Полицино дIахецна Амстердамехь сацийна Милашина а, Бахаева а
Амстердамерчу аэропортехь Iуьйранна сацийна хилла "Новая газетан" журналист Милашина Елена а, "Мемориалан" белхахо Бахаева Милана а дIахецна. Цунах лаьцна Маршо Радионе хаам бина "Мемориал" бакъонашларьяран центран куьйгалхочо Черкасов Александара. Цо дийцарехь, цакхеташ цхьа хӀума хилла.
Милашина а, Бахаева а Нидерландийн коьртачу гIала яхана хилла Шемарчу мухIажирех лаьцна хаттарш толлучу бакъаонашларъярхошца цхьаьнакхета.
Хьалхо "Новая газето" яздинера, Милашина а, Бахаева а лаьцначу полисхоша шаьш муьлуш ду ца хаийтина аьлла. Цу шинга хIара ду аьлла реза цахилар ца хайитина полицино. Милашинера дIаяьккхина телефон.