Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 14.03.2018

Путинан дуьхьа даьккхина хьацар

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь Оьрсийчохь дIахьош ю спортан эстафета, «180318» цIе а йолуш. Акцин Iалашо ю алссам нах президентан харжамашка кхайкхар.

Путина дуьхьа даьккхина хьацар

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь Оьрсийчохь дIахьош ю спортан эстафета, «180318» цIе а йолуш. Акцин Iалашо ю алссам нах президентан харжамашка кхайкхар.

Нохчийчу харжамашна тIехь терго латто шен векалш бохуьйтуш Навальныйс

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу харжамийн каппашкахь кхаьжнаш тосучу дийнахь тIехь терго латто 53 шен лаам болу тергамча вахийта Iалашо ю оппозиционеран Навальный Алексейн штабан. "Нохчийчоь. "99 процент наха кхаьжнаш тесна" йолу. Тхоьга Iаламат дукха кехаташ даьхкина оцу республикера. Лечкъа а ца деш, кхаьжнашна тIехь фальсификаци ю лелош, шаьш болх бан кхоьру бохуш, яздо бахархоша. "Тхо кхузахь даха дезаш ма ду кхи дIа а", ишта кхин а… Царех кхета мегар ду, делахь а цхьа ши майра стаг ву, тергамчаш санна цига ваха лаам болуш... Читать дальше...



Путинан заманан чкъор

Radiomarsho.com 

Путин президент хIоьттинчу заманчохь дуьненчу бевларш бу дуьххьара кхаж таса боьлхуш. Уьш хIу лелош бу, харжамех хIун хета царна, шайн а, пачхьалкхан а кхане муха го царна?

Смартфонаш а, керла iPhone X а йосту гIирсаш эцна Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан регионашкарчу урхаллаша а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаша а керла юкъаевллачу смартфонашна чудовла аьтто беш гIирс эцна Оьрсийн "Би-би-сино" бо и хаам. Ницкъаллийн структураша юкъалелачаьрца барт а беш, Израилан "Cellebrite" компанин продукци эцна, смартфонаш а, керла юкъаевлла iPhone X телефонаш а йосту. ГIирс арахецначу компанино тоьшаллаш дарехь, оцу технологино аьтто ло гаджетера суьрташ схьаэца а, телефонаш дIа-схьа хьаьнга йиттина талла а, месседжершкара вовшашка кхехьийтина йозанаш деша а. Читать дальше...

Британера 23 Оьрсийчоьнан дипломат аравоккхуш ву

Radiomarsho.com 

Великобританера оьрсийн 23 дипломат аравоккхуш ву. Оцу хаамца йистхилла премьер-министр Мэй Тереза. Цо иштта дIакхайкхийна, Британин официалан декъашхой Оьрсийчохь дуьненаюкъарчу чемпионатехь хир бац аьлла а. Лондоно Оьрсийчоьнца шен юкъаметтигашкахь а дозанаш латтор ду аьлла премьер-министро. ГРУ-н хилла полковник Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а британхойн Солсбери гIалахь дIовш тохарна бехкейо Мэйс Оьрсийчоь. "И инзаре инцидент бахьанехь хьалхалерачу тIегIанехь хуьлийла дац тхан юкъаметтигаш. Читать дальше...

Хамхоев Альберт маьршаваьккхина ГIалгIайчоьнан кхело

Radiomarsho.com 

ГIаттамхошна гIо латтийна аьлла бехкевина, кху гурахь лаьцна ГIалгIайчоьнан вахархо Хамхоев Альберт маьршаваьккхина, кхи дIа йолчу ханна шен цIахь лар а веш. "Мемориал" олучу бакъонашларъяран юкъаралло шен сайтехь бина и хаам. Шинаридйинахь  кхелан кхеташонехь чоьхьарчу гIуллакхийн Назранан кIоштарчу талламан декъан белхахочо Евлоевс кхи а цхьана баттана Хамхоев чохь сацаве аьлла, дехнера суьдхошка. Кхело цуьнан дехар дIа а тоттуш, сацам тIеийцира, Хамхоев шен цIахь вуьтуш. Кхелахоша бахарехь... Читать дальше...

