду Явлинский тIехь волчу кеманца

Radiomarsho.com 

Кхераме авиаинцидент хилла, Соьлж-ГIала а веана,Титиев Аюбан кхелан кхеташонехь дакъа а лаьцна, Москох дIавоьду Явлинский Григорий тIехь хиллачу кеманца. «Москохна герга кхочуш герметизаци дIаяьлла хилла Явлинский Григорий тIехь волчу кеманна. Некъахойн дезна лерринчу хIаваъ лучу гIирсех пайда эца. Цхьаберш вочу хьолехь а хилла», - хаам бина Кавказ.Реалии корреспонденте Явлинскийн харжаман штабан куьйгалхочо Рыбаков Николайс. Цо дийцаррехь, Внуковохь Соьлж-ГIалара догIучу кеманна дуьхьал хьажийна хилла лоьрийн машенаш. Читать дальше...

Нохчийчохь ФСБ-н беркема чудеанчу метте боьлхуш бу орцанхой

Radiomarsho.com 

ФСБ-н дозанхой тIехь болу Ми-8 тIеман беркема охьадоьжна Итум-Кхьаьллан кIоштахь Хангихой юьртана уллехь. КIоштан полицера хьостано Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, вийна мел лаххара 5 стаг. Иштта дийна бисинарш а бу эскархошна юкъахь. Орцанхой хIицна а тIекхачаза бу бохам хиллачу меттигана. Иза 20 сов чакхарма бен кхин гена яц Гуьржийчоьнан дозанна. Беракема чудожаран бахьана хууш дац. Кху деношкахь нохчийн лаьмнашкахь къеггина кхетта малх бу, цундела Iаламан бахьанаш ца хила а тарло цунна бехке. Читать дальше...

ФСБ-н беркема доьхна лаххара 7 стаг вийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь охьадоьжна лерринчу сервисийн беркема. Иза хилла Хилдехьарой эвлан йистехь. Иза бакъдина меттигерчу орцаллан министралло. Карарчу хенахь болчу хаамца, вийна 7 - 9 стаг. Хаам толлуш бу.

Боберийн рицкъ дIадалийтина Ножай-Юьртарчу прокуратуро

Radiomarsho.com 

Ножай-Юьртан кIоштарчу прокуратурана гучудаьлла хилла меттигерчу бобершана догIу ахча дIаделла ца хилар. Цу хьокъехь оьшуш долу кехаташ кхачийна цо кIоштан кхеле. Иштта Ножай-Юрьтан кIоштахь Iедало дола деш ду байлахь дисина 39 бер. 2017-чу шарахь ГIура-баттахь уьш кхаба луш долу ахча дIаделла ца хилла. Цу ахчанан барам бу 456 эзар сом. И рицкъ дIакхачор доьхуш латкъам бина хилла суьде меттигерчу прокуратуран белхахоша. ГIуллакх теллинчул тIаьхьа суд реза хилла цара дуьйцучунна. Цо декхарелахь... Читать дальше...

Нохчийн йоIа яьккхина фильм гойтуш ю Австрерчу кинофестивалехь

Radiomarsho.com 

Австрерчу Дорнбирн гIалахь шинарин дийнахь дIайолаеллачу кинофестивалехь гойтуш ю нохчийн къоначу режиссеро Хасуева Дианас яьккхина филм. „ТIеман монаш“ цIе йолу йоца документаран филм цу йоIан дуьххьарлера болх бу. Цу чохь Европехь кхуьуш болу нохчийн кегирхой бу шайн а, шайн къоман а кхолламах лаьцна дуьйцуш. Шайн дай-наноша лайначу къам дохоран баланех а, шаьш лайначу тIеман баланех а,нохчийн къоман дIадаьллачух а, карарчу хенах а дуьйцу цара. Кхушарахьлера Дорнбирнера кинофестивал адамийн бакъонийн темина хьажийна ю. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Труп мужчины найден в лесопарковой зоне в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Поведение Путина вызвало резонанс, потерянные в 90–е заводы возвращаются РФ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Игорь Бутман

Квинтет Игоря Бутмана и певица Фантине впервые выступят на джазовом фестивале в Бахрейне



Москва

«Автомобили-утопленники» из зон паводков начинают «всплывать» в регионах России

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net