Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 01.03.2018

Австрин канцлер Москох вахар ца тайна журналисташна

Radiomarsho.com 

Австрин керла  канцлер Курц Себастьян Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхета вахар критике до меттигерчу хаамийн гIирсаша. Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш а йолуш, Австрин канцлер Москох вахар, ца догIуш хета австрихойн журналисташна. Цул совнаха, Нохчийчура мухIажарш Австрино цIахьежон болийначу муьрехь и тайпа визит яр кхардаме лору цара. Цхьа могIа тIеIаткъамечу газеташа карладаьккхира цу хьокъехь, Австрин канцлер Курц Москоха вахале масех кIира хьалха австрихойн... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра хьафизийн школа гоне ерзийна хилла полисхоша

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь ГIалгIайчуьрчу Долаково эвларчу хьафизийн школана го лаьцнера тIеман техникаца а, туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха талламаш а беш. КъорIан Iамочу хIусамехь доьшуш ду 8 шарера 12 шаре кхаччалц долу бераш. Гинчара дийцарехь, школана хьалха гулбелелера берийн дай-наной а, меттигера бахархой а, амма гIишлонна чу цхьа а ца вуьтура. ГIалгIайчоьнан Муфтиято Iуналла а деш, хьафизийн школа болх беш йолу масех шо а ду, оцу заманчохь цара арахецна 30 хьафиз.

Iамеркехь герз доккхуш, лецнарш Нохчийчуьра ца хилла

Radiomarsho.com 

Дуккхаъчу информацин гIирсаша шинаридийнахь яздора, Iамеркехь Нохчийчуьра ши вахархо лаьцна герз пачхьалкхера арадаккха гIерташ, аьлла. Буьйцурш бара Вирджиния Штатерчу полисхойн хаамашца, Александриин бахархой – 28 шо долу Садыков Тенгиз а, 27 шо долу Резванов Эльдар а. Полисхоша бахарехь, Александриин шина вахархочо 100 герз эцна хилла, Нохчийчу дIакхачорхьама. Сыдыковна а, Резвановна бехк биллина герзаца контрабанда лелорна а, контрабандех къайлаха барт барна а, курхалла лелорна а, ахчанаш дахарна а. Читать дальше...



Мисарара футболисташ Соьлж-ГIалахь Iалашбийр бу ингалсан мотт хуучу лоьраша

Radiomarsho.com 

Ингалсан мотт буьйцу 15 говзанча хир ву футболан чемпионат йоьдучу муьрехь Мисарарчу тобанна тIечIагIвина. "Нохчийчоь Тахана" агенталло бина и хаам, могушаллан министран информацина тIе а тевжаш. "Соьлж-ГIалахь куп тухучу Мисарарчу тобанца хир ву ингалсан мотт хуу 15 лор. Уьш кеп-кепара говзанчаш бу. Кечамаш дIахьочу базехь хилла ца Iаш, Нохчийчоьнан территори тIехь масанхьа а цаьрца дIасалелаш хир бу и лоьраш ", - аьлла министро. Иштта футболхошна тIехIоьттина лаьттар ду Соьлж-ГIаларчу Эпендиевн цIарах клиникан дарбан цIа а. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан бахархошка вистхуьлуш ву Путин Владимир

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь 14-гIа ду Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Федералан гуламехь вистхилар. ХIинццалц Кремлехь къамел деш лаьттина традици а йохош, Путинан вистхилар нисдина кху шарахь Йоккхачу Манежехь. Яхначу заманчохь ГIуран-баттахь хуьлура и барам, ткъа хIинца Зазадоккхучу-баттахь, президентан харжамашна гергарчу заманчохь. Хаамийн гIирсашкахь дуьйцура, хьалха политикан элитаца къамел деш хиллехь а Путина, хIинца Оьрсийчоьнан боллучу бахархошка хир ду цуьнан вистхилар аьлла. Доккхачу декъанна президента дийца лерина ду... Читать дальше...

Полисхочунна кхаъ белла вахархо лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Полисхочунна кхаъ бала гIерта вахархо лаьцна Нохчийчохь. Червленерчу Узловая олучу социйлехь бехкзуламан гIуллакхехь вала гIертачу стагехь хилла тIеман гIирс, хаамбо талламчаша. Церан версица, байначу беттан 15-чохь полисхойн декъе валийна тIеман гIирс шеца болу вахархо. Цуьнгара даьхна автоматан патармаш. Полисхойн куьйгалхочунна 10 эзар, 300 бIе сом кхаъ белла хилла лаьцначо, кIелхьаравала дагахь. Ткъа вукхо ахча схьа а ца оьцуш, Талламан комитете хаамбина. Бехктакхаман гIуллакх а долийна, талламаш бу дIахьош оцу лаьцначунна гонах.

