Некъа тIехь хиллачу инцидентехь нах лазийна Нохчийчохь
Шелан кIоштахь кхаа стагана чевнаш а хуьлуш, некъан бохам Iоттабелла. Чири-эвла чу воьрззучохь, болчу хаамашца, 30 шо долу Лада Приора машенан долахо шена дуьхьал йогIучу автомобилна тIекхетта.
Чевнаш йина ший а шофер, дарбан хIусаме кхачийна. Хиллачу инцидентан гонах талламаш дIахьош бу полисхой.