Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 06.03.2018

Оьрсийчоьнан 39 эскархо велла, Шемахь кема а доьхна

Radiomarsho.com 

Шемахь доьхначу Оьрсийчоьнан Ан-26 тIеман кеманна тIехь хилла 39 стаг аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министралло, хаам бо РИА «Новости» агенталло. Кема доьхна Хмеймим аэродромехь охьахууш. Цу тIехь хилла 33 некъахо а, экипажан 6 стаг а велла. Уьш берш эскархой хилла.  Оьрсийчоьнан талламан комитетан белхой бу хилларг толлуш.

Нохчашна хIинца а тховкIело эшарх лаьцна дийцира Австрехь

Radiomarsho.com 

Брегенц гIалахь оршотан сарахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира нохчашна тховкIело яларца тIаьхьарчу хенахь Австрехь кхоллало хьал. „Хьашт юй нохчашна азюль? Уьш хIинца а кхузахь хIунда бу?“ аьлла цIе тиллинчу дискуссехь дакъалоцуш вара леррина Страсбургера кхайкхина валийна нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин. Иштта Венера еанера евзаш йолу меттигера журналист Шолль Сюзанне а. Дуккха а шерашкахь Оьрсийчохь болх бина а, масийттоза Нохчийчохь хилла а ю иза. Цул сов,... Читать дальше...

Кхин дIа а лаьцна латтор ву Титиев

Radiomarsho.com 

Кхиъ шина баттахь талламан изоляторехь латтор ву Титиев Оюб. Иштта сацам бина Старопромыслан кIоштан суьдо тахана шен хиллачу кхеташонехь. Суьдхочо Минцаев Вахас кхерам бу аьлла хета шена элира Титиевс ша араваьлча оцу гIуллакхан тешашна а, талламхjшна а Iаткъам барна. Стигалкъекъа-беттан 9 де тIекхаччалц яхйина бакъонашларъярхо чохь йоккхур йолу хан.



Iамеркица дийцарш дIадоло кийча ву Ким Чен Ын

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын кийча ву дийцарш дIадоло Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташца. Цунах лаьцна хаам бина The New York Times газето, Къилба Корейн Iедалан векалшна тIе а тевжаш. Хьалхо хаам баьржира, ша куьйгалле хIоьттинчул тIаьхьа дуьххьара Ким Чен Ын Къилба Корейн делегацица цхьаьнакхетта хиларх лаьцна. Къилба Корейн официалан векалш Пхеньяне баханера оршотан дийнахь. Reuters агенталло бинчу хаамца, Сеулан Iалашо ю Къилбаседа Корейн а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а юкъаметтигаш тояр.

Явлинский Соьлж-ГIаларчу суьдехь тIехIоьттина Титиевна

Radiomarsho.com 

Кхелан кхеташонехь дакъалоцуш ву леррина Титиевна гIортор ян Соьлж-ГIала веана Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий. Суьдехь вист хилира вевзаш волу политик. Ша дошлардаран тоьшалла а хилла Титиев Оюб талламан изоляторера араваккхар дийхира цо.

Титиевс талламан изоляторехь йоккхучу хенах лаьцна сацам беш ю Соьлж-ГIалара кхел

Radiomarsho.com 

Титиев Аюбан тIехь йоьдучу кхелан рогIера кхеташо дIайирзина Соьлж-ГIалахь. Старопромыслан кIоштан кхело дуьйцуш ду дов луьстучу ханна иза мукъаваккхахьара аьлла адвокаташа дина дехар. Титиев водур ца хиларх жоп ло шаьш аьлла, дIахьедарш динера  Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцучу кандидаташа Собчак Ксенияс а, Явлинский Григорийс а. Явлинский ша а веанера цу кхелан кхеташонехь дакъалаца. Суьдехь дош олуш, политико дIахьедар дира, Титиев шена дукха хенахь дуьйна вевзаш стаг хиларх лаьцна а... Читать дальше...

ТIаьхьарчу 4 баттахь 26 политикан тутмакх тIекхетта Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Кху тIаьхьарчу 4 баттахь  26 политикан тутмакх тIекхетта Оьрсийчохь а, цу пачхьалкхо дIалаьцначу ГIирмехь а. Цунах лаьцна хааам бина шинарин дийнахь «Меморал» адамийн бакъонаш ларъечу центро. Карладаьккхинчу цIейозана тIехь ву 143 стаг. Уьш бу коьртачу декъана дин бахьана долуш чубоьхкина ГIезалойчуьра а, ГIирмера а бусалбанаш. "Мемориало" билгалбаьхначу политикан тутмакхашна юкъахь ву иштта оппозицин жигархо Гальперин Марк а, Нохчийчуьрчу «Мемориалан» декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, кхин а масийтта стаг а.

Асадан эскаршна ракеташ тоха мегаш ю Iамерко

Radiomarsho.com 

Iамеркан администраци дийцаре деш ю Шеман Iедалан ницкъашна тIеман тохарш дарца доьзна хаттар. Иштта жоп дала дагахь ю Вашингтон, Асадан ницкъаша Шемахь дIаьвшен герз лелийна хиларна. Цунах лаьцна хаам бина The Washington Post-о. Цу газето яздарехь, президенто Трамп Доналда дехар дина шен Iедалан векалшка, цу тайпа тохарш дарца доьзна хаттар талла аьлла, Шемахь хлор лелийна хилар гучудалар бахьана долуш.

Титиев Оюб кхин дIа а лаьцна латторан хьокъехь сацам беш ю Соьлж-ГIалара суд

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан «Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб кхин дIа а талламан изоляторехь латторах лаьцна сацам беш ю Старопромыслан кIоштан кхел. Цу кхелан кхеташонехь дакъалоцуш ву леррина Титиевна гIортор ян Соьлж-ГIала веана Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий. Суьдехь ша дошлардаран тоьшалла а хилла бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала дагахь ву иза.         Вевзаш волу политик дагахь... Читать дальше...

Титиевн кхелехь дакъалаца Соьлж-ГIала веана Явлинский

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий кхаьчна Соьлж-ГIала, Старопромыслан кIоштахь Титиев Оюбана тIехь дIайоьдучу суьдехь дакъалаца. Вевзаш волу политик дагахь ву ша, дошлардаран тоьшалла а хилла, бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала суьдхочуьнга. Цу тайпа дехар ша суьде дина Титиев Оюб шена вевза дуккха а хан хиларна, боху Явлинский Григорийс.

Ямартло йина аьлла чувоьллина хиллачу Скрипальна дIовш малийна Британехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь пачхьалкхана ямартло йина аьлла 2006-чу шарахь 13 шо а тоьхна чувоьллина хиллачу Коьрта Талламан Урхаллан (ГРУ) хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна девзаш доцу дIовш малийна хила мега. Цунах лаьцна яздо ББС-но. 66 шо долу Скрипаль кIирандийнахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина 33 шо долу зуда а. Британин Iедалша комментари ца йина хиллачунна. Амма ББС-ин кхерамазаллан хаттаршкахула волчу... Читать дальше...

Ша дошлардаран тоьшалла а хилийтина, Титиев дIахецар доьху Собчака

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцучу Собчак Ксенияс дехар дина Оьрсийчуьрчу Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалле а, Старопромыслан кIоштан кхеле а, ша дошлардаран тоьшалла а хилийте, Титиев талламан изоляторера дIахеца аьлла. Цунах лаьцна хаам бина «Эхо Москвы» радион эфирехь. Собчака хьалха а масийттоза дехар динера Титиев дIахеца аьлла.

Спорт в России и мире
Москва

Московские школьники стали победителями всероссийской олимпиады по математике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Свёнтек разгромила Кырстю и вышла в 1/8 финала турнира WTA-1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура Москвы: тело мужчины нашли в лесопарке в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Поведение Путина вызвало резонанс, потерянные в 90–е заводы возвращаются РФ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Алла Пугачёва

Гитарист Пугачевой Левшин рассказал о проблемах со здоровьем у певицы



Москва

Поезд Москва–Выборг все лето будет ходить до станции Сортавала

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net