ДаIишхошца уьйраш хиллачу гIалгIачунна 15 шо хан кхайкхийна

Radiomarsho.com 

Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан цхьана декъехь лаьттинчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна Абадиев Мохьмадна 15 шо хан кхайкхийна меттигерчу кхело, хаамбо республикерчу ФСБ-ехь. 2015-чу шарахь ДаIишхойн тобанах дIакхетта хилла и жима стаг. Тобан лурчах вийначу лидеро шен теш вина а хилла цунах.  "2016-чу шарахь хьалханча вийначул тIаьхьа Шема дIаваха гIоьртина хилла иза дуьненаюкъарчу террорхойн организацех дIакхета лаамца. Оццу шеран гурахь къайлахчу сервисаша лаьцнера Абадиев герзаца цо дуьхьало ечу заманчохь"... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалахь "Ахмат" фан-клуб кхолла Iалашо ю

Radiomarsho.com 

ПIераскандийнахь Соьлж-ГIаларчу кегийрхойн хIусамехь цхьанакхетар хир ду Нохчийчуьрчу кегийрхойн гIуллакхийн министран, "Ахмат" футболан клубан вице-президентан Ибрагимов Iийсан тобан фанаташца. Цигахь дийца лерина ду "Ахмат" фан-клуб вовшахтохарх. Иштта цхьанакхетарехь дакъалаца лерина ву "Ахмат" клубан ловзархо, векал а, "Ахмат Арена" стадионан векалш а. "Массо а футболан фанат кхойкху оха тхайх схьакхета", - аьлла, яздина Ибрагимов Iийсас Mylistory-н шен пена тIехь.

Нохчийчохь тIом бинчу оьрсийчо герзаш диттина некъан бохамехь

Radiomarsho.com 

Меттигерчу вахархочунна дуьхьал гIуллакх диллина Петрабухахь, цо ши стаг вен Iалашонца тIелатар дарна а, полисхочун маршо хьашарна а. Талламхойн урхаллан хаамашца, кхаарин суьйранна гIалин некъа тIехь ши машен Volvo а,  Ford а вовшахкхетта хилла. Машенашлелорхошна юкъахь дов даьлла. Ford автомобил лелочу зудчо шен цIийнда кхайкхина хилла бохамна тIе. Герз дахьаш схьавеанчу цо шина стагана чевнаш йина. Орцанна кхаьчначу полисхочунна а тIе герз хьажийна, кхерамаш тийсина хилла зуламхочо. Дийцарехь иза мелла хилла. Читать дальше...

Маршо Радион - 65 шо

Radiomarsho.com 

Тахана 65 шо кхаьчна Маршо Радио кхоьллина. Оцу денна леринчу шен дIахьедарехь Маршо Радион медиакорпорацин президенто Кент Тома лакккхара мах хадийна Hадион белхахоша бечу белхан. "Эфире яьллачу кху 65 шарахь Маршо Радионо ша йозуш йоцу хаамийн гIирс хиларе терра кхочушдина шен башха декхарш, адамийн бакъонаш а, демократи а Iалашъярехь", - аьлла Кента. 1953-чу шарахь кхоллаелла информацин-политикан радиостанци Iамеркан дипломатин а, кеп-кепарчу советан заманарчу эмигрантийн а ницкъашца. 1990-чу шаре кхаччалц Мюнхенера а... Читать дальше...

ХьаьжцIа воьдург мехаш дазделла кху шарахь

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчу зиярате вахар кху шарахь 20 процентна дазделла. ХьажцIа воьдуш яккхий харжаш ян дезаро зиярате баха лаам лахбина бахархойн, дуьйцу "Кавказан узел" агенталло бахархошка хаттам бинчул тIаьхьа. Маршо Радионо ма дийццара, стохка ХьаьжцIа баха Нохчийчоьнна елларг 2600 квота яра. Ткъа ши эзар гергга бен вовшах ца кхийтира зиярате баха хьаьгнарш. Муфтиято бахарехь, некъан мах стохка хилларг бу, 3100 долларшкахь, амма мах 20 процент совболу цуьнца цхьана догIучу кхечу хьашташна. Дахначу... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева установила новый рекорд на турнирах WTA-1000


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Rammstein

Минкульт Калининградской области отказался отменять шоу «Tribute Rammstein»



Москва

Бубнов назвал победителя дерби «Спартак» - «Локомотив»

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net