ПIераскандийнахь Немцов ваьхначу цIийне гуллур бу цуьнан агIончаш

Radiomarsho.com 

Москох Немцов Борис ваьхначу цIенна тIе цуьнан безамна ун тухур ду пIераскандийнахь. ГIалин мэрига хьалхо и дехар динчу президентан харжамийн кандидата Собчак Ксенияс бина и хаам. "Мэрис пурба делла тхуна, цул совнах оцу цIа чохь бехачара куьйгаш а яздинера дехарна буха. ХIуммаъ атта а дацара куьйгаш лехьо.  Массарна а царна баркалла ала луур дара суна. Тхан дехарна жоп деллачу гIалин мэрана Собянинна а, инициативан тобанна а баркалла. Баркалла иза вийначу тIай тIехь хIокху кхаа шарахь ха латторна а... Читать дальше...



Слуцкийна тIехIоьттина Кадыров

Radiomarsho.com 

Парламентерчу жураналистийн-зудаберийн коча ихна аьлла, вьйцучу пачхьалкхан Думан депутатан Слуцкий Леонидан агIо лаьцна Кадыров Рамзана. "Сайн ваша лору ас Слуцкий Леонид, - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Твиттерерчу шен агIонехь. – Тхан къоман уггар а халачу хенахь тхоьца вара из. Зударийн иза коча ихна бохург – аьшпаш бу. Хазачу йоIе забар йина хир ю. Муьлххачу а стеган декхар ду и. Суна сайна гина-кх мехкарий цуьнан коча оьхуш. Цкъа а ца гина, иза зударшца эвхьаза вала гIерташ. Леонид, шек ма вала хьо... Читать дальше...

"Медиалогия": Хаамийн гIирсашкахь Кадыров хьехор лахделла

Radiomarsho.com 

Оьрсийн зорбанашкахь байначу баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хьехор лахделла, цул хьалхарчу баттаца дуьстича. Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхой хаамийн гIирсашкахь хьехор теллинчу "Медиалогис" хIоттийначу рейтингехь ду и жамIаш. Москохан мэр Собянин Сергей ву хьалхарчу меттигехь, цунна тIаьхьа вогIу Москох кIоштан губернатор Воробьев Андрей. Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира а, ГIезалойчоьнан урхалхочо Минниханов Рустама а дIалаьцна кхоалгIа а, йоьалгIа а меттигаш. Нохчийчоьнан куьйгалхо пхоьалгIачу меттигехь нисвелла.

Муцураевн иллеш даржорна таIзар дина Гуьмсерчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу прокуратурано гIуллакх айдина Гуьмсерчу жимчу стагна дуьхьал, кхело экстремизмалле лерина, федералан тептаре даьхна бардан Муцураев Тимуран иллеш социалан машанехь даржорна, яздо "Кавказан узел" агенталло. "ВКонтактерчу" шена агIон тIе масех Муцураевн илли даьккхина хилла бехкевечо. "Низамца а догIуш, цу кепарчу зуламна 3 эзар сом гергга гIуда догIу я административан таIзар – чохь даккха 15 дей, буьйсий", - аьлла, дийцина прокуратуран векало агенталле. Гуьмса кIоштерачу вахархочух ши эзар сом хьарчийна кхело. Читать дальше...

Некъа тIехь хиллачу инцидентехь нах лазийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Шелан кIоштахь кхаа стагана чевнаш а хуьлуш, некъан бохам Iоттабелла. Чири-эвла чу воьрззучохь, болчу хаамашца, 30 шо долу Лада Приора машенан долахо шена дуьхьал йогIучу автомобилна тIекхетта. Чевнаш йина ший а шофер, дарбан хIусаме кхачийна. Хиллачу инцидентан гонах талламаш дIахьош бу полисхой.

Мехкан куьйгалхочун Администрацино акци йолийна "Со харжамашка гIур ву" аьлла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш герга кхочучу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Администрацино эстафета кхайкхийна #сохаржамашкагIурву аьлла. Mylistory-н агIонерчу урхаллан официалан пена тIехь бина и хаам. Эстафетехь уггар хьалха дакъалаьцна Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира. Социалан машанехь шен сурт оьллина цо "Со харжамашка гIур ву" аьлла, тIе а яздина. Акци йолийна шинарийдийнахь. Амма хIинцале цу юкъахь шайн позици дIахаийтина иттанашкахь махкарчу хьаькамаша.

Спорт в России и мире
Москва

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция матчей Рыбакиной и Путинцевой за выход в 1/8 финала турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Фрэнк Синатра

Таунхаус Фрэнка Синатры впервые выставлен на продажу



Москва

Сотрудники Щелковского Водоканала устраняют последствия ливня

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net