ЦIе дIаяйина Соьлж-ГIалахь
Сарахь 7 сахьт 47 минот яьлча цIе дIаяйина. Болчу хаамца, яьгна техникан хьашташ кхочуш дон чоьнаш а, тхов а. Адамийн петаршна тIе ца кхаьчна цIе.
Карарчу хенахь бохам хилла меттиг гоне лаьцна ю. Цигахь болх беш бу цIеяйархой а, орцанхой а. Циггахь лаьтташ ю лоьрийн масийтта машен а